ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинин цхьаалла ларъеш лаьтта Ушурма-Шайхан батальон


Ушарма-Шайхан батальонера бIаьхой Донбассехь, Украина, 10Тов2015
Ушарма-Шайхан батальонера бIаьхой Донбассехь, Украина, 10Тов2015

БархI бутт бу Украинин цхьаалла къовсучу Донбассехь нохчийн ши батальон лаьтта. Дуккха а тIемаш бан а дезна церан шайна тIегIертачу сепаратистийн а, Оьрсийчуьра хьежочу а дакъошца. Ушарма-Шайхан батальонерчу бIаьхочо Мансура дуьйцу тIеман дозанехь йолчу Широкино гIаларчу хьолах лаьцна.

Юьхьанца Ичкерин инарла Мунаев Iиса коьртехь лаьтта Дудаев ЖовхIаран цIарх йолу батальон бен яцара Украинерчу эскаршлахь. Ткъа гурахь Данерчу нохчаша кхоьллира шолгIаниг - Ушурма-Шайхан батальон. Европерчу «Маьрша Кавказ» шех олучу юкъараллин-политикан боламо кхайкхийра цуьнан кхоллаялар.

Хьалхарниг а санна, и шолгIа нохчийн батальон а доггах къобалйо украинахоша а, Украинин Iедало а.

Юьхьанца, Кремлан лаам кхочушбеш, Кадыров Рамзанан гонера герзахой Донбассерчу сепаратистийн могIаршка а хIиттина, украинахойх лета боьлча, цецъяьллачу Киево даржон долийра шайх нохчий баьхкина лата, аьлла. Оцу бахьанийца юкъаметтигаш шелъелла ца Iаш, оьгIучу евлира украинахойнний, цаьрца церан махкахь эзарнашкахь бехачу нохчийнний.

И хьал муха гора хIетахь, ткъа муха хийцаделира дуьйцу украинахоша Богдан Чеченский шех олучу нохчочо Мохьмада. Иза ша а ву майданхо – Киевехь Янукович Викторан Iедална дуьхьаллатта нах арабевллачу деношкахь кхечира Мохьмад цига. Шен Оьрсийчоьнан вахархочун паспорт а дагийна, хадийра цо Путинан Оьрсийчоьне юхаван некъ.

Мохьмад, Киеверчу нохчийн политикан центршкара нохчий а санна, идеологин белхахо ву. ТIеман аренашкахь, нийсса шен мостагIчун бIаьра а хьоьжуш, цуьнца кест-кеста тIемакхийссаршка а юьйлуш, лаьтта Ушарма-Шайхан батальон.

Шайн баьччин ЧIебарлойн Муслиман рогIера буьйр кхочушдеш, машенахь цхьаьнхьа боьлхуш карийна Маршо Радиона телефонехула батальонан бIаьхой. Машен нацкъаръяьккхина, саца а йина, тхоьца къамел дира тIемалочо Муслима.

Массех бутт хьалха, оьрсаша укранахошкара Дебальцево гIала йоккхуш кхелхинчу инарлас Мунаев Iисас цкъа шегара журналисташа интервью луш, хьо стенна веана кхуза аьлла хаьттича а элира изза.

Мунаев: «Со сайн декхар кхочушдеш ву, бу-кх иштта кхетам – декхар дIадалар. Тхуна хала дочу хенахь, тхуна чIоггIа гIо оьшучу муьрехь, украинахой-вежарий, кху къоман тоьллачу къонахаша гIодира сан къомана, сан даймахкана, Нохчийн Республикана Ичкерина. Оха а бина сацам и декхар дIадала, тхо дала дезарг дIалуш ду».

Кхетамашца, лехамашца дакъошка яьллачу Нохчийчоьно кеп-кепара туьду шен исторехь лелларг, леларг. Амма цхъана а нохчочун иэсера долийла дац шайн децIахь тIемаш боьлхуш, шайца белшах белш а гIортийна, Кремло махка кхуьйсучу оьрсийн эскарех леташ украинахой а эгна хилар.

Ткъа шайна динчу гIоьнан тIаламбеш шаьш дуйла украинахоша гайтина яхначу заманахь а. Цара даима а нохчочуьнга безам къадош дагадоуьйту, 1933-чу шарахь Сталинан Iедало хIоттийначу мацалло эгабечу украинахошна гIоьнехь вайнах хиллийла. Хаьа царна, хIетахь нохчий а, гIалгIай а бахьанехь денбелла шайн нах бехаш буйла вайнахалахь вайнах а хилла.

XS
SM
MD
LG