ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭгIашбетана гергахь кхалхале Элимхажиев Аюба Маршо Радиоца дина къамел (юьззина верси)


Нохчийчоь -- Веданан лаьмнаш, 2012
Нохчийчоь -- Веданан лаьмнаш, 2012

Еарийн Iуьйранна а, делкъехь а, Iедалан ницкъаша гоне лаьцна волу ша а, шен кхин ши накъост а кхалххалц йолчу юкъанна Маршо Радионан редакцица телефонан зIенехь Iийра Iаьларара тIемало Элимхажиев Аюб (Хьамзат). Иштта дара цо тхоьца дина къамел.



Ша Веданан лаьмнашкахь а ву, шайн цхьа накъост, амир Абу-Малик (Хушалаев Адам) жимма хьалхо тIематасадаларехь дIакхелхина, ткъа ша а, шен кхин цхьа накъост а (Мутушев Зелимха) гонехь а ву, бохуш, дийцира Маршо Радионе Элимхажиев Аюба.

Сарахьо даиманенна дIасецира тIемалочуьнца лаьттина зIе...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG