2008-чу шарахь кхетта Темишев Ислам муджахΙидех – деа шарахь сов лелла хьаннашкахь. Цуьнан бΙаьхонан башхаллаш муха яра ала хууш хΙума дац. Стохка Ιай YouTube йиллинчу видео чохь ву иза ломарчу лайн некъахула шайн баннашка богΙучу тΙемалошца. Иштта ду цуьнан хΙетахьлера къамел.
Амма тΙахьа, шен накъостий бухкучу дийнахь, оццу YouTube чуьрчу видео тIехь, муджахΙидаш ладугΙуш бу шун рацешка, аш ГакаевгIарца цхьаьна ша а вийна алахьара, боху цо.
Шен накъостий а бухкуш, Темишев Исламах иза каравахначул тΙахьа а ийцира пайда Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а – Темишевс дΙабийцира царна тΙемалошна къайлаха гΙо деш лелла дуккха а нах.
Нохчийчохь дийна юьсийла дац цхьа агΙо бен – я Кадыровн кхетам шайн кхетамца боьзна ехарг я хьаннашкара тΙемалоййий, церан дагара наххий. Хьан, мила эшор ву, муха хир ду нохчочун хатΙ кхидIа, маршонан некъа тΙехь соцу иза я юха а Кремлна буха воьду боху хаттар жоп доцуш дуьсу таханенна. Иза а бу политикехь беш шакепара тΙом. Дуккха а гена ду и чекхбала.
ХΙун мах хадабо могΙарчу нохчаша шен накъостий боьхкинчу Темишев Исламан а , цо боьхкинчийн а? Ойланаш кеп-кепара ю. ТΙе камера, диктофон Ιедало ерзийча, наха цхьаъ дуьйцу, Ιедалх воцчу журналисте кхин олу.
Иштта ю, масала, Маршо Радиона кхелхинчу вежарийн ГакаевгΙеран децΙахь Элистанжахь наха хазийна ойланаш.
ХΙун ю тешнабехк, мел кΙорга бу цуьнан орамаш нохчашлахь? Оцу хьокъехь шен ойла йовзуьйту Францехь вехачу веа шахIидан дас Деналбека.
Кхел ен кеп ю Ιедалша Темишев Исламна тΙехь тахана хΙиттош. Цо шена беана пайда юьстах а буьтуш. Тамаше ду Кадыров Рамзанца болу а, боцу а нохчий цхьабосса оцу кхелана тIера хилар. ...Я тамаше ца хила а тарло иза. ...Тешнабехкан мах болучух тера ду иштта.