Кху материалан автор ю Пейсахова Анна
Гулбеллачу нахана юкъа ахча кхоьссинчу нохчийн къомах волчу блогеро шен къоман сий дайина аьлла, латкъам бинчу Оьрчийчоьнан депутатана гIортор ян реза ца хилла полици.
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Волгоградан кIошан урхалло таллам ца болийна "Альфредо Аудиторе" цIе лелочу блогеро Носаев Мухьаммада лелийнарг низамца догIуш ду я дац бохург. Таллам бахьара аьлла латкъам бинарг вара меттигера депутат Осипов Александр, яздо Кавказ.Реалиино.
Дагадоуьйту. Кху беттан 6-хь цу жимачу стага шен блоган аудитори гулйира, 300 гергга сатг, Волгоградерчу "Мармелад" цIе йолчу махбаран центран ламешна хьалха. Цу нахана юкъа 200 эзар сом ахча кхоьссира цо.
"Иза я митинг а яцара, я марш а яцара, бакъо яла оьшуш йолу. Юкъараллин къепе ца йохийна, цхьа а низам а ца дохийна", - кхетийра хиллачух полицин урхалло Кавказ.Реалиин корреспондент.
Низамаш лардон органийн векалша бинчу хаамца, депутатера Осиповгара цхьа а латкъам кхаьчна бац цаьрга.
Ша "сийсазвина" аьлла хетачу депутатера комментари эца аьтто ца белира корреспондентан: белхан меттехь иза вацара, ткъа цуьнан телефонан номер йийца цуьнан белхан накъостий цахIиттира.
Оцу юкъана Нохчийчуьрчу къоман политикехула министраллехь хаам бира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Волгорадан кIоштарчу векалан гIовсан Носаев Тамерланан кIант юкъахь волуш инцидент хиллий а ца хаьа шайна аьлла. Амма дукха хан ялале Носаев Мухьаммадан Instagram дIакъевлинера.
Носаев мачон имидж лелош ву шен Instagram-хь. ХIора аьлча санна, видеохь, мекхаш а хьийзош, зудаберашка бегаш беш хуьлу иза.
Къоначу блогеран дас скандал иккхинчул тIаьхьа хаам бира, шен кIанта дIасадекъна ахча бюджетера дацара, цо ша даьккхина дара Москварчу цхьана фирмехь аьлла. 200 эзар сом "кепекаш" ю элира Носаевс.
Кхузахь хьахийча нийса хир ду Нохчийчуьрчу алапех лаьцна. Церан барам дуккха а лахара бу оцу "кепекел" а.
Кавказ.Реаллин корреспондентца къамел деш Соьлж-ГIалара ресторанашкарчу белхахоша дийцира 12 сохьтехь болх бича 500 сом даккха аьтто бен ца хуьлу шайн аьлла.
Оьрсийчохь хене вала билгалдаьккхина рицкъ ду 8846 сом барамехь. Нохчийчохь заводашкахь а, индустрин кхечу меттигашкахь а болх бинчу баккхийчу нехан пенсеш дац 8 эзар сом сов эккхаш а бен.
Соьмийн купюраш дIасакхиссаран перфоманс янне а яц Носаевс юкъаяьккхина. И тайпаниг деш хазахеташ ву цуьнан ден хьаьким волу Кадыров. Иштта социалан машанашкахь дуккха а видеош а, сурташ а ду эзар соьмийн догIанна кIеллахь иза хелха вуьйлуш даьхна.
Царах уггаре даьржинарг ду кеман уллехь ахчанна юкъахь иза хелхаволуш даьккхина сурт. Дийцарехь, и сурт даьккхина нохчийн куьйгалхо шен 30 шо кхачар даздеш волуш.
Иза "кавказхойн ламаст" ду боху верси харцйира Къилбаседа Кавказерчу исламан талламийн центран куьйгалхочо Гереев Руслана. Цо дийцарехь, Кавказерчу юкъараллехь лелачу ламасташца догIуш дац иштта гайтархьамма ахчанаш дIасалестор. Цу тайпаниг до ловзарахь.
Кхечу агIор, экспертана хетарехь, цхьа а бахаьана дац Носаев емал ван. "Цо нахана юкъакхоьссинарг пачхьалкхан ахча дац, цуьнан бакъо шен ахча шена хеттачу агIор дайа", - боху Гереевс.
Оьрсийчуьрчу Iедалхошна юкъахь ахчанаш дIасакхуьйсуш Iедал долуш ву ЛДПР партин куьйгалхо Жириновский Владимир. Ламаст а хилла дIахIоьттина цо керлачу шеран даздаршкахь купюраш дIасакхийсар, "гӀаплой", "леш" бохуш, шегара ахча схьаоьцу нах сийсаз а беш.
Ткъа хIунда делахь а, Кадыровс а, Жириновскийс а цу тайпаниг дича, Волгоградехь къоначу нохчочо иза дича санна гIовгIа ца йолу юкъараллехь, я депутаташ а ца хуьлу цара динарг низамехь ца хила мега, бохуш шеко йолуш.