ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Норд-Ост": ФСБ,Теркибаев Ханпаша, Дагалаев Лоьма...


Оьрсийчоь - "Норд-Остехь" Ичкерин тIемалойн операцин доладеш ву Бараев Мовсар, Москох, 24ГIа2002
Оьрсийчоь - "Норд-Остехь" Ичкерин тIемалойн операцин доладеш ву Бараев Мовсар, Москох, 24ГIа2002

11 шо кхочу Москох 50 нохчочо «Норд-Ост» театр дΙалаьцча, Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъаша, иза дΙаьвше газан гΙоьнца мукъайоккхуш, нах байина. Бохам буьззина таллаза, нах хΙаллакбарна билггал бехкеберш къастоза дисина хΙетахь гΙаттийна хилла бехк-такхаман дов. Ιедалх боцчу тергамхоша шеконе диллинчохь дисина театр закъалтана дΙалаца нохчийн тΙемалой бигинарг а, юха царна тешнабехк бинарг а ФСБ ца хуьлийла дацар.




«Норд-Ост», официалехь бΙе ткъе итт гергга стаг (закъалтехь Iийнчара дуьйцу терахь 174 стаг) къайлаяьхьна, юьйцуш йоцчу газца вен а вуьйш, Ιедалан ницкъаша мукъаяьккхина ах шо доллуш, «Керлачу Газетан» тергамчас Политковская Аннас артикл арахийцира «Террористийн тобанах цхьаъ дийна висина. Тхуна карийна иза» цΙе а йолуш.

«Норд-Ост» чохь Бараев Морсарна гергахь де-буьйса а даьккхина, оцу чуьра могуш-маьрша араваьлла Мескар-Юьртара Теркибаев Ханпаша вара Политковскаяс вуьйцург. Ша цунна тΙаьхьа а кхиина, иза кегон ваьккхича, цо шена Оьрсийчоьнан Ιедалан коьрта газетан корреспондентан тоьшалла а гайтира, ша ма хьеве, шен хьакам Путинан Владимиран информацин урхаллан куьйгалхо Поршнев Игорь а ву, бохура, яздора хΙетахь Политковская Аннас.


Нохчийчоь -- Теркибаев Ханпаша, Мескар-Эвл, 1998
Нохчийчоь -- Теркибаев Ханпаша, Мескар-Эвл, 1998
Цул совнаха, Теркибаев Хампашас ша Путинан гΙоьнчица Ястржембский Сергейца лаьтташ сурт а дуьхьалдиттинера журналистна, цунна болх беш а ву ша, ахь хьеван а ца догΙу, иштта президентан администрацин гΙантдена Сурков Владиславна а хууш ду ша мила ву, бохуш, дозалла деш.

Гучудаьллачо Политковская Анна тешийнера, «Норд-Ост» Ιедало хьалххе дуьйна кеч а йина, чекхъяккхина «проект» юйла.

Ткъа изза Теркибаев Ханпаша Ичкерин цхьаболчу бΙаьхошна а вара веза-воккха хеташ накъост. Президентан Масхадов Асланан болх-некъ халкъана бовзуьйтуш, фото-, видеорепортер ву ша, бохуш лийлира иза масситта шарахь. ДагтΙе куьг диллина ала деза, я корматаллица, я хьекъалца гена ваьлла стаг а вацара Теркибаев, амма ша тешаме ву аьлла хетийтинчу Масхадовс тΙекъавина латтавора. «Норд-Осте» тΙемалой баххале ах шо хьалха, шена тешаме воцийла гучу а даьлла, президента шех дΙа а хервира иза.

Теркибаевх ФСБ-но, ша Москох йига нохчийн тоба кечъеш а пайда эцна, Маршо Радиона и тоьшалла дечу, хΙетахь Ичкерин президентан администрацин куьйгалхо Ιийначу Баталов Аптис дийцарехь.

Цуьнан доттагΙ вара цхьана заманахь Калиновскера, Невран кΙоштахь префект а, тΙаьхьо Ичкерин телерадиокомитетан куьйгалхо а Ιийна волу Дагалаев Лоьма. Москох Ιедалан, муьлххарг а елахь а, цхьа хьукмат дΙалаца ФСБ-но муха кечвеш вара Теркибаевца цхьана Дагалаев Лоьма, дагалоьцу Баталов Аптис.




Нохчийчоь -- Инарла Баталов Апти (аьтт) къамел деш ву оьрсийн эпсарца Соьлж-ГIалара федералан эскарш арадовлучу муьрехь, 1996 шо
Нохчийчоь -- Инарла Баталов Апти (аьтт) къамел деш ву оьрсийн эпсарца Соьлж-ГIалара федералан эскарш арадовлучу муьрехь, 1996 шо
Дагалаев Лоьма кхелхинчу деношкахь ФСБ-но рогΙехь лоцу вайца къамел деш волу Масхадов Асланан администрацин коьртехь лаьттина Баталов Апти. Ша цо дΙахецарцана, кхин махкахь Ιойла доцийла а кхетий, иза воду. ХΙинца веха Ингалсехь. Ткъа касетах хилларг цо иштта дуьйцу.








Баталов Аптина нохчийн президентна гонера стаг Теркибаев Хампаша а, цуьнца уьйрашка ваьлла лелла Дагалаев Лоьма а ФСБ-но шен хьашташка верзийна хиллийла а ду шеко а йоцуш хууш. Цундела лору цо «Норд-Остера» бохам Оьрсийчоьнан Ιедало ша кечбина а, бирззинчу кепара цо ша берзийна а.

Ткъа Теркибаев массех баттахь ваьхна «Норд-Остехь» нах байинчул тΙаьхьа. Оьрза-ГΙалин агΙор Соьлж-ГΙала ша лелош йолу машен а оьккхуш, шеца хилла кхо милцо а леш, велла 2003-чу шеран Ιай. «Норд-Ост» дΙалаьцначу нохчех тахана дийна вац стагга а.
XS
SM
MD
LG