ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гюленах "бIоба" тарйина туркошна ЭрдохIана


Iамерка -- Гюлен Фетхуллах, Пенсилвани. Заз.25, 2014.
Iамерка -- Гюлен Фетхуллах, Пенсилвани. Заз.25, 2014.

CNN Turk телеканалехула вистхьулуш Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа бехке вира Iедал карчо гIортарна Iамеркехь веха бусулба Iелим стаг Гюлен Фетхуллах. Амма Гюлена а, цуьнан агIончаша а тIе ца дуьту шаьш бехке ду бохург. Ткъа мила ву Гюлен Фетхуллах?

Туркойчохь эскархой Iедал карчо гIоьртича президенто ЭрдохIан Реджепа сихха дIахьедар дира цунна бехке «IиндагIан Iедал" ду аьлла. Цу тайпа къамел хьул деш лелочу кепо кхечу пачхьалкхашкара нах Iеха бахь а, туркошна хууш ду вуьйцург Iамеркерчу Пенсилвани штатехь веха Iелим стаг Гюлен Фетхуллах а, цуьнан агIончаш а буй.

Гюлен Фетхуллах оппозицехь ву карарчу хенахь долчу Туркойчоьнан Iедалшна. Амма ЭрдохIана даиман а лоруш вацара иза шен политикан дуьхьалонча.

Гюлен Фетхуллах ву «Хизмет» олучу боламан хьалхъанча. Иза цхьана хенахь имам хилла а ву, Ислам дин Iамийна Iелам стаг а, юкъараллин жигархо а ву.

Гюлен вуно лоруш стаг ву Туркойчохь а, махкал арахьа а. Кху дерриг а дуьнентIехь миллионаш нах бу иза лоруш а, цо аьлла дош мехала хеташ а.

2013-чу шарахь Time журнало иза юкъатуьйхира карарчу хенахь вехачу уггаре а лоруш волчу 100 стагана. Иза иштта 11-гIа меттиг дIалоцуш ву уггаре а кху дуьнентIехь лоручу бусулба нахана юкъах.

Гюленан идейш вуно гена кханене хьажийна ю. Шен къамелашкахь цо тидам тIебохуьйту юкъаралла кхиорехь Iилма а, дешар а вуно мехала хиларна. Цунна мехала хета тайп-тайпана динан векалша юкъаметтигаш латтор.

Демократи мелла а гIоле политикан раж хета Гюленна. Махкахь дуккха а партеш хила еза аьлла а хета цунна. Iилманчо емал до радикалан олу ислам.

Гюленан идейша дог айина эзар сов школа а, университет а, културан центрш а схьайиллина цуьнан тIаьхьалончаша 150 гергга пачхьалкехь. Туркойчохь «Гюленан школаш» уггаре а тоьллачех а, кхузаманахьлерачех а лоруш ю.

1999-чу шарахь Гюлен могаш воцуш а хилла дарба лаха вахара Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташка. Цул тIаьхьа цкъа а хилла вац иза Туркойчохь.

2000-чу шарахь Гюлен бехке вира Туркойчура Iедал хийца дагахь цо къайлаха барт бина хиллера аьлла. 2008-чу шарахь цунна духьал толлуш хилла бехктакхаман гIуллакх дIачIегIира, иза бехке цахилла аьлла.

Цу тайпа бехк биллина хиллехь а, Гюленан боламо жигара гIортор йира премьер-министран ЭрдогIанан партина. Цу гIуллакхо аьтто бира хир волчу президентан паритина парламентан харжамашкахь толам баккха.

2013-чу шарахь Гюленан а, ЭрдохIанан а юкъаметтигаш вуно ирйелира. Гюлена критика йинера Истанбулера Гези-паркехь гIишлонаш ярна дуьхьал болчу нахана полицино ницкъ барна. Ницкъаллийн структурийн белхахоша вийнера цу хенахь масийтта маьрша стаг.

Машаран дуьхьалонан акцех хилира ерриг а Туркойчохь юьйлаелла йолу шуьйра демонстрацеш. Уьш вовшахтохарна бехке бира ЭрдохIана «Хизмет» боламан декъашхой.

Оццу шарахь махкахь вуно йоккха скандал иккхира. ЭрдохIанан партин 52 декъашхо лецнера, коррупци лелорна бехке а вина. Цул тIаьхьа Iедална дуьхьал бевллера махкахой Iедалхошка шайн даржаш охьадахка бохуш.

Цунна жоп луш, цу хенахь премьер-министр волчу ЭрдохIана дIахьедар дира, коррупцина дуьхьал йолу кампани леррина йолийнарг Гюленан болам бу аьлла.

«Хизмет» терроран организаци ю, элира ЭрдохIана, Iедал дохо Iалашо йолуш кхоьллина йолу. Цо омра дира Гюленан школаш дIачIагIа аьлла.

Гюлена тIе ца дитира цу тайпа бехкаш шена бахкар. Шен интервьюшкахь цо билгалдаккхара ша экстремизмана дуьхьал хилар а, политикана юкъагIерта ша лууш цахилар а.

Амма 2016-чу шарахь бIаьста ЭрдохIанан а, Гюленан а конфликт кхин а къоргечу елира. Зазадоккху-баттахь Iедалша шайн куьйгакIел ийцира шаьш Гюленан агIончийн лоруш долу Туркойчохь угггаре а даккхийчерах долу Zaman газет.

Охан-баттахь туркойн полицино «Хизметаца» уьйр хилла аьлла дIалецира 90 гергга стаг. Стигалкъекъа-бутт чекхболуш ЭрдохIана дIахьедар дира Гюлен Фетхуллахан болам терроран лорур бу шаьш аьлла.

Кху беттан 16-чу дийнахь Туркойчоьнан премьер-министро Йылдырым Биналис журналисташка дIахьедар дира Гюленна гIортор еш йолу муьлхха а пачхьалкх доттагI хир яц Туркойчоьнан аьлла.

Цо билггала цIе ца яьккхира Цхьаьнатоьхначу Штатийн, хьалхо Iамерко Гюлен схьаваларе сатуьйсуш ду шаьш аьлла туркойн Iедалан векалша дIахьедар дина хиллехь а.

XS
SM
MD
LG