Канадехь тхов-кIело еха яханчу Магомадова Асетана цкъа а дагахь хилла хир дац, тIамах лардеш, цIерадаьккхинчу шина берах цхьаъ, шен ден дезар ду аьлла. Амма, 14 шо долу йоI Амнат аьллир тIера дIаяьллера. ХIокху деношкахь Канадехь дIахьучу кхелан хIора кхеташоне йоьдуш, канадерчу Калгари ХIералд газетин журналист Фортней Ваьлери. Маршо радиоца телефонехула къамел деш, кхелехь Амнатах лаьцна шена хезнарг иштта дийцира цо:
Фортней Ваьлери: Соьгахь йолчу информацица, цуьнан йоI наркотикаш лелош хилла. Тхан кхузахь болчу кхиазхоша а леладо цхьацца, вуочу тобанех бетталуш хIуманаш, цо а лелийна изза. I8 шо хиллачу кIенташца арахула яьлла лелла, йоцу юбканаш лош а хилла. Иза а хилла девнан цхьа бахьана. Оцу йоIа, ур-атталла, шен хьехархо а сийсаза йина. Оцу школера араяьккхинера иза. Кхеле а кхайкхинера иза и бахьанехь. Вуно чолхе йоI хилла иза. Цуьнан нанна ца хиъна ша цунна хIун дан деза.
Маршо радио: Магомадована набахтехь даккха шийтта шо доьхучу Паччахьан Кхелан Прокурорана Вомберг Макана хетарехь, ша схьакхаьчначу керлачу пачхьалкхо кховдочу дуккха а таронех пайда ца эцна зудчо.
ХIун таронаш ю прокуроро хьехош ерш аьлла хаьттича, Фортней Ваьлерис элира:
Фортней Ваьлери: И йоI еле 50-зза синIтакъаман говзанчица цхьанакхетар хилла Асетан. ГIо-м дина цунна. Говзанчех цхьаммо дийцинера и зуда шен заьIап кIантаца лара ца луш хилла - лоьрашна тIе лелош а, кхузахь яха гIерташ а. Боккха бохам бу и кхузахь. Канада, иммигрантийн пачхьалкх ма ю. Социалан гIо до оха тIебаькхинчу нахана. Шен махкахошна вуно чIогIа гIо лоцуш йолу, дика пачхьалкх ю хIара. Амма, цкъа-цкъа, меттан а, културин а барьераш бахьанехь, нахе нуьцкъала гIо лаха олийла ма дац.
Маршо радио: Оццу хенахь, кхел дIахьуш берш кхеташ бу, Нохчийчура едда, шайн махка еанчу зудчуьн проблемех а, уьш дуккха а кIорге хиларх а. Ур-атталла, суьдхочо Ловеччио Сала а аьлла, Магомадова набахте хьажон дезарна чIогIа холчехь ву ша.
Магомадова Асетан кхо класс бен дешар дац. Цуьнан ког, голел лаккхалц дIабаьккхина бу, Нохчийчохь бомбанаш кIел нисъелчул тIаьхьа. ЦIийнда а, тIамехь вийна. Карахь заьIап кIант ву. Оццу еха Канадехь ехаш, меттигера мотт ца Iаьмна цунна. Фортней Ваьлерис дуьйцу:
Фортней Ваьлери: Цуьнан ингалс мотт чIогIа ледара бу. Кхелехь цунна гIоьнна латтош гочдархо ву. Ур-атталла, шен мотт а цо башха дика ца буьйцу бохуш хезна суна. Асетан хьекъалан барам толлуш, Канадерчу, уггар а хьекъална эшна болчу, цхьа процент нахана юкъаяхана иза. Калгарерчу килсанашкара тоба яра цунна гIортор еш. Тхан цхьанне а аьтто ца баьлла цуьнца шецца къамел дан. Цуьнан йиша Лайлаъ хуьлу цуьнца даиманна кхелехь. И ши зуда цхьаний еана ю Канаде шайн берашца.
