Мухьамадзай Хатулна тIеман исбахьалла еза. Талибан урхалле хIоттале хиллачу ОвхIан пачхьалкхехь леринчу ницкъийн Iаморашкахь хилла а, пхи бIоьзза парашютца кеманна тIера чу иккхина еккъа цхьа зуда ю иза ОвхIан махкахь. Амма гIеметта хIоьттина, овхIанхойн эскарехь уггар а лакхарчу даржехь йолу зуда инарла, машарбархо хила лууш ю.
Инарла Мухьаммадзай ОвхIан махкахь советан пачхьалкхан эскарш хиллачу, 1980-чу шерашкахь дуьххьара гIуллакх дина ю эскарехь. Цул тIаьхьа Талибанан режим йохийначу 2001чу шарахь эскаре юхайирзина.
Тахана Мухьаммадзайс овхIанийн ТIеман Министраллехь беш болу болх а, Iамораш а масала хIоьттина, амбициш йолчу овхIанийн зударшна. И бахьанехь, кхин болу зударий а, зудабераш а эскарехь гIулаккх дан богIург хиларх догдоху овхIанхойн тIеман министралло.
Зудчо йоккха меттиг дIалаца тарло, таханлерчу хьаштийн жоп луш долу, тIеман а, дуьхьалонан а ницкъаш кхуллуш, Iедалша дIахьучу балхахь. Амма вуно шира гIиллакхаш лардечу овхIанхойн юкъараллехь хIумма а атта хир дац, зударий оцу гIуллакхана тIеозо. Ур-атталла, зударий чуьра арабовлийта а реза йоцчу овхIанийн юкъараллехь атта тIеоьцу хIума дац, беккъа божарийн карахь хиллачу эскарехь зударийн лакхабовлийтар а. Делахь а, инарлина Мухьаммадзайна оцу хаттарна догIу жоп чIогIа атта хета.
Мухьаммадзай Хатул: Шен пачхьалкхан хьашташ кхочушдар а, иза ларъяр а массарна тIехь ду. ОвхIанхойн зударийн йиш хIунда яц цуьнан дакъа хила? Дукха зударий бу дуккха а кхечу пачхьалкхашкара тхо долче баьхкина дуьненаюкъарчу ницкъашца цхьана, тхан къам лардан. Ткъа ОвхIан пачхьалкх тхан даймохк бу. Оха хIунда ца деш ду тхайн мехкан хьашташ кхочуш?
Маршо радио: Оццу хенахь, ша оццул лакхарчу даржехь йоллушехь, Мухьамадзай къера ю, тIеман барзакъ доьхна зударий тIеэца кийча боцу дуккха а нах хиларх. ХIетте а, эзарне кхочууш долчу церан терахь алсамдолуш хиларо гойту, зударий машарбархой хилла ца Iаш, цара ОвхIан махкахь цкъа а ца хилларг долийна хилар.
Баханчу баттахь 30 салти-зуда яьлла ялх баттахь тIеман Iаморашкахь дешна. Кабулехь туп тоьхна ю, беккъа зударшна а, зудаберашна а лерина тIеман академи.
Лелон хьашт хир долчу герзийн тайпанаш а, тIеман машенаш а Iамийна цара цигахь. Вуьшта, тIеман хиламашка зударий хьовсорна кIезиг кхерам бу.
ОвхIанийн тIеман министраллин зорбан секретаро Iазими ЗахIир Мохьаммада бахарехь, академин Iалашо ю, тIеман а, дуьхьалонан урхаллашкахь зударшна цхьа моггIа белхаш бала. Дукхах болчу зударийн белхаш стоьлан хьалха хир бу, административан хьашташ кхочушдеш; хIора денна оьшучу гIирсашна тIехьовсуш; кхача кечбечу меттигашкахь а, дарбан хIусамашкахь а.
Дукхах болу зударий-салтий тIамах хьалхабаьхна хир бу бохург дац, уьш мел йолчу халонах ларбина бохург.
Кабулехь болх беш йолчу журналиста МуджахIид Джамилас иштта дуьйцу иза:
МуджахIид Джамила: Цхьа моггIа проблемаш ю зударшка-эпсаршкий бен, ерзалур йоцуш – долара цIеношкахь талламаш бар; некъан йистошкахь а, урамашкахь а кхерамазаллин талламаш бар. Цкъачунна, божарша дIакхоьхьу декхарш ду уьш. Амма, тхуна зударий оьшу иштта белхаш бан. ХIунда аьлчи, овхIанхойн гIиллакхашца а догIуш, зударийн дегIех я церан тIоьрмигех хьовса йиш яц божарийн. Зударший бен дан ца деза иза, зударий сий лардархьамма. Цундела, дика жамI хилла цунах хIинццалц.
