Чечнара цIера а волуш, ша хIинца, Астрахань кIоштехь вехаш волчу Мусаев Нажмуддинан, цуьнан вешан Сесбекан, цхьа а шеко яц шаьшшиъ Оьрсийчоьнан тIаьххьарчу паччахьан, тIаьхьенах хилар. Цуьнна суьрташ а, шай доьзалан кхоллам а, шай денна, Николай шозлогIачуьнна кIента Алексейн кхоллам а балабо тоьшаллийн.
Дукха хан йоцуш Соьлжа-гIалахь дIаяхьанчу зорбан-конференцехь дIакхайкхинера и хIума. Большевикаш тоьпаш а тоьхна хIаллак йинчу Николай шозлогIачуьнна тIаьхьенах ву бохучу нахахь, 82 ву Мусаев Нажмудди а, цуьнан ваш Сесбек а.
Цу тайпа шаьш Оьрсийчоьнан тIаьххьарчу паччахьан уллера гергарло долуш бу бохучу, нахахь хIун башхаллаш йолуш ду, аш далош долу тоьшалша, аьлла хаттар делира Мусаев Нажмуддига, Маршо радионо.
Мусаев Нажмудди: « Алексей-Николай шозлогIачуьнна кIант-тхан да ву. Тхоьца иза ваьхна а ву. Иза дийца йиша йоцуш, дикка хан дIаяхна. I983 шарахь, ша хIинца къанвелла, ша кхин хене ца вала волу, аьлла ша ишшта а ву шуна, аьлла къамел дина тхоьга. Францийн а, ингалсан а, немцойн а мотт а буьйцура цо. Вай фамилии Романовна хийцахьара аш, вай нехан фамилийца дехаш ду,иза вай ларйинера. Ша кхаьбначеран в уша, Мусс лелийна иза. Ишшта ду хьал».
I9I8 шарахь, Екатеринбург гIалана йистехь тоьпаш а тоьхна байина лоруш бу паччахьана доьзал а, церан лай а. Амма, Мусаев Нажмуддис дийцарехь, Николай шозлогIачьунна кIента Алексейн аьтто баьлла цигара дIаваха, аьлча а, шайна тIехьожучу цIечу коммисаран ахча а делла, иза кIелхьарваккхийтина Николай шозлогIачо. Ша дIаваха лууш вацара, амма, цо тIе а чоьвхина, омра а делла, шега иза дайтира бохуш дийцина, Мусаев Нажмуддина дас, Алексей ву бохучо.
Мусаев Нажмудди: « Шен дас, ша тIе а кхайкхина, элира боху, хьо дIаваха веза аьлла. ша муха гIура ву, аьлла, доьхьалваьлча, шена омра деллера боху цо. Шен гIадюккъе, дашо ахчанаш а дихкина, шен могIар а делла цо. Шена омра делча, ша чин долуш волун дела, дIавахар ша боху цо. Адама доццучу вахьвелара ша. ХIинца, хьан ма лаара ваха, аьлла, дIавахийтира ша боху оцу коммисаро. Ишшта цигара схьадогIуш ду-кх, Алексей тхан да хилар».
Веха лелла боху, Iожаллах кIелхьара ваьлла волу паччахьан кIант Алексей. Цхьаннахь иза тIеэцна ца хилла, амма. Нохчийочхь доьххьара тIеIоттавеллачу стага, иза шеца дIа а вигина, цунна шен тайпан цIе а, фамили а елла, лелийна, боху Мусаев Нажмуддис.
Мусаев Нажмудди: Дозаналла дехьвала а аьлла цуьнга оцу стага. Амма цуьнах гIуллакх ца хилла. Украинехь а Iийна иза. Чу вахханчохь вуьтуш а ца хилла. Нохчийчу кхаьчча,ша дуьйцург кхеташ цхьа а вуй кхузахь аьлла, хаьттича, цунна Мусс тIевалийна. Шен къа бала белхийча, цо иза шен вордан тIе а хаавой, Ведан кIоштехь, Заозерное олучу оьвла дIавигина хилла. Цигахь I2-I3 шарахь, кхиина цо иза, шен кхечанахь вина кIант ву бохуш».
Шайн цхьа а шеко яц, шаьш Николай шозлогIачуьнна кIента бераш хиларна Мусаев Нажмуддинан а, цуьнан вокххохчу вешан Сесбекан а. Амма, дуьненна иза дIадовзийтархьам, Японехь ДНКан экспертиза яьккха а дагахь а бу уьш.
Мусаев Нажмудди: «Цхьана юккъана, ца хIуттуш лийлира тхо. Амма хIинца бакъо яьлла РомановгIеран тIаьхьенах, юхбахка. Ша верг ву алар эхь долуш хIума а дац. Цхъана агIора, нохчашна, тхо ишшта ду аьлча, ма дог дера ду-кх тхох, тхан нахана, ма чам бера бу-кх тхох бохуш, ишшта хенаш а яьлла.
ТIаккха, зама сиха йоьдуш а ю.Японехь Оцу Нагай бохуш ву цхьа профессор. Цо Оьрсийчохь бина болу талламаш даре ца бина. СО жзима валхьарий, со лелара вара, амма, цигахь лаккхарчу тIегIан тIехь ю цу тайпа экспертиза.
Японе ваханчу хенахь, Николай шозлогIчуьнна тIелатар дина хилла. Цхьана японхочуьнца дов а даьлла, тарраш тIехь летта иза. Цигахь чов а йина тхан дедена. Цигахь цIий а долуш хIумш музейхь ю.Циггахь анализ айо цара. Иза цигахь дIаелчхьан, долуш ду-кх хIара хIума. Тхуна иза бакъ дуйла хууш ду»
Доьххьара оцу МусаевгIеран доьзалах лаьцна хзIума гIардаьккхинарг ву, нохчийн фотограф Садулаев Муса. Шена Мусаев Нужмуддис дуьйцучуьнах хетарг, элира цо.
Садулаев Муса: «Дуьххьара суна моьттинарг дара, коьртан галваьла-м вац теша аьлла дара. Амма, цхьа галваьлча а, ши ваша галволийла ма дац аьлла дара. Дечу къамелашца, цецвала хIума дара. Уьш могуш хилар а гуш дар. Цесаревич жима волчу хенахь хилла долу сурт а, кхеран суьрташ а, чIогIа цхьана догIуш ду. Цецвала хIума ду иза».
ХIокху исторехь, дуккха а хIумш ду, къастонза. Атта цу тайпа, хиал ца мегачу хIумнех ца тешачу нохчашна, цхьа хIума хаа, шай билгала нохчийн орамаш а болучу стага, шен къомах иза дIахедар вац, иза мел сийлахьчу паччахьан тIаьхьенах ву бахахь а.