Абубакар Iаббаза Мохьмад, Канада, автор
Иштта а хIокху дуьнено хьистина боцу нохчий гезбохуьйтуш, гIарабевлла вежарий Царнаев Тамерлан а, хIинца а набахтин дарбагIера аравалаза волу цуьнан ваша ЖовхIар а.
Бостонехь эккхийтарш хилчхьана, и шаьш дича санна, синтем байна, ладоьггIучохь, сакх хилла Iа Къилбаседа Америкера нохчий. Ахь дIасахьахийча, цхьамма а тIе ца дуьту и нохчаша дина хилар. Цул совнаха, и вежарий, нохчийн хьожа-мода хьакхаелла хилар бен, нохчий а бац, вай хIунда деза церан метта бехказдийла бохуш а хеза кхузахь.
Нохчаша гIазакхашна дуьхьал маршонан тIом бечу хенахь уьш къобалбина а ца хилча, хIинца оцу зуламан жоьпаллехь беккъа уьш шаьш бу бахар лартIахь дуй-те? Цара динарг Москорчу я уьш схьабевллачу ГIиргIазойчоьнан Iедалшна коча долла дезаш дац ткъа, Нохчийчоь Оьрсийчоьнан губерни бен лоруш а хилча?
Иштта дара санн хеттарш. Царна жоп дала, хетарг ала реза хиллира Бостонера Мохьмад-Эми.
Мохьмад-Эми: " Суна цкъа буьрканах ловзуш вайнера, вевзинера Царнаев Тамерлан. 20 процент а ца хьаьара цунна нохчийн мотт. Я бусулба хила гIерташ ву ала а дацара. ...Цхьанна эшна хир ду-кх и зулам".
Оцу хенахь, массо а зорбан коьчалшкахь васхала даьккхина ши дош дара : “Чечня", "Террор”. Оцу шина вашас дина бохург бахьанехь, и дерриг нохчийн къомана тIеяздина пачхьалкхаша.
Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн дозанна герга йолчу Канадерчу Монреалехь ехачу, маршонан боламна шен эшаршца гIортор еш дуьненна а евзинчу Рамзаева Бирланте а хаьттира ас ЦарнаевгIарех а, цара дина бохуш дуьйцучу зуламах а лаьцна.
ХIинцца ша дIайазйина эшарш яржош, дебон таро ца хиларна а, шен уьш нахана хазийта кхечу агIор аьтто ца хиларна а, Маршо Радионо мукъана а хазорах догдохучу Бирланта хилларг бахьанехь нохчаша кортош охьатовIон ца оьшу боху.
Рамзаева: " И нах бахьанехь нохчаша корта охьатаIон а ца беза. Уьш муьлш бу кхузахь хууш дара, цаьрца нохчийн хьаса а бацара. ...Мохк тIамах кхехкачу, Соьлж-ГIала гIазакхаша дIайоккхучу хенахь уьш стенна бацара цигахь? Эзарнашкахь бераш, баккхийнах, зудий бойъучу хенахь стенна цабевлира уьш бекхаме?
Нохчийн мотт хууш а бац и нах. Вай стенна лоцу цара динарг ваьшна тIе? Бете хьаьжча а вац-кха иза нохчух тера. Нохчо буса клубашкахула лелар вац. Ахчанна, шайна гарзанаш еха арабевлла нах бу-кх...".