Маршо радио: Схьагарехь, културин башхаллаша а холчу доккху, ишта а чолхе долу кхелан гIуллакх. Шайна ца хаьа элира Канадерчу журналиста, ишттачу хьолехь, нохчаша хIун дийр дара:
Фортней Ваьлери: Кхел йоьдучу юкъанна чIогIа чарпе яра иза. БIаьргех хиш довлара цуьнан. ЙоI кхалхарца доьзна шена чIогIа халахеташ хилар дIагайтира цо. Прокуроро боху, иза боккъалла а дохко яьлла хилар ца гина шена. Тхан, цуьнгахьа къуьйсучу адвокато бахарехь, маттаца а, нийса ца кхетарца а, културин башхаллашца а доьзна хIума хила тарло иза. Канадерчу стага и саннарг динехь, цо ала тарлора, чIогIа дохко ваьлла со бер дерна, аьлла. Асета иза ца даьлла. Тхуна, канадахошна ца хаьа, иштта хаьл хилча, нохчаша хIун эр дара.
Маршо радио: Нохчийчохь тIом хилар а, цигахь къизаллаш йо бахар бен, канадахошна кхин геннара ца девзачух тера ду, масех эзар чаккхарма генарчу махкахь хуьлург.
Ца хуучух тера ду, шайн бала дIабалхон а, кийра бассон а нохчий Iемина ца хилар.
Вуьшта-м, културин башхаллашца а, боккхачу хIордал дехьа я сехьа йолчу пачхьалкхехь вахарца йоьзна яц, дай-нанойн а, берийн а чолхе юкъаметтигаш. Таханлерчу дийнахь-м хIете-вете а.
Европин юккъерчу, уггар а хаза лоручу ПрахIа-гIалахь ехаш ю Оьрсийчура Новособирскера кхуза яха, шийтта шо хьалха схьакхелхина йолу Анна. Оцу товш, лелар оьзда долчу зудчуьн ю эр дац, мерах а, цкъоцкъамех а чIагарш йоьхкина йолу йоI. I5 шо долчу Настин месаш кIарула Iаьржа ю. Нанас дийцарехь, цул хьалха уьш баьццара а, можа а, сийна а хилара. Цу тIехула тIе, багара йоккхуш яц сигаьрка. Ткъе шийтта шо долчу Аннас дийцарехь, цуьнан йоI цхьана дийнахь ца хийцаелира:
Анна: Хала хеташ делахь а, жим-жима буьйлабелира хийцамаш. Амма, теша хала дара, хьан бер, ахьа олу цхьа дош тIе ца лоцуш, оцу кепара хьан муьтIахь долчура дIадолуш хиларх. МАсала, хIора Iуьйранна ахча дехара цо соьгара делкъе ян. Нагахь санна, цо аса аьлларг ца дича, аса цунна ахча ца лора. ТIаккха цо соьга алара "ахча ца лой, со школе ца йоьду". Школе яха а ца йодара. I5 шо кхаьчна йоI лаьтта хьуна халха, ахьа ахча ца делча школе а ца йоьдуш. Ца йоьду. Яха ма ца йоьду.
Маршо радио: ЙоIаца дерг къасто гIертах, диллина дов хилара шайн бохуш дуьйцу Аннас:
Анна: Дов, хаддаза дов хилара. ХIума тухуш меттиг а хилара. Амма, цунах гIуллакх ца хилара. Са-м ца хилара цунах гIуллакх. Суна чIогIа акха хетара иза. Акха маца дара? Дера дара, тIаьхьа цIа еана ца Iаш, гуш-лаьтташехь, мелла а йолуш иза цIаеъча. Къаьхьа де дара. Кхин а гена даьлларг хIун дара? Цкъа-цкъа, кхетам чохь а йоцуш ягIара иза цIа.
Маршо радио: Юьхьанцара, йоIаца бийца мотт лаха гIиртина Анна.
Анна: Даиманна буьрса яра. Цуьнца къамел ца далора соьга. Айса хIун дан деза ца хууш со а йиснера. Иза иштта ган а гуш, айса цунна хIун деза те олий йисара со. Къамел дан гIертарх гIуллакх ца хилара. Сан догиэтIаш дерг хIун дара, жим-тIама кегий хIуманаш ма дацара сан сагатдеш дерш. ЛортIехь доцчу хьолехь цIаеанчу йоIа аса хIун дуьйцур дара? Олуш хаза дацахь а, аса цунна хIума-м тухур ю. Амма, шолгIачу дийнахь а изза до цо. Дера, ойланаш ян ма йира аса - хьанна тIе яха еза те со олий.
