Кху шара дуьйна нохчийн мотт Iамо аьтто хир бу Гуьржийчуьра ПIаьнгазахь 5-чу а, 6-чу а классашкахь доьшучу нохчийн берийн. Ненан мотт Iамо болийна цигахь нохчийн-кистойн дехарца.
И хилам кхаъ хиларца тIеэцна шаьш бохуш дуьйцу Паьнгазарчу Дуиси-эвлахь вехачу нохчийн журналисто Бордзгор Сулхьана.
Бордзгор Сулхьан: «Кхузахь бехачу нахана вуно боккха кхаъ хиллера цунах. Дукха хан яра кистой цIера мухIажираш кхуза бахкале дуьйна иза лууш болу. Дуккха а хан яра иза дуьйцуш долу. ТIаьххьаре а Iедало бакъо елла аьлла хезнера тхуна, цигахь цхаьцца болх а бина. Амма хьехархой тоьаш бацахь а, иза дIадолийча вуно дика хира дара бохуш бара массо а».
Гуьржийчоьнан Iедалша ПIаьнгазахь бехачу нохчийн мухIажирийн а, меттигерчу кистойн а берашна нохчийн мотт Iамо бакъо елира 3 шо хьалха аьхка. И программа болх бан йолаяла езаш яра гурахь Гезгмашин-бутт болалуш бераш школе дахача. Коьртачу декъана юьйцург яра ПIаьнгаза чIожахь Iуьллучех уггаре а йоккха эвла Дуиси.
Амма меттигерчу Iедалша дуьхаьло еш цунах гIуллакх цахилира бохуш дуьйцу Бордзгор Сулхьана.
Бордзгор Сулхьан: "Iедало бакъо елча меттигерчара мелла дуьхьало йинера царна".
Делахь а, меттигера бахархой юхабовла дагахь бацара. Цара шайн таллам бира меттигерчу бахархошна юкъахь. Гучудаьлларг дара 98 процент цу талламехь дакъалаьцна кистой а, цигахь баха хевшина Нохчийчуьра мухIажирш а нохчийн мотт шайн берашна Iамо лууш хилар.
Дуисерчу школан директоро Сваиури Лилис билгалдоккху нохчийн мотт Iамор дешархошна школехь хьоьха Iилма санна тIедожийна ца хилар. Цо дийцарехь, йоккха къоьлла ю книжкашца а, кхин йолчу оьшучу дешаран материалашца а.
Хьехархой а бац тоьаш. Цкъачунна Дуисехь болх беш ю Нохчийчохь лаккхара дешар дешна ши хьехархо. Гуьржийчура зорбанан гIирсаша дийцарехь, цу мехкан дешаран министралла дагахь ю 2017-чу шарахь ПIаьнгазара школашна гуьржийн-нохчийн дешаран книжкаш кечъян.