Кху тIаьхьарчу хенахь хIора шарахь дагалоцу Урдунерчу нохчаша вайнах махках баьхна ирча де. Кху шарахь а Чиллан-беттан 23-чу дийнахь цхьаьнакхета дагахь бу уьш Iамманехь, Оьрсийчоьнан векалаллина хьалха. ХIара сурташ стохка даьхнера тхан корреcпонденто Бакир Iабдул-Хьамиида.