Маршо радио: Тамашийна хетахь а нана полици яхара:
Анна: Iуьйранна хьалагIаьттира со цхьа ницкъ а боцуш. Со полице яхара, тхуна гена йоццуш йолчу могIарерчу полице. Аса боху: "ЙоI ю сан I5 шо долуш. Муьйлуш, сеца ца ло соьга иза". Сан дагахь дара, тIе полицин барзакъ доьхна нах баьхкича кхералур яцара те бохург. Бераш ма дуь уьш, мегар дацара те цхьана агIора накъосталла дан? Шаьш догIур дац, социалан сервисана тIе гIо аьлла, цхьа адрес а, телефон а елира цара соьга. Амма, цига дIа со ца кхечира.
Маршо радио: Лайлаъ Нейдерланд пачхьалкхе еъча, цуьнан ши йоI дейттий-пхийттий, кIант – итт шо долуш вара. Берийн синIаткъаман говзанчийн хьесапехь, уггар а чолхе хан ю иза дай-наношний, церан берашний юкъаметтигаш къастон. Массо а ца бовлу оцу муьрехула кхиамца чекх.
Кхечу дай-нанойн санна, берийн проблемаш шен а яра. Амма, уьш нисъян а, къасто а цхьа некъ бен ца го шена элира цо, Маршо радица къамел деш:
Малика 3
Маршо радио: Цул сов, бераш лелочунна тIаьхьакхиа беза дай-наной аьлла хета Лайлаана. Бер дикачунна я вуочунна тIегIерта, юьххьера дуьйна къасто хьажар тIехь ду дена а, нанна а элира цо:
Малика 5
Маршо радио: Нохчийчура дIабаханчу доьзалийн проблемах лаьцна юкъ-кара цхьацца хаамаш хезачу, Соьлжа-гIаларчу Iедалша, оцу хьолах пайда оьцуш санна хетало. Орамаш а, дIа а тесна, дайн гIиллакхаш дицделла Iаш ду шу цигахь. Малхбузерчу демократино берийн бакъонаш ю бохуш, талхадо шу бераш - бохуш дIахьедар до. Амма, иза аьттехьа а дац аьлла хета Оьрсийчура а, Нохчийчура а шина зудчунна. Махкара дIавахарца доьзна дац иза, доьзалера долалуш ду иза элира Аннас:
Анна: Суна хетарехь, цуьнан орамаш доьзалера дуьйна ду. Со а тоъал зеделларг доцу нана хилла хир ю. Эмиграци - цуьнан бахьана ду-м эр дацара аса. Соьга хаьттича, хIара вайна гонаха долу дуьне ду оцу кепара кхиазхошна а, берашна а, тIеIаткъам беш. Сан йоIах лаьцна аьлчи, оцу клубах а, дискотеках а йозуш ю иза, уьш ца хилча ца мегаш. Сан кхетамехь долу, баккъал а долу дуьне, цунна а, и санна болчу кегийрахошна а ца тов. Оцу клубашкахь сел чIогIа хIун хуьлу суна-м ца хаьа - музыка, къаьркъа, хелхарш... цара "эхI" аьлла дуьне ду олу иза. Ша болу кегий нах ма ца боьлху цига. Делахь а и клубаш йоьттина ма оцу кегийрахойх. Уьш яьсса ма яц. Оцу клубаша царга - сан йоьIан санна кхетам болчу кегийрахошна кхийдош дерг "хIара ду хила ма-деззара долу дуьне" бохург ду. Цу юкъа тасала уьш бIаьрг тохале, цул тIаьхьа царна кхин хIумма а ца оьшу. Уьш муха тешо беза иза дика ца хиларх? Цига бахча царна ишттачех кхин а бIе стаг гуш хилча. "ХIара ма ду баккъал а долу дахар!" олий ма хета царна. Хаза а, тоьлла а!
Маршо радио: Малхбузехь а, кхеченхьа а, кхиочуо, бер кхиадо элира Лайлаа. Нейдерландехь шена гина йолу кхетош-кхиоран процесс йийцира цо:
Малика 4
Маршо радио: Анна а, Лайлаъ а тешна ю, таханлерчу дийнахь берашна а, кхиазхошна а чIогIа хала ду бохучух. Дукха информаци ю цхьа а зеделларг доцчу берашка кхийдош ерг.
