Муьлхачу а нохчочуьнга хаьттича, цулла цIена бух болуш стаг хира вац хIокху нана дегIастнехь. Амма, дIахаьттича, шен вархIе де цIе а ца хууш хуьлу. Иза бохург дац, иза цIенна цIий долуш нохчий вуй, ваций. Нехан и талламаш бан аьттонаш ца хилла.
Нохчийн дукха ширачу заманахь дуьйна, ДНК-талламаш хIун ду а хале, нохчех долу тайпанаш билгалдоккхуш цхьа хIума дара-хIора тайпана хила безаш болу лам. Иза бацахь, хьо баша кIорга нохчий лоруш а ца хилла. Амма, цунна гIело яр осалла а лаьрра.
ХIинца, Iилмийн кхиаран бахьанашца, къасто йиша ю, къоман бух а, тайпанийн вовшах долу гергарлонаш а, ишшта дуккха а хIума. Ваха ван а ца дез. Лаамий, собарий хилчхьана, интернетехула дан йиша йолуш хIума а ду иза. Цхьа шо ду, нохчашна и талламаш бан аьтто болуш. Казахстанехь вехаш волчу Асранов ПахIрудди ву и болх беш. Фейсбукан леррина кхоьллинчу агIонна редактор ву иза. Цо дийцира Маршо радиога, и болх болор хIун бахьан дара а, иза мел пайдехь ду а.
Арсанов ПахIрудди: «Стохка дIаболийна бу и болх. ДIаболор бахьан хIун дара аьлча, вай цIахь боьдуш тIом а болуш, цхьацца институташа а, цхьанатохаралша а, тесташ а йина, хьенехера хIара тоба ю бохуш хIума дара. ТIаккха хьенан тобанаш ю уьш, мила ву иза, нохчо ву, ян гIалгIа ву, аьлла хаьттича, иза цIе йоккхийла дац бохуш дара. Цуьнах вайнахан юккъахь цу тайпаниг деш ца хуьлу. Хьажа веза, таллам бан беза. Гаранаш а башхалла йолуш ма ду, шен схьадаларца. Теллича, гура ду ша дерг. Цундела къайлахь а доцуш, луучо шена тесташ йойтуш йолийна проект ю».
Нохчаша, дукха сиха олуш цхьа хIума галдаьллачу стагана, иза-м цIена нохчийн бух болуш вацара олий. И хIумш юккъера дIадаха а, бан мегар бара и ДНК-талламаш боху Арсанов ПахIруддис.
Арсанов ПахIрудди: «ХIун пайда хира бу цуьнах аьлча, оцу форумашкахь а, кегийчу наха а дуьйцуш, хIара хьенех ву, хIара кхиверг ву бохуш, доцурш дукха дуьйцу. ХIокху юьртара нах, мичара баьхкина, къасто йиша хира ю талламаш бича. Германехь юккъе еккхина ДНК тест ю, хьалах нена агIора бен ялуш яцара церан, амма, хIинца де агIора а ялуш ю бохуш дуьйцуш ду. Хьалха хилла долу къаьмнаш,аланаш хуьлда уьш, ян скифаш хуьлда, цаьрца вовшах хоьттича,гура душ га дерг. ТIаккха эрна къамелш совцура ду».
ДНК-талламаш Iамеркехь беш бу. Пачхьалкха дозаналла арахь бехачу нохчаша беш бу и талламаш дукхачу хьолехь боху Арсанов ПахIруддис. Шаьш бинчу талламийн гучудоьвлачу жамIех ишшта дуьйцу цо.
Арсанов ПахIрудди: « Кхин цхьа хIума ду: хIокху тобанера хилча нохчий ву, ца хичла ваций бохург- иза нийса дац. Тобанаш вай 5 ю: J2,JI,L,Q,G2. Уьш таханлерачу дийнахь вайна хууш ерг ю. И тобанаш таханлера къаьмнаш къастале схьайоьгIуш ю уьш. Сан санна тоба, масла италхойн а, грекийн а ю. Иза ма дац, тхо уллера гергара нах ду бохург. Эзар шераш хьалха къаьмнаш дIасакъаьстана генаш ду уьш»
Нохчийн къам Нашхара схьадаьлла бохург а мел бакъ ду кхоччуш жоп дала мегар ду, алсамо наха и талламаш бина, церан жоьпаш лаьрча. Амма, хIинцале гуш ду, и хIумпа бакъ хила мегаш хилар, аьлла кхин дIа а дуьйцу Арсанов ПахIруддис.
Арсанов ПахIрудди: «Иза талла йиша йолуш ду. Тахан адам кIезга ду оцу проект юккъахь. Мел долу тайпана а гарана а таллам бича, вайна гура ду, бакъ ду, ян дац. тахана, оцу Нашхахь цхьа тоба ю къаьстина. Иза уггаре а шира тоба ю. Цу тIера кхо тоба ю къаьстан. Нашхара шина гаран юккъера а, цхьа эзар, ах эзар хан ю».
Хьалхара тIом балле, Нохчийчохь даьржина хIума дара, тайпана юккъера цхьана цIийна наха, олуш ма хиллара чIиран а дохучеран гергарлойн схемаш хIиттор. ХIета и болх бора, баккххийчара, амма, хIинца и хIума сецца ду. Кегирхойн дог тIе ца доьрзу оцу хIуманна. ДНК-талламаш кхиъ кIорге кховду, нахана дагадогIучулла.
Тахана, Нохчийочхь эзарнаш нах бу, доь доцуш, тIеман хенахь байна. Церан кхолламех дерг а хуура дара, нагахь санна йийра ю аьлла йолу ДНК лабораторий махкахь йинехьарий,амма, къамелалла сов даьлла хIума дац. Оцу талламехь цхьана хIумана кхоьруш ду Iедалш.