ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дуьненан пачхьалкхана" дуьхьал ду дин: хьиджабашна тIехула Кремлера а, Кавказера а къийсамаш


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, архивера сурт
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, архивера сурт

Пачхьалкхан думе низаман проект кховдийна Оьрсийчохь никIаб лелор доьхкуш – бIаьргаш боцург йоллу меженаш къайлайоху духар ду и. Цуьнца цхьаьна хезон долийра корта а, лаг хьулден хьиджабаш а цхьаьна йехкарх, - цкъачунна дешаран хьукматашкахь. Бусалбачийн духаро эргIадалла стенна гIаттош йу Оьрсийчохь – дуьйцу Кавказ.Реалиин сайтан материалехь.

КПРФ-н депутататаша хьехначуьнца а догIуш, никIаб лелорна гIуданаш йукъадаха дагахь бу 10 эзар соьмана тIера 15 эзарна тIе кхаччалц, шолгIа а лелош карабагIахь – 15 эзарна тIера 30 эзар соьме кхачалц. Оцу йукъанна низаман пректехь никIаб ца йаздо, цуьнан метта мел а шуьйра билгалдаккхар ду – "йуьхь къайлайоккху духар" аьлла. Магош ду аьлла къастийна, масала, Iай лелон куйнаш, кепканаш, малхана дуьхьал лелон куьзганаш, шлемаш, лоьрийн масканаш, йа "керлачу шеран, йа кхин болу барам дIахьош туьйранашкара турпалхойн масканаш" йахкар а.

Цхьана хIуманна бусалба духаран цIе ца йаьккхина хилар лачкъа ца до низаман проектан авторша.

"Орсийчоьнан Iедалхошкара цунах лаьцна комментарий кхаьчначул тIаьхьа цхьайолу формулировкаш кхин тIе а билгалйаха йезаш йу, амма идейца ишта йу и. Динан духарх лаьцна къийсамаш буьту вай, "эшохиллачаьрга" мохь ца хьакхийта а, оцу, йа хIокху гIум-арахь хIун мода йу бохучу къийсаме тхаьш дерзон а. Йуьйцург Оьрсийчоьнан бахархойн кхерамзалла йу", - дIахьедина Оьрсийчоьнан депутато Матвеев Михаила.

Стигалкъекъа-бутт бовш кхин цхьа низаман проект а йовзийтира – регионашна, доккхачу декъана дешаран хьукматашна тIехь йуьтуш муьлхха а динан духар леладайтарх бакъо.

Инициативан автор ву – "Керла адамаш" партин цIарах пачхьалкхан думин вице-спикер Даванков Вячеслав. Шен идейх цо кхетийра саготта болчу дуккхаъчу дешархойн дай-наноша кехаташ кхехьийтина аьлла. Депутато хьийхира Европера хьолана тIетовжуш хила деза аьлла, цигахь хьиджабаш техкина школашка ца буьту, ткъа дуьненан йукъаралла, депутатана хетарехь, йукъара хьелаш лардарна тIехь кхуллуш йу, "шайна-шайна хеттарг лелорца ца кхуллу" аьлла.

Цунна жоп лучу Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама Даванков йукъадаккха хьийзачунна критика йина ца Iаш, цо кхерам тесира цунна, динан маршо йохон гIортарна цунна бехкаш дохкуш.

"НикIабана а, хьиджабна а йукъарчу башхаллех Даванков кхетон луур дара суна. НикIаб – зударийн духар ду, йуьхь къовлуш. Ткъа хьиджабо йуьхь ца къовлу. НикIаб оха тхаьш а магош йац, ткъа хьиджабах дерг аьлча – и лелор хIора бусалба йоьIан декхар ду", - дIахьедина депутато. Цунах ца кхетарш, думин вице-спикер а цхьаьна кхетор ву ша "динан ламастин мехаллех а, гIиллакхех а" аьлла.

ТIаьхьо Делимхановн позицина тIетайра Москвара муфтий Аляутдинов Ильдар а. Цунна хетарехь, бусалба зударшна лелон тIейожийна хьиджаб йехкаро, царна хьалха харжам хIоттор бу "дешар дита деза, йа Дала тIедиллинарг дIататта деза" аьлла, Аляутдиновн дешнаш далийна "Постньюс" сайто.

