Польшехула Европе кхача арабевллачу Нохчийчуьрчу мухIажирех 6-7 эзар стаг сецна я сацийна полицино, царех доккха дакъа депортацин лагершкахь кхобуш а ду. Нохчийн мухIажирийн лагерш ю Белостокехь, Безволехь, кхечу массех гIаланашкахь.
ХIинца тIебаханаш хьовха, бухахь иттех шо доккхуш беха нах а бац Польшехь тоъал дахаран хьелашка кхаьчна. Иштта дуьйцу Польшерчу нохчийн диаспорин куьйгалхочо.