Доьду шо карадеачхьана 4 эзар стага Полше тховкIело ехна. 2,6 эзар нохчо ву царлахь.
Амма оцу статусан да хилларг 38 бен вац.
Полшин пачхьалкхан мухIажирийн гIуллакхаш луьстучу хьукмата даладо и зераш. Доккхачу декъанна Нохчийчуьра схьататтаделлачу адамо юьзна Полшин дозанехь лаьтта Брест гIала.
Буьйса яккха шаьш ханна лецначу хьешан хIусамашкахь дIатарло жимма а таро ерш, бисинарш вокзалашкахь буьсу.
Са ма- теси юха а, къар ца луш, цхьа Делан къинхетам хьалха баьлла а, дехьа довлийла хир дац-те олий, балха санна, дозанхойн, полисхойн тергоне схьабогIу уьш.
Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу баьхначу дайн тIаьхьено лаа дуй-те шайн мохк дIатасар?
Бахархоша схьадуьйцу бахьанаш иштта ду: белхан къоьлла, адамийн бакъонаш лелаш цахилар, кхерамзалла яцар, адаман дахар цхьана а меха дуьллуш цахилар.
Маршо Радион масийтаза зIе хилира Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхошца, уьш-х бай декхаре адамийн бакъонийн гIаролехь лаьттина ца Iаш, нагахь санна, стеган бакъо хьошуш елахь, цуьнан агIонча хила а.
Цара массара а бохург санна, дуьцург цхьаъ ду: маьршачу, дашо варкъ диллинчу, хIун юур, хIун юхар ца хуучу махкара адамна дада цхьа а бахьана а дац.
Шайн гайна там лоьхуш, «генара зурма хаза ека» дайша ма-баххара, Европехь бехачийн зурманна тIаьхьа хIиттина, арабовлу уьш боху цара.
Масала, Нохчийчохь адамийн бакъонийн тергоечу Нухажиев Нурдица хиллачу къамелан дакъа ду хIара.
Нухажиев: «Со цхьаннех а озавелла Iийр волуш а вац, амма хIокху хьолехь шен нохчаллех, доьналех, оьздангаллех воьхна, шен хеннахь ламаз ца деш, цо муха дийр ду ламаз Брестехь дIа а хIоьттина, дехьа вала хьийзаш хилча. Ламаз доцуш, шен хеннахь ламаз ца деш, шаьш сийсаздохуьйтуш цигахь Iачул а, хаза шайн цIа дуьйла».
Изза дIахьедар дина шинарийдийнахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша а.
Царех олийла дац мухIажирш боху цо, хIунда аьлча Нохчийчоь, Оьрсийчьнан регионашлахь уггаре кхиаме, бахархойн хьашташна доллу Iедал сема лаьтташ мохк хиларца.
Кадыровс бакъ ца до, хаамийн гIирсашкахь ма-дуьйццу эрча хьал, Брестан, Полшин дозанехь лаьтташ хилар.
Ичкерин Iедалан векалийн лидерца, Лондонехь вехачу Закаев Ахьмадца хилира тхан къамел. Цунна дика хаьа тахана Брестан майданахь лаьтта хьал а, дика девза шен махкахоша мухIажиралла тIелацаран бахьанаш а.
Закаев: «Брестан, Полшин дозанера хьал вай тергонехь латтош ду, и боккха сингаттам а бу. ХIунда аьлча, Iа ду тIедогIуш, цигахь бераш ду, зударий бу! Оцу Полшера Iедалца а, цаьрца вайн йолчу юкъаметтигашца пайда а оьцуш, кехаташ яздина оха, консуло Боровски Адама гIуллакх дийцаредеш ду.
Вайн махкара схьаоьху нах, оцу цIахь йолчу пропагандано, Россехь долчу хьолаца хаамийн гIирсашкахь дуьйцуш долчунна тIехь а царна дуьхьал нислуш ду. Вайна хууш ду, цIера хьал мел дастаме дуй а, и мел чолхе хьал ду а, тахана цигахь дIахIуттуш долу хьал къаьсттина.
ЧIагIлуш йолу диктатура, цу чохь йоцу адамийн бакъонаш, цу чохь лелош йолу харцо а. Цуьнах уьдуш бу и нах».
Нохчийн мухIажир Брестехь 150 ву боху Нохчийчохь журналисташа, бIеннашкахь бен а бац, уьш я мухIажирш а бац, боху Кадыров Рамзана.
Эзарнаш мисканаш Брестехь хIаллакьхуьлуш латтар ган а, хаза а яхь яц даймехкан.
Дика ду, ма хуьлда уьш 150 бен а. Ткъа цхьаъ бен цигахь шен къоман стаг вацахь а, иза балехь валлар цагучун мах хьан хадор бу?