Пачхьалкхан коьртачу муфтийс Гайнутдин Равила комментарий йина йац цу хьолах лаьцна. Динан духар дехкарх лаьцна хьаха ца дира цо ишта бусалба нехан ГIурба дуьйчу хенахь мангал-беттан 16-чохь маьждигехь бинчу хьехамехь а. Цуьнан метта Гайнутдина баркалла кхайкхийра президентана Путин Владимирна цуьнан "Оьрсийчуьра бусалбачу нахаца адамаллица хиларна", дIахьедира малхбузен къайлахчу сервисех шеконаш хиларх, "пачхьалкх йохон" дагахь цара "цхьана Iалашонца мухIажарийн хаттар меттахъхьедеш" ду аьлла.

"Дуьненан пачхьалкхехь" хьиджабашна дуьхьал "рейдаш" йар

Оьрсийчоь дуьненан пачхьалкх йу бохуш – хьиджабаш йехка хьийзачу инициаторийн коьрта аргумент, чIагIдар кIоргенза ду, тешна ву ГIезалойчуьра политолог Айсин Роман. "Зуламе а, низамехь доцуш" ду аьлла хета цунна хьиджаб йехкар.

"И хаттар девзаш доцурш бу цунна тIетовраш. Дуьненалла – и бахархойн религи йу. Дуьненан пачхьалкхехь дин Iедалх дIакъастийна ду. Амма Оьрсийчоьнан Iедалхоша дерриг а могуьйту Оьрсийн православин килсана, ткъа бусалабана мел хьоьхург, дIатотту, йа бIостане тIеоьцу", - кхетийра эксперто.

Шу, коьртахь йовлакхаш дерш, деша шайн махка дIагIо. ЛартIахь болчу нехан меттигаш дIалеца оьшуш дац

Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкахь тIаьхьарчу шарахь масех гIовгIане дийцарш хилира хьиджабашна тIехула. ТIелетарш, доьшийлашкара дIабахар, хьиджабаш йихкина ца Iаш, йовлкхаш а ца магош ГIебарта-Балкхаройчуьра школашкахь, Новосибирскехь "Оьрсийн халкъан дружинин" рейдаш – хIар дерриг а гIарадевллачу гIуллакхийн ах бен дац.

Стохка гурахь Каспийскера Алиевн цIарахчу лоьрийн колледжехь шозза скандал иккхира дIакъовлабелла лелачу студенташна-зудаберашна тIехула. Доьшийлехь керла бакъонаш йукъайахарна чу ца буьту аьллера йуьхьанца зудаберашка. Куьйгалло дерриг а бакъ ца дора. Масех кIира даьллачул тIаьхьа дийца даьккхира, лоьрийн доьшийло анкеташ йолийна хиллера хьиджаб лелочу зудаберех лаьцна хаамаш гулбеш. Дагестанан прокуратура реза ца хилира хIетахь оцу кепара хаамаш гулбан бакъо цахиларна бина латкъам талла.

ТIаьххьарчу кIиранчохь хаамашлахь нисбелира бусалба зудаберийн бакъонаш эшийна ши меттиг. Подмосковьера Мытищи гIалахь аквапаркера никIаб йоьхначу зудчуьнга дIагIо баьхнера. Цхьана стага аьллера цуьнга: "Телехьожийли чохь террорхой лела ишта, ткъа аша бераш кхерадо. Сан бер Iадийна".

Кхин а ши де хьалха дискриминаци лелийна шайца аьлла, латкъамаш динера Дагестанера шина йишас, никIабаш йоьхна хиллера и шиъ. Цхьахволчу пассажиро камери тIе дIайазъйеш хилера и шиъ, "террорхой" ду шу бохуш, шайн махка дIагIо баьхнера цаьрга. Бакъоларйаран органаш комментарий ца йира оцу шина а гIуллакхах лаьцна, адвокате царех цхьа а йаьлла хиллий а, хууш дац.