Аннас боху:
Анна: Кхиазхойн синIаткъаман говзанчаша жоп лур дара и кхиазхой, цхьана муьрехь, стенга дIагIерта бохучунна. Мел гена бовлу аьлчи, дешар а коьрта долчура дIадолу; спорт а, кхин долу, жигараллица доьзна хIуманаш а мехала долчура дIадовлу. Уггар а ирчаниг, боьханиг, лортIехь доцург - наркотикаш, тонка а, къаьркъа а - царна чIогIа "эхI" аьлла хета-кха. Дукха хIумнаша дог иэтIадо сан. Хаза дIа а хьарчийна, дIакховдош долчу, вуочу хIуманаша эргIадоьхуьйту со. Билггал зудаберашна. Хала къамел ду иза, кIорге къамел ду. Цхьанххьа а хьехош дац къахьега дезар, иза мел беламе хетахь а. И йоI нана хила езарх а, цуьнан доьзал хирг хиларх а. Доьзал - къахьегар дуйла а. И массо къегаш йолу, пайда хIиц-пIицIалгаш... ЙоIаршна тIеIаткъам бо дера цо. Царна иза бакъ ма хета. Мел хаза ду аьлла хета царна, рози басахь сигаьркин бот схьа а йиллина, цу чура юткъа-еха сигаьрка схьаэцар.
Маршо радио: ДIа ладоьгIчи, са яккхарна дуьхьа деш ду и ша-дерриг а. Хазчу басаршца кечдина журналаш арахоьцучу редакторийн бала бац, шаьш хаздина дуьйцу хIума схьалаьцначу йоьIан дахар духург хиларца. Сигаьркаш хазъйина арахоьцучу компанийн куьйгалхоша, боккха мах ло, сигаьркашна, мелла а алсам тидам тIеозор йолу реклама ечарна. Масане ду уьш. Оцу кепара, диканиг кховдор – са йолуш хIума дац. ШайтIан го бу. Кхо класс бен ца яьккхинчу шен нанас шега дуьйцург дош ца хетта хир ду, оццул таронаш йолчу Канаде дIакхаьчначу, I4 шо хиллачу Магомадова Амнатана. Амма, цуьнан шен хьекъал ца тоьъна, доза а доцуш, деша а, кхиа а, оцу пачхьалкхо шега кховдочу аьттонах пайда эца.
Нанас шен бер дер, Iаламат боккха бохам бу. ЧiогIа-чIогIа бахьана хила деза аьлла хета Лайлаана, Магомадовас динчун:
Лайлаъ:
Маршо радио: Канадерчу талламхойн хьесапехь, мел лаххара а, шина минотехь а, эха минотехь а шен йоьIан легаш Iийдина Магомадовас. Кхелан суьдхочо Ло Веччиос билгалдаьккхира, оцу мьурехь нанас тIех ницкъ гайтина хилар. Юристийн дешар дешначу Лайлаа бахарехь, ша-тайпа гIуллакх ду иза. Цунна жоп каро вуно хала ду:
Малика 2
Маршо радио: Таханлерчу дийнахь зудчунна тIехь чIогIа дукха декхарш ду. Болх бан беза доьзал кхаба, чохь а ларо еза, бераш кхио деза. Делахь а, мел онда зуда а кIелюьсур ю элира Аннас.
Анна: ХIокху къизчу дуьненахь зударий лара ма ца бо. Ур-атталла, андий зударий а ма ца ларабо цхьайолчу ситуацешкахь. Суна ца хаьа хIун дан деза. Цхьа центрш ца хуьлу гIоьнна кхоьллина? Лоьрашна дика хаа там бу, оьгIазе, цхьаъ тIедеанчу стага хIун леладо. Амма, соьга хаьттича, дов даьллачу хенахь, лортIехь йоцуш, хIун леладо ца хууш, ший агIо а хуьлу.
Маршо радио: Магомадова Асетан гIуллакхехь шен тIаьххьара сацам Июл (Товбецан) беттан I5-чу дийнахь бийр бу Канадерчу Паччахьан Кхело. Маршо радионо шуна дуьйцур ду цунах лаьцна. Иштта, маршо радионо кхин дIа а дийцаре дийр ду, дай-нанойн а, берийн а юкъаметтигех лаьцна. Телефон тоха тхоьга, шайна оцу программехь дакъа лаца лаахь – тхан номер - I0 42 07 24 0I 98 32