Хиль Эдуард гIарваьлла вара Брежневан зама йолчу хенахь. ЦултIаьхьа тIап аьлла вайра иза, цхьаболчара дийна вуй-те иза бохаш хеттарш а даш. Амма кху деношкахь цхьана мила ву ца хуучу стага интенетан Ю-Тюб агIонтIехь гучуяьккхира цо цхьана хенахь лекхна йолу йиш.
1970-чу шерашкахь лелош хилла йолу, мокха кримплинан костюм а йоьхна, даьтта хьакхна, шарйина месаш а йолуш, цхьа тамашийна къежарца локхуш ву иза цхьа а дош доцу «Со ирсе ву, сой эххаре а цIа воьдаш хиларна» цIе йолу йиш. Дешнийн метта цо бохуш дерг бахьана долуш, Малхбузерачу ладогIархоша цунна цIе тиллина мистер «трололо» аьлла.
ПетербургIехь волчу Хиль Эдуарде телефонехула цуьнан йиша цхьа кийсак ала хьара ахьа аьлла дехар деш, хууш дара, цо иза йиш дуьххьара лекхна 44 шо даьллехь а, цуьнан дешнаш цунна диц делла хир доций…уьш доцун дела.
Ц1еххьана юха гучу яьллачу цу клипо эзарнаш керла ладогIархой гучубаьхна кху дуьнентIехь.
Кху тIаьхьарчу шина-кхаъа кIирнах 4 миллион сов стаг хьажна Ю-Тюб тIехь йолчу цуьнан клипе. Эзарнаш наха Хиль хестош дешнаш а дитина, комментариш йеш. Церах дукхах болчара дехарш до цу воккхачу стаге, хIинца кху дуьнетIехь эшаршлокхуш турне яхьара бохуш.
Цу хеннахь, кху деношкахь Хиль Эдуарда керла шен видеокъамел дIахIоттийна Ю-Тюб чохь, ладогIархошка цу йишна дешнаш язде аьлла. Хиль бахарехь, хIора пачхьалкхехь хIора къомах болчу наха шен кепара тIе оьцуш хир бу цуьнан мукъам. ТIкъа цуьнах йоьзна хир ю цара язйийра йолу тексташ а.
Хиль Эдуардах тарлуш клипаш яха буьйла белла цуьнан эшар хазйелла болу нах. Церах цхьаъ ю Испанерачу кегийрахоша яьккхина. Иза шена ч1ог1а хазахийтира бохуш дуьйца Хила.
«Цара цхьа хаза клип яьккхина, Со хазанехасанна чIогIа вийлира цуьнах. Цара костюм а тегна леррина, сайчух тера. Иза сох тарвала а гIерта, ас лелийнарг лело гIерташ. Цара иштта юьйцина аьчган керт а йина, суна тIехьа гуш хилла йолу. Суна цара цу кепара самукъадаккхар хаза хета».
Хиль Эдуарца лекхна йолу и йиш 1966-чу шарахь язйинарг ву Советан пачхьалкхехь вевзаш хилла волу композитор Островский Аркадий. Амма цуьнан дешнаш а дара. Цу йишо юйцуш йерг яра Джонни цIе йолчу стеган истори. Иза говрахь вогIуш ву 1амерки «прери» олучу аренехула, шена йезаш йолчу, цIахь, тIергIа пазаташ а йеш, ша цIа варе хьожаш Iаш йолчу, Мареме къамел а деш.
Амма Хила а, Островскис а и дешнаш дIадаха сацам бира, уьш советан цензуро илла а, билла а чекхдовлуьйтур дац аьлла. Тахана цо шена дага ца догIа бах, цу кепара шена гонах Iа яьккхина кхин йиш хилар. Шен йиш нахана хазахетни Хиль Эдурдана хиъира иза цуьнан 13 шо долчу къента-кIанта шега аьлча.
«Сан кIента-кIанта Эдуард-жимчо элира соьга: «Дада, Интернетехь массерна а хьан йиш йоьвзаш ю, массо а пачхьалкхашкахь, Японехь а, Ингалс-пачхьалкхехь а, Iамеркехь а. Цара майканаш а ю юхкуш» аьлла».
Кхеташ дац, цу бессара хIу хазаделла нахана Хиль Эдуарда локхуш йолчу йишехь. Амма мухха а далахь, цо Интернетехь яьккхина йолу гIовгIа лахлуш яц.
«Фэйсбук» олучу интенет аг1онна т1ехь 40 эзар стаг ву цунна тIе тидам бахийтина вехаш. ТIкъа цхьаберш х1инцале а йохка буьйлабелла «трололо» олу атрибутика. Цу клипана тIе тидам бахийтина пайда оьцуш бу дуккха а Малхбузера пародисташ.
Амма Хиль баш курваьлла а вац, цу кепара ша юха а гIарваларх.
«Суна чIогIа хаза хийтира, амма со цец ца велира, хIунда аьлча, иза баккъалла а хаза мукъам бу. Со гIоьртира иза дахар хаза деш хилийта. Цхьа ша тайпа маьлхан кхолларалла цуьнах хилийта. 1966-чу шарахь иза язйина ялахь а, хIинца иза ю кхузаманахьлера йолуш санна».
Малхбузерачу ладогIархошна Хиль хIинцца бен ца вевзанехь а, иза дика вевзаш ву хьалха Советан пачхьалкх хиллачу территори тIехь. Советан Iедало цIе тиллинера цунна «Халкъан Артист» аьлла. 1970-чу, 1980-чу шерашкахь иза гастролашкахь хилира 80 сов пачхьалкхехь.
Советан пачхьалкх йохарца Хила дIайерзийра шен карьера. ЦултIаьхьа масийтта шо даьккхира цо Парижехь, оьрсийн ресторанехь эшарш лоькхуш. Юха Хиль ца вирзира Оьрсийчу.
Хиль Эдурдан кхолламехь цIеххьана хилла долчу голатохаро аьтто бо цуьнан 1990-чу шерашкахь йитина йолу карьера юха дIайоло. Т1аьхьарчу хенахь масийтта советан зама йолчу хенахь хилла болу музыканташ гIарбевлира Ю-Тюб бахьана долуш. Церах цхьаъ ву Чехера эшаршлакхархо Младек Иван. Цо Прах1ерачу бахархойн дахарх лаьцна дуьйцуш йолу йиш гIарйелира кхо шо хьалха.
(http://www.youtube.com/watch?v=S3tG1X5ewAg)
Ю-Тюбо аьтто бина хьалха бевзаш хилла боцучу музыканташна цхьана дийнахь гIарбовла. Церах цхьаъ ву 28-шо долу оьрсийн къомах волу архитектор Налич Пётр. 2007-чу шарахь видео йиллира цо Ю-Тюб чу, «Гитара» аьлла цIе йолу йиш ша локхуш яьккхина йолу. (Http://www.youtube.com/watch?v=AOzkN8dHnjk)
Налич а, цуьнан доттагIий а, тоба вовшах а тоьхна, дакъа лаца кечлуш бу «Евровизион» олучу эшарийн къовсамехь.
Хиль Эдуардах лаьцна аьлча, цо ша кхеташ ву бах, шен шолгIа гIарвалар шен зил болуш хиларх. Цундела, Интернетехь ша гIарвалар, дукха чIогIа тIе а ца оьца ша бах цо.
«Кнопка тIе ма таIIийна, хьо дIавола цу чура. Кхана кхин гучу вера ву. Иза ду-кх Интернетехь гIарваьлла хилар».
(ХIара материал эфирехь хилла 03 26 2010)