50 шо хьалха, Кавказ оьрсийн кога кIел яхча, лоллехь баха а ца лиина, ДегIастанах къаьстинчу вайнахана карийначу маршонан гΙайренех цхьаъ ю Урдун. 33 тайпанах схьабевлла бу цигахь беха 20 эзар гергга болу нохчий. Доккхачу декъанна жуларшкахь беха Iамманехь, Заркъехь, Сухнехь, Сувейлехь. Нохчашна шайнна къастийна ши меттиг ю Урдунерчу парламентехь. Гоьбевлла нохчий: инарлаш БатΙал Сайед АбулатΙиф, Ιалауддин Арслан Ахьмад, ИсмаьΙал Башир Мухьаммад, Ахьмад Рамзи. Политикехь лаккхарчу даржашкахь Ιийна – парламентан гΙуллакхийн министр Джамо Ιабдул-Бакъи. Юкъарчу белхийн министр лаьттина Юнис СаΙид Бено. ГΙарабевлла нах уьш боцурш а бу Урдунерчу нохчашлахь – политикаш, юкъархой, журналисташ. Массеран а юкъара ламаст ду дайн гIиллакхаш лардар, ненан мотт безар, бухарчу къаьмнех дΙа ца уьйш, шайгара нохчалла Ιалашдар. (Cурташ вовшахтоьхнарг - Бакир Iабдулхьамид, Маршо Радионан Малхбалера корреспондент).