Нагахь санна берана доьзалехь ницкъ беш белахь, цунна етташ я кхечу агIор цуьнан бакъонаш хьоьшуш елахь, дега-ненега хаьттина а доцуш, доьзалхо цаьргара схьа а ваьккхина, дIавига бакъо ю цуьнан белхахойн. ДIадигинчул тIаьхьа и бер, я Iедало Iуналла дечу юкъарчу Iойла дIатардо, я керлачу, хийрачу доьзале кхиадайта дIало.
Эзарнаша меттигерчу а, тIебаьхкинчу къаьмнех болчу а дай-наноша харцонаш лелорна а, низамаш доха а деш, нехан доьзалш хIаллакбарна а, хийлаза цхьа а бехк боцушехь, еккъа шайн шеконашна я моттаргIанашна тIе а тевжаш, бераш доьзалера дIадахарна бехке еш ю и хьукмат. Дукха латкъамаш а бу цуьнан балхана дуьхьал дай-наноша бина.
Дера, цу латкъамех, кхеташ ма-хиллара, массо а бух болуш бац, хуьлуш хуьлу Барнаварно дIадаьхначу берашна боккъал а доьзалшкахь ницкъ беш. Амма цуьнца цхьаьна, кхелашкахула тIечIагIдина а долуш, Барнаварно бехк боцучу дай-наношка харцо йийцина хьелаш а дуккха ду. Дукха адвокаташ а, юкъараллин жигархой а бу шаьшна, норгхошна юккъехь а, цу хьукматан балхана дуьхьала къахоьгуш.
Уггаре а лазаме цу хьукматан болх баран башхаллаш ловш болчарна юккъехь дуккха а нохчи а бу. Масех бIе нохчийн доьзал бу, цигахь бехачу вайнехан диаспорин векалша чIагIдарехь, йолучу Норвегехь бераш дIадаьхна. Шота дийнахь Ослохь Норвегин урхаллин гIишлонна хьалха Барнаварнан харцонаш совцаяре Iедале кхайкхам арабевллачу меттигерчу бахархошна юккъехь бара вайнах. Танзила цIе йолу къона зуда а яра цаьрца, шегара ши шой, ах шой хьалха 5 бер дIадаьккхина йолу. Цуо Маршо радиога дийцира шайн дуьхьалонан акцех лаьцна.
Танзила: „Кхеран урхалле а, элин цIарах а кехаташ яздина оха, тхайца йийцина йолчу харцонах лаьцна. Цкъачунна жоп кхаьчна дац. Кхузахь тахана дукха нохчи бу гулбелла, бераш дIадаьхна болу. Норвегерчу нохчийн йоккха проблема ю, хьалха ваьлла цхьа а стаг ца хилар, диаспорин цIарах и гIуллакх айдина, дуьйцуш. Иштта я цхьа вайн къоман цхьаьнакхетаралла хилла а, хьалхаваьлла цхьа стаг хилла а гIуллакх хилча, пайдехьа хир дара аьлла хета суна, цу харцонна дуьхьал къийса“.
Танзилин шен пхи бер, дас-нанас туху аьлла, дIадигина ду Iедалхоша. ХIетахь дуьйна уьш юхадерзон гIерташ, хьуматхоша бох-бохург а деш, къахьоьгуш ю ша бохуш дуьйцу цуо, амма хIоразза а керла-керла пайдабоцу бахьанаш а лоьхуш, доьзал цIаберзон ца туьку шен Барнавернера белхахой, бохуш.
Танзила: „Сан пхи бер доьзалехь царна етташ ю аьлла дIадаьккхина ду. Соьга аьллера Барнаварнерачара, нагахь санна хьо хьайн майрчух дIа а къаьстина, цу берийн дола дан лууш елахь, оха хьоьга уьш юхалур ду аьлла. Ас иза а дина, амма бераш юхалуш дац суна.
ХIоразза хIара иштта дац, важа вуьшта дац бохуш, бахьанаш кардо царна. Уьш дIадаьхна хIинца ши шой, ах шой кхочуш ду. Суна уьш кхаа баттахь цкъа гойту, шина сохьтана. Сан воккхахволу кIант могуш воцуш ву, иза мукъане а жимма алсамох гайтахьара аьлча, иза а ца до“.
Танзила санна шен доьзал юхаберзон сатуьйсуш лелаш ю Норвегера Адамова ПетIамат а. Цуьнан I4-тий, I7-ий шо долу ши йоI Барнаварнан белхахоша дIайигина ши бутт кхочуш лаьтта. Цу дийнахь дуьйна цкъа а гина а яц цунна и шиъ. ПетIамата дуьйцу.
Адамова ПетIамат: „Сан йоIа ишколехь шена шен вашас туху аьлла боху цара. Иза ду далош долу бахьана. I4 шо долуш йолу цхьаъ, хIинца I7 шо кхача дезаш йолу шозлагIниг – ши йоI дIаяьккхина соьгара, суна и шиъ кхин гайтина а яц. Цаьрца зIе ян гIортахь, ур-аталла урамехь и шиъ йогIуш гича со цаьрга йистхилахь, чуйуллур ю аьлла соьга. Йоккха харцо ю соьга цара юьйцуш ерг“.
Норвегера берийн бакъонаш ларйаран хьукматан болх цу пачхьалкхал гена арахь а дика бевзаш а, вуо буьйцуш а бу. Ур-аталла кхечу пачхьалкхийн президентийн а дезна церан балхана критика ян а, цара дIадаьхна долу шайн бахархойн бераш юхадеха а.
Чехин президенто Земан Милошс масех бутт хьалха Барнаварнан болх нацин заманчохь дай-наношкара схьа а дохуш, берех „арихойн расина“ чкъор кхиош хиллачу немцойн Лебенсборн хьукматан балхаца буьстира, чехойн зудчуьнгара ши бер дIадаккхар бахьана долуш. Ткъа бIеннашкахь бераш дIадаьхна бисинчу нохчашна тIе а хIоьттина, дош ала цхьа а да вац.