Маршо радио: Нехан долахь йолчу хIусамашкахь талламаш бар алсамдаьлла хиларе терра, дукхах берш са-паргIат бовлу, лехамаш зударша беш хилар бахьанехь, элира МуджахIида. Цул сов, буркха йоьхна йолчу зудчунна борша стага талламаш муха бийр бара аьлла, тIетуьйхира цо.
ТIеман министраллин зорбан секретара Iазимис бахарехь церан Iалашо яра провинцера зудбареш вовшахтоха а, Iамораш дIадахьа а. Амма боху цо, овхIанийн мехкан юкъа мел воьду а, цигара дахар вуно шира гIилаккхаш юьхьарлаьцна ду.
Кабулера Ханифа, ТIеман Министраллин академи яьккхина ю. Цо бахарехь, мел чIогIа зудаберашна эскаре дахка лаарх а, церан лаам, церан доьзалша къобал ца бича, кхочуш хуьлийла дац. Баьццара тIеман духар а, коьрта тиллина Iаьржа хIума а йолчу Ханифас дагалоьцу, ша тIеман Iаморашкахула чекх яла луучу хенахь, шен доьзал дуьхьала хилла хилар:
Ханифа: Вуно дукха халонашкахула чекхяла дийзира сан, сайн сацам къобалбале хьалха. Амма со сайчунна тIехь лаьттира, тIаккха, эххар а, цара суна гIортор йира.
Маршо радио: Ханифа санна долу, цхьадолу зудабераш, чIогIа дог айаделла дара, шайн пачхьалкхан тIеманхойн духар тIедухур ду аьлла. Ткъа кхечара, кхин дан амал доцун дела хаьржина эскарехь гIуллакх дар. Вуьш, эскарехь хIинцале гIуллакх дечу гергарчара юкъаозийна бу.
Iедалан хьукхматашкахь белхаш бечу кхечу зударшна баттахь луш долу алапа цхьа бIе гергга доллар ахча ду.
Ткъа эскарехь болх бича, баттахь кхо бIе шовзткъе итт доллар барамехь ахча ло боху, мехкан къилбседехьарчу Кундуз провинцерчу кхерамазаллин урхаллин хьаьким лаьттинчу Аймак Iабдулладис. Эскарехь гIуллакх дечу зударийн самукъадолу, масала, транспортах йолу харж меттахIоттор санна долчу хIуманах, элира цо.
Академи чекхяьккхинчу Ханифас бахарехь, ОвхIан махкахь тIеман барзакъ дуьйхинчу зударшна хуьлчу пайдех а, кхерамах а дикка ойла йинера цо. Салташна а, полицин белхахошна а сих-сиха тIелатарш до Талибано. Кхин хIара ду аьлла терахьаш а ца далош, хIокху шара ОвхIан пачхьалкхехь байинчу салтийн терахь лакхара дара, стохка лерчул а. Ткъа зударшна, и кхерам кхин а алсам бу.
Талибанан тIеманхоша тIелетарш до зудаберашна-студенташна а, хьехархошна а, журналисташна а. Аьлчи а, чуьра арабевллачу зударшна.
2008-чу шарахь уггар а боккха шена тIе тидам озийначех йолчу зудчунна Какар Малалайна тIелатар дира иза Кандахаре балха йоьдучу хенахь.
ТIеман министралло бахарехь, уьш шайн ма-хуьллу ларбан хьовсу тIеман барзакъ дуьйхина зударий. Болх чекх ма-беллина, уьш цIабахийта хьовсу, божарий санна, буса а цхьана болх бан а ца буьтуш.
Оццу хенахь, инарло Мухьаммадис боху, шена сих-сиха кхерамаш туьйсу зударий цIахь охьаховшийна Iан луучу ницкъаша, иза юьйр ю бохуш. Делахь а, кхерамал а пайда алсам го цунна шен балхахь. И массо кхерамаш тийссар а, халонаш а, шаьш шайха дIайовллалц Iа ца деза тхо. Царца къийса деза, тоьлла пачхьалкх кхоллалц, элира Мухьаммадис.

Шен пачхьалкхан хьашташ кхочушдар а, иза ларъяр а массарна тIехь ду. ОвхIанхойн зударийн йиш хIунда яц цуьнан дакъа хила?

ОвхIанхойн гIиллакхашца а догIуш, зударийн дегIех я церан тIоьрмигех хьовса йиш яц божарийн. Зударший бен дан ца деза иза, зударий сий лардархьамма