Дуьненаюкъарчу бакъоларъяран «Мемориал» организацин Оьрсийчуьрчу декъо хаамбина Iедало ша «арахьара агент» статусе йоккху талламаш болийна аьлла. Инарла прокуратуран омрица юстицин министрала ю кхаарийдийнахь и болх болийнарг. Изза «Мемориал» цIейолу бакъоларъярхойн центр яьккхира «арахьарчу агентийн» могIара яхначу гурахь.
Ткъа массех де хьалха оццу хийрачу пачхьалкхашна болх бечу хьукматийн могIара язйина социологин талламаш бен Левада-Центр. Кхечу пачхьалкхера ахча а оьцуш, политикаца зIейолу муьлхха а организаци декхаре ю, 2012-чу шеран низамца а догIуш, «арахьара агент» цIе лелон. Оьрсийчуьрчу а, дуьненаюкъарчу а бакъоларъярхоша и некъ емалбо, цо демократи лакъош хиларх тешна. Шайн лаамехь оцу могIара ца евллачу юкъараллашна даккхий гIуданаш детта Оьрсийчохь