Шалха стандарташ?

Къилбаседа Кавказан регионера цхьана лоьрийн академин хилла цхьа дешархо, шен цIе къайлахьуриг, къамелдан ареза хилира редакцица. Шен 18 шо кхаьчча сацам бинера цо хьиджаб лелон (иттех шо хьалха), цо дуьхьалбехира цунна цуьнан гергара нах а, цхьана доьшурш а, хьехархой а.

"Тайп-тайпана забарш йора: "Чупа-чупсах тера йу хьо", йа олура "лаьтта нуй хьакха йоьхна ахь сил йеха коч". Лекторша олуш нислора: "Шу, коьртахь йовлакхаш дерш, шайн махка дIа а гIой, цигахь дешийша. ЛартIахь болчу нехан меттигаш дIалеца оьшуш дац". Вуьшта, доьшучуьра арадевллачул тIаьхьа а, алсамох нислора негативца болу нах, суна хетарехь, Iилма доцу нах бара уьш", - дийцира къамелдечо.

Луьттар коьрта тIе а диллина лела лаьий – дIалелийта. Йовлакх лелон лаьий – хьанна новкъарло йо цуо?

Иза ца кхета, хIун новкъарло йийр йу хьиджабо дешарна, иза ша а ма йу оцу хьолехула чекхйаьлла. ЙоIана хетарехь, и духар доьхкуш болу нах, йа ца кхета бусалба зудчунна хьиджаб хIун йу, йа националистийн хьежамашца бу уьш, цуьнца Оьрсийчохь къийсам латтош бан а бац.

"Маьрша пачхьалкхехь хьиджабаш йехка лаам хир бац. Суна, масала, бен-башха дац, кочахь жIара йолу, йа кипа тиллина стаг сайна уллохула тIехвалахь – цуьнан шен культура ма йу и. Вай массо а тайп-тайпана ма ду, стенна гIерта вай массо а цхьатерра хилийта? Луьттар коьрта тIе а диллина лела лаьий – дIалелийта. Йовлакх лелон лаьий – хьанна новкъарло йо цуо? Динан дакъа хилла ма ца Iа и, дахаран цхьа дакъа ма ду и. Коьртахь йовлакх доцуш ураме ца йалало со, йерзина йалар санна хета суна и. Динан маршонехьа, дин лелорехьа, шена хетарг дIаала бакъонехьа вай къуьйсуш хилча, оцу маршона йукъа хIунда ца дохуьйту, хиджаб лелон, йа никIаб лелон зудчун лаар а? ДегIана цхьалха валар бен могуьйтуш дац оцу маршоно?", - хеттаршка йуьйлу Кавказ.Реалии сайтаца къамелдийриг.

Бусалба духар доьхкуш хаттар йукъараллехь кест-кеста хазош хиларан тергойира политолого Айсин Руслана. Оьрсийчохь хилла ца Iаш, стохка гIадужу-баттахь школашкахь хьиджабаш йихкинчу Казахстанехь а, Узбекистанехь а дийцаредо. Кху деношкахь лелор дихкина ца Iаш, хьиджабаш чуйан а, йохка а дихкина Таджикистанехь. Политолог тешна ву, оцу историн импульс Кремлера схьа йу аьлла.

"Лаа дац хьиджабех хаттар гIаттар, и хьакхало дуккхаъчарех. Бусалба нехан бакъонаш къобалъечул а, халкъана луург дича гIоле ду Iедалхошна. МогIарерчу нехан риторикехь а дикка хаалуш ду и – цара массара а бохург санна олу бусалба нахе шайн кIотаршка дIагIо. И бохург хIун ду, эзарнаш шерашкахь билгалдаьккхинчу цхьана дозана тIехь беха нах хийра дакъалг хета йукъараллина. Сайн хьокъехь а хезна суна дуккха а оцу кепара претензеш", - дийцира Айсин Руслана.

Вайн пачхьалкхехь бусалба хила – чIогIа атта дац

Цунна хеарехь, бусалба духар дехкар низамехь тIеэцахь, йоллу Оьрсийчоьнан бахархой дуьхьал гIовттур бу, и даьржар ду Кавказа тIера Поволжье кхаччалц.

