Вайнах дIабохийна де дагалоцуш, цхьа могIа вовшахкхетарш дIадаьхьара Европерачу пачхьалкхашкахь цигахь бехачу нохчаша а, гIалгIаша а.
„Ши эзар иссолгIачохь
есачу петарахь
ас юх-юха а яздо
Экранан аьнгали тIехь:
„Цхьаъ исс диъ диъ.
Шиъ кхоъ. Ноль. Шиъ“.
ХIора а дош- цIийн басахь,
декъеша сирдина.
БархI дош, бархI терахь-
цхьа а говзалла ца оьшу шифр.
Арифметикан аллегори
Лазамах,
валарах,
чIагIаллах лаьтта,
Латта лоьмаца а цадохалучу,
Ткъа каш-х ца аьхкича ца долучу,
БIаьрхиш легашкахь къурд хилла лаьттачу,
ДогIанца охьахьалха кийча...“
И байташ, цхьана къоначу нохчийн поэта оьрсийн маттахь язйина йолу, хIора шарахь вайнах дIабохийна де тIекхочучу муьрехь интернетехула лела йолало, цхьана сайтера вукхунна тIе а йолуш.
Цара, цу лазамех Iийдалучу могIанаша, гойту, 69 шо къена йолу и вайнехан ца йоьрзу чов тахана а лезаш хилар, и бала лайна а, шайн бIаьргашца гина а болчу баккхийчеран лезна ца Iаш, иза лоьраша шех „фантоман лазарш“ олучу кепара , иза шайна цкъа а ца гинехь а, амма шайн синошца иза кхобучу вайнехан кегирхойн дегнашкахь а.
Цуьнан тоьшалла ду, хIора шарахь гIуран беттан 23 -чохь Белгехь бехаш болу вайнах вовшахкхеташ хилар, нохчийн а, гIалгIайн а къоман бохам дагалоцуш, тIекхуьучу берашна а, и бохам ца бевзачу белгихошна а цунах лаьцна дийца а дуьйцуш, сагIа а доккхуш, я урамашкахь дагалецамийн акцеш а еш.
Кху шарахь и тайпа цхьанакхетар вовшахтухуш хьалхаяьлла яра Белгера гIалгIайн диаспорий, „Вай ду“ цIе йолу нохчийн Европерачу кегирхойн юкъараллий. Цу хиламна кечамбечу жигархойх цхьаъ ву Белгин вахархо Руслан. „Вайга вайн дай-наноша ма дийцара, вай а декхарийлахь ду вайн берашна цу бохамах дерг дийца, царна иза диц ца далийта“, - бохуш дуьйцу цуо.
Руслан: „ХIора шарахь хIара де тIе кхаьчча, вовшахкхета тхо, вайнахана тIехь йина геноцид а юьйцуш, иза диц ца далийта а гIерташ. СагIа а доккхий, нах сагIехь кхоьтуьйту. Дуккха а нах гулло кхузахь, Белгера хилла ца Iаш, луларчу Голландера а, Германера а, Францера а. Баккхийчара, и хIума шайна бIаьрг гина а, дагадогIуш а болчара буьйцу шайн дагалецамаш“.
Вайнехан жигархойн цхьа тоба къам дIадохийначу дийнахь Авторханов Iабдурахьман дагалоцуш, цуьнан сийна немцойн Мюнхен гIалахь дIагулъеллера. Маршо радио зIене яьлча, Мюнхенехь ваьхна а, кхелхина а волчу цIеяхханчу нохчийн Iилманчин барз тIехь доIа деш, зикар олуш а бара уьш.
Цу тобан декъашхойх цхьаъ вара Германехь Нохчийн Республика Ичкерин векал волу Докудаев Ахьмад. Цу иштта дийцира шайн Мюнхенехь дIагулдаларх лаьцна.
Докудаев Ахьмад: „ХIара Авторханов Iабдурахьман вайн къам дIадохийначуьра цIадерзадайта гIерташ вуно чIогIа къахьегна ву, шеца масех накъост а волуш. Иза дага а лоцуш, иштта дIадохийча кхелхина болу вайн вежарий-йижарий а дагалоцуш, царна массарна а тIера сагIа а даьккхина вай.
ХIинца кху Iадрахьманан коша тIе хIиттина ду тхо, цунна еса а доьшуш, доIа а деш. Цунна тоьшаллаш дан йоллучу Европера баьхкина дуккъаъ къонахий а бу кхузахь“.
Иштта дуккъаъ нах гулбеллера шота дийнахь Парижехь а, Хельсинкехь а, Ослохь а, кхин цхьа могIа кхечу гIаланашкахь а, вайнах дIабохор дагалаца.