Закаев Ахьмад: «Валлай, оцу цуьнан дастаме хΙуманех кху иттех шарахь нах бола а боьлла, хан мел йолу а дастаме даларрий бен, кхин хийцалуш хΙума а дац. Тахана мехкан хиндолчух а, долчух а, массо а хΙуманна а ша верас ву, бохуш, Ιеш волу стаг, жимма а шен метте ладугΙуш хилча, жимма иза юхаузуш хилича бакъахьа вара ван-м.
ХΙинца цуьнан гΙуллакх муха ду аьлча, оцу кошара гΙаьттина шен ворххΙе а да дΙахΙоттахь а, кхузара со цΙа а веана, ас шена «алла-уч» ца аьлча, дац, оцунах тоам ца беш, и ду-кх оцу стага леош дерг дерриг а. Ткъа иза, хΙара дуьне дозуш а долуш, иза велча а, со велча а, массо а велча а хиндолу хΙума а дац.
Цунах дог а диллина, и хилла доцу, лелла доцу хΙуманаш, и пайда боцу хΙуманаш а ца дуьйцуш, ша хилахь, куьйгалхо а хилла, ша бахь, шен болх бина а, шена оцу Путина еллачу заманчохь, дуй – цуьнца бен цуьнан и ян а яц, цо елларг бен – ΙадΙийча бакъахьа вара-кх и стаг.
ВаллахΙи, ца тоьхна ас цуьнга цкъа а телефон! ВаллахΙи, цкъа цу стаге я со цΙавогΙур вара я со цΙаваийта, аьлла, цкъа я цуьнга а я цуьнан цо ваийтинчу стаге, цхьана а стаге, аьлла дош ма дац ас. ВаллахΙи-биллахΙи-таллахΙи – беза дуй бу-кх иза! Цкъан-цкъа аьлла-м дац.
И нах тешаш а хΙиттош – шеца боьзна болу нах буй, уьш ма буй цо тоьшалле хΙиттош – цкъан-цкъа цаьрга я со цΙавогΙур вара а, я со цΙаваийтахьара а, ас аьлла хΙума дац цаьрга. ХΙара гΙуллакх дΙадерзадайта бахар доцург.
ХΙара гΙуллакх дΙадерзадайта, тахана Абхазехь долу хьал, Косовехь долуш долу хьал а, тΙаккха, ша Оьрсийчохь хΙоьттина долу хьал а, и хΙума тидаме а лоцуш, хΙара дΙадерзо чΙогΙа аьтто бу вайна. Тахана хьуо хьалхахь висий а, хьайн ворххΙе а да хьалхаваккхий а, хΙара, политически агΙор цхьа некъ а карабай, дΙадерзадайта, тΙаккха цΙавогΙург цΙа а вогΙур ву-хьуна, Ιийриг Ιийр а ву-хьуна. Суна болх а ца оьшу-хьуна, дарж а ца оьшу-хьуна. И къамел доцург, сайна тΙеваийтинчу стаге ас дина къамел ма дац».