Масех де ду Нохчийчоьнан дозанехь йолчу Соьлжан кIIштахь эскаран а, полицийн а ницкъаш и операции йолийна.
Ломаца йолчу Даьттахана а, ЧемулгIана уллерачу хьаннашна тIеетта яьккхий тоьпаш, бомбанаш. Чохь пилот воцу кеманаш ду "болх беш".
Кху кIиран юххьехь ХIирий-махкаца долчу дозанехь пхийттех стагах лаьтта тIемалойн тоба тусаеллча а дира ишшта тохар. Гучубевлла гIаттамхой хIаллакбарх гIуллакх ца хиллачух тера ду.
Соьлжан кIоштахь тIемалойн тобано ша юйла хоуьйту дикка хан ю. Ши кIира хьалха цигахь, тIеман машенийн коврана тIелатар а дина, вийра ялх меттигера полисхо. ХIинца, оцу кIошта деттачу герзан гIовгIа хеза луларчу Нохчийчохь а.
Маршо Радиога цунах лаьцна дийцира СемаьIашкара вахархочо Нурадис. Цо чIагIдарехь, меттигера бахархой саготта бу, хуьлуш дерг хIун ду ца хууш.
Нуради: "И эскар а даладой, гIовгIа йоккхий, я гуьржий бу чубогIуш я доза доккхуш ду теша вайнаха вовшах а леташ, бохуш, стенгахь хIун ду ца хууш, дуьсу адамаш. Етташ яккхий тоьпаш ю, ишшта хIаваъкеманаш а ду ракеташ тухуш.
Валлай, ишшта а кхерабелла Iен нах, хуьлуш дерг хIун ду ца хууш, оцу агIор дIахьоьжуш Iа-кх. Тхан юьртара нах-м дIабаха а гIерташ а бу. Вуно яккхий бомбанаш йолчух тера ду уьш. Кхузахь кораш а, неIарш а егайо цара йоккхучу гIовгIано".
Оцу юкъанна, Соьлжан кIоштахь дIахьочу операцин боларшка хьажа ваханера ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Низамхойн урхаллийн куьйгалхошца цигахь дIадаьхьанчу цхьанакхетарехь цо царна тIедожийра хьаннаш тIемалойх ма хуьллу сиха цIанъяр.
Шех операцех а, цуьнан жамIех а лаьцна кIезиг дуьйцу, аьлча а, дийццане а ца дуьйцу официало, хIоттийначу Iалашонца дIабоьдуш бу и болх, бахар доцург.