ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iехийна, тилийна - кхана бохка буьгур бу!..


Оьрсийчоь -- Нохчашна духьал гIаттаме бевлла хьийза Пугачев-гIалин бахархой, 08JТов2013
Оьрсийчоь -- Нохчашна духьал гIаттаме бевлла хьийза Пугачев-гIалин бахархой, 08JТов2013

ХΙунда аьтто болу арахьарчу ницкъийн нохчий дуьненан маьΙ-маьΙешкахь нислучу бохамашна юкъаийзон? Стенна ца ларло цунах нохчий?



Я теракташкахь, Я летаршкахь билгалбевлла бу нохчий дуьненан массо а маьΙΙешкахь. Хийлаза хаамийн гΙирсашка ладоьгΙча, ойла кхоллало, массанхьа а цхьа хатΙ вайн наха гойтуш хилча, журналисташ массо а цхьабосса харц хуьлийла а ма дац нохчий маьттаза гайтарца, олий.

Оцу темех дара Маршо Радионо ладогIархошца кху кIиранах дийцаредана хаттар.

Заманан къаьхьачу хиламаша талхийна нохчийн къам, хьалха иза иштта ца хилла, боху Теркйистерчу Ризвана.



Нохчашкарчу иманах а, комаьршаллах а пайдаоьцу оцу къомах хΙуъа хилча а бен-башха доцчу хΙилланчаша. ТΙаьххьара хуьулу зе шайнна нохчашна дуьсу, аьлла ю Итум-Кхаьлларчу Яхьъян ойла.




Нохчий амална сиха бу, шайн доцу гΙуллакхашна юкъагΙерта марзбелла, иман лахделла, аьлла хета Ιелин-Юьртарчу Хазманна.



ДецΙенна гена ваьлла веха стаг, ша хьошалгΙахь вуй хууш ваха веза, Оьрсийчу я кхечу махка хьо воьссинехь, виц ма ло хьо цΙахь воцийла, чохь а, арахь а цхьабосса хецавелла хила ца догΙу стагна – и кепаш эяр ду нохчийн сакхт, боху Гуьмсерчу Ιисас.



Харцо а, нийсо а къастош дерш хаарш ду. Уьш махкахь лаьттинчу хьелаша эшийна нохчашкахь, цуьнца а дозу цхьа бахьана, вайн нах атта Ιехалуш хилар, уьш зуламашна юкъа нисбалар а, аьлла хета Соьлж-ГΙалахь вехачу Русланна.



Массо а сакхт нохчашка кхачийнарг ахча, боьха ахча, ду боху СаΙди-Къотарарчу Мохьмада. Цуьнан а ю шен къоме вуно яккхий претензеш.



Иштта дара Маршо Радиоца телефонан зΙенехула вай хаттарна жоп луш дина къамелаш.

Сайта тΙехь оха хΙоттийначу хаттамехь дакъалаьцнарш а бу алссам.

Iехон атта стенна бу вайнах, аьлла бара хаттам.

Нохчий шаьш догдика хиларна атта бу арахьарчу ницкъашна Ιехон боху 27 проценто.

Политиках кΙезиг кхеташ хиларна ду иза иштта аьлла хета 24 процентна.

Хьегначу баланах кΙад а белла, нохчий дикане кхийдаш хиларх пайда оьцу зуламхоша боху хаттамехь дакъалаьцначу 9 процент наха.

Нохчашна шаьш кхечу къаьмнел лакхара хетаро боху уьш харц новкъа аьлла хета 12 процентна.

Ιехабо ахчанах бохкалуш болун дела, боху 29 проценто.

ЖамΙ деш аьлча, Маршо Радион ладогΙархойх а, сайт йоьшучех а ах сов декъанна хета, нохчий Ιехон атта бу политиках буьззина кхеташ бацарна а, ахча гича атта сакхте некъ хоржуш хиларна а, аьлла.
XS
SM
MD
LG