Лакхахь хьахийначу лоьрийн академи чекхйаьккхинчо дуьстира хьиджаб бертаза дIайаккхийтар, масала, динехь боцу нах берзина ураме бовларца. Царна а, вукхарна а хетарг цхьатерра ду, чIагIдо цо.

" Вайн пачхьалкхехь бусалба хила – чIогIа атта дац. Хьиджаб оьшуш йу аьлла тхуна хетаро кхин хIума къаста ца йойту тхоьга. Цхьана нахана лаьара аьлла цунах къаьстийла дац тхан, тхешан динан бух ца бохош. Шен лаамехь хьиджаб лелочу йоIе бертаза и дIайаккхийтар, коьртара йовлакх даккхар санна дац. Цо адам шен сица кагдо, цунна ша йамартхо хетар йу, тIетовжийлах йаьлла. Доьху шуьга, хьиджабаш лелон зудабераш дитийша паргIат! Тоьар йу аш лелон национализм а, фашизм а. Оха цергаш ца йухку, лелхийтарш ца до. Тхешан тиэшарца дехаш ду тхо", - дерзийра къамелдечо.

  • Таджикистанехь хьиджаб лелор дехкар йемал дира бусалба Iеламчийн лиго, ткъа цхьаболчу экстремистийн Iеламчаша Афганистанехь "джихIад" кхайкхийра.
  • Нохчийчохь масийтта шо а ду нахана йукъахь хьиджаб, йа йовлакх коьртахь доцуш дIасалелар мелхо а дихкина. 2010-чу шарахь Соьлжа-гIалахь, коьртахь йовлакх ца лелочу зудабершна пейнтболан тапча йиттира муьлуш бу ца хуучара. Дийцарехь, регионехь йовлакхаш лелор йукъадаккхархьама Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дагадаийтина хиллера и. Зударийн бакъо йацара Iаьржа духар лелон а, Нохчийчоьнан урхалхочунна Iожалхой дагабоуьйтура цара.
  • Межиевс а, Соьлжа-ГIаларчу полисхойн декъан хьаькамо Ирасханов Аслана а юьхь яьккхира никIаб (бусулбачийн коьрта туьллу хIума ю, юьхь дIакъовлуш, ши бIаьрг бен гуш боцуш. – Редакцин билгалдаккхар.) лелош хиллачу ворхI зудаберан. Цунах лаьцна сюжет гайтира меттигерчу телехьожийлехь. Шена хетачунна дуьхьалберш "Делан мостагIий", "ваххабисташ, иблисаш, шайтIанаш" ду элира муфтийс, "шен халкъан доцу духар" лелор хьарамло ю аьлла, тIе а тухуш. бакъонаш Iалашъян векал винчунна.
  • 2021-чу шеран гезгамашин-баттахь Астраханерчу пачхьалкхан лоьрийн университетан студенташа латкъамаш бира, доьшийле чудоьлхучохь коьртара хьиджабаш дIаяхийтира шайга, студентийн билеташ схьадохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллира респуликерчу парламентан спикерна Даудов Мохьмадна, оцу хаттарх йистъяккха аьлла. Даудов Мохьмад Оьрсийчоьнан могушаллин министраллин векалшца зIене велира, проблема цхьахаяккха аьлла, тIе а дожош.
  • Стохка гезгамашин-баттахь Москвахь а, Подмосковьехь а кхаа дийнахь кхоъ тIелатар дира бусалба духаршца болчу зудаберашна. Пхеа бераца йолчу зудчунна жIала тIехецнера, кхечу йоIана тIера никIаб дIайаккха гIоьртинера метрохь цхьа пассажир, ткъа Котельники гIалахь хьиджаб йоьхна йоI тIамтIе хьажон йеза "хьалхара йейта" аьлла, тIедожийра тIехйолучу зудчо. Кавказ.Реалии сайт къастон гIоьртира, стенца йоьзна йу исламофобин керлла тулгIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG