ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Степанов? "Берлинехь стаг вийнарг" хила тарлучун кхин а цхьа сурт


Добрынин Сергей, Крутов Марк, Маршо Радио, оьрсийн сервис

Маршо Радионо Iорадоккху Оьрсийчуьрчу киллеран, милицехь болх бинчу стеган – Степанов Владимиран – сурт. Iамеркарчу The New York Times газетана хетарехь, иза хила тарло Хангошвили Зеламха вийнарг. 2005-чу шарахь 24 шо хан а тоьхна, набахте хьажийна Степанов. Маршо Радион кхечу хьасто чIагIдарехь, харц ю The New York Times-ан верси, хьалха а санна, набахтехь шена дина таIзар токхуш ву Степанов.

Еарийдийнахь Iамеркарчу The New York Times-о, Берлинехь байначу беттан 23-чохь Нохчийчуьрчу тIеман декъашхо, Гуьржийчоьнан вахархо Хангошвили Зеламха вер зуьйчу немцойн талламчашна тIе а тевжаш, йовзийтина хиллачун керла верси. Цуьнца а догIуш, Петарбухахь милицехь болх бина майор Степанов Владимир хила тарло зулам динарг. Шен заманахь гIарадаьлла хиллачу девнан кхело, "Алмаз-Антей" концернан куьйгалхо Климов Игор а, оцу концернан декъан белхахо Нещерет Елена а дерца доьзна, набахте кхачийна стаг ву Степанов.

Немцойн талламчашка иза ву Хангошвили вийнарг аьлла кехат даийтина ледара хуучу ингалс маттахь анонимо. Оцу кехато бахарехь, Нижний Новгород махкарчу Бор гIалахь, №11 набахтехь хан токхуш хилла Степанов ву зуламхо. Дерриг кехат дац довзуьйтуш New York Times-о. Цо бахарехь, анонимо хоуьйту Хангошвили вен йолчу Iалашонца Степанов хенал хьалха набахтера аравалийтина хилар.

Газето шеконца тIеоьцу немцойн талламчашка кхаьчна и кехат – таллам харц новкъа баккхархьама яздина хила а тарло иза, боху журналисташа. Цара бIеннашкахь листина 16 шо хьалха Климов а, Нещерат а дер толлуш лаьттинчу процессера суьрташ. Ши сурт бен ца карийна, лаьцна, оцу кхелехь жоп луш волчу майоран Степанов Владимиран. Цхьанна тIехь кхелан гуро дIакъевлина цуьнан юьхь. Ткъа вукху суьрта тIехь агIор вирзина ву иза. The New York Times -о гIодан кхайкхинчу суьрташ толлучу эксперташна хетарехь, цхьа стаг ву Степанов а, "Берлинера киллер" а.

"Алмаз-Антейн" дов

2000-лагIчу шерашкахь уггаре гIарадаьлла хиллачу девнан кхел яра йоьдуш, прессо юьйцуш 2005-чу шарахь. ТIеман гIирс а, бедарш а арахьоьцучу "Алмаз-Антей" концернан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш хилла, Путин Владимиран доттагI ву аьлла вевза Климов Игор а, "Проммашинструмент" фирмин куьйгалхо Нещерет Елена а дерна кхеле озийра дийнна цхьа тоба.

Бехкевеш вара Нижний Новгородера а, гонахарчу кIошташкара а 6 вахархо: шен куьйга Климов вийна Бурукин Александр а, декъашхой Мурашко Юрий а, Набиуллин Ирек а, зулам кечдина волу Маньков Евгений а, Нещерет ерна куьг-бехкевина Никитин Александр а, Степанов Владимир а. Хьалхарчу веаннан суьрташ дуккха а ду – кхел йоьдуш даржийна уьш "Коммерсанто" а, ТАСС агенталло а, амма прессо кхезиг тидаме эцна хиллачу тIаьххьарчу шиннан кхелера суьрташ дац даьржина.

Делахь а, Маршо Радиона карийна Степановн сурт. 2012-чу шарахь ТНТ телеканалехула гайтинчу "Экстрасенсийн къовсам" программехь дийцаредина Климов вер – цигара ду майоран Степанов Владимиран сурт.

Германе, паспортца "Соколов Вадим" а волуш, Берлинехь Хангошвили Зеламха вен веана хила тарлучу киллерх тера ву, суьрташ дуьстича, Степанов – къаьсттина цуьнан маж йоцу сурт. "Соколовн" ший а сурт массарел хьалха даржийра талламхойн Bellingcat тобано.

Бакъду, Маршо Радион цхьана хьасто чIагIдарехь, милцо хилла Степанов тахана а ву №11 набахтехь шен таIзар дIатокхуш.

Еарийдийнахь The Insider порталан коьртачу редактора Доброхотов Романа яздина твиттерехь, шегарчу информацица ца йогIу The New York Times -ан верси, Степанов вац Хангошвили вийнарг, аьлла. The Insider а, Bellingcat а кестта бовзуьйтур бу киллер мила ву къастош шаьш немцойн Spiegel Online сайтаца а, Оьрсийчуьрчу "Досье" центрца а цхьаьна бина талламаш, боху Доброхотовс.

Юьйцучу хьасташа хьалхо информаци яржийра, Оьрсийчоьнан паспортца Соколов Вадим цIе ерг ваийтинчух тера ду Германе Хангошвили вен, аьлла. Паспорт ша пачхьалкхера аравала кIира дуьсуш даьккхина цо, амма вац и цIе йолуш стаг Оьрсийчоьнан паспортийн тептарахь, бохура хьасташа. Цара тидарехь, Оьрсийчуьрчу тIеман иччархойн урхалло делла паспорт, къайлахчу сервисан лаамца вийна Хангошвили. Оцу версица бу Хангошвилин гергара нах а. Амма официалехь яц яржийна динчу зуламан верси цкъачунна.

Хангошвили Зеламха
Хангошвили Зеламха

Гуьржийчуьра вара Хангошвили. Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь Оьрсийчоьнца лиэтачу цхьана тобан коьртехь лаьттина иза. ТIаьхьо хаало гуьржийн къайлахчу сервисашца зIе йолуш хиларца. 2012-чу шарахь Лопота-чIожехь нохчийн тIемалошний, гуьржийн ницкъашний юкъахь иккхинчу тIематасадаларца доьзна хьахаелира цуьнан цIе. Гуьржийчуьрчу Iедало чIагIдарехь, Дагестанера чу а еана, меттигера бахархой закъалте лецна хилла нохчийн тIемалоша. Иккхинчу тасадаларехь велира тобанах 11 стаг, гуьржийн ницкъех – 3. Байинчу тIемалойх 3 вара Паьнгазан чIожара, 5 – Нохчийчуьра. Берлинехь вийна Хангошвили бартбеш хьийзина, бохура, Лопотахь. 2015-чу шарахь иза вен гIоьртира Тбилисехь, цул тIаьхьа ехна цо тховкIело Германига.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG