Данин шахьарахь кхеле озийна нохчо Дукаев Лорса хIинца алссам вийца ваьккхина зорбанехь. Цунах лаьцна хууш дерг дукха а дац: мухIажир а ваьлла, шен ненаций, йишийций Бельгехь вехаш хилла иза. Дани стенна вахана хилла, дукхачара кхетош дац. Оцу хьокъехь иштта дийцира дозанал арахьа тхов-къело карийначу Ичкерин Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада.
"ДIадаханчу шеран гуьрахь хIокху Денмаркехь (Данех иштта олу цо-М.Б.) цхьа вайнехан стаг сацийнера эккхийтар дан веана, аьлла. И эккхийтар ларамза а хилла, гучу а ваьлла, кхеран полицино сацийна ву хIинца чохь воллу и стаг. Кхузахь дIайоьдуш кхел а ю. Оцу хьокъехь Iедалан цIарах оха таллам бина. Дуккха а хIуманаш тидаме а эцна.
Иза нохчашна дуьхьал зе дан веана а вацара. Дуьххьал дIа, хIокху пачхьалкхана зе дан а, кхузахь болчу нахана зе дан а...
Вайна цу тIехь къастаделларг хIун ду аьлча, оха дIадаханчу шарахь нохчийн къоман конгресс цхьаьнатухур ю, аьлла, бина барт бара оьрсийн цIарах схьабаьхкинчу нахаца.
Билгалйинарг цхьа пачхьалкх яра, хIокху Денмаркехь, 2002-чу шарахь ма-хиллара, и Конгресс дIахьур ю, аьлла. Амма хIетахьлера тIаьхье а йоцуш, дерриг а нохчийн къам бертахь а долуш, цхьана берта тIехь, цхьана буха тIехь и конгресс дIахьур ю, аьлла."
Оьрсийчуьрчу Iедалхоша Дукаев Лорса Дани-махка хьажор а дика теллина Закаев Ахьмада. Зуламе хилла церан Iалашо, цо дийцарехь.
"Суна схьахетарехь а, тахана вайна зеделлачуьнца а, цара и конгресс кхузахь хир юйла а, шаьш цигахь дIалоьцур доцийла а хууш, 2002 -чу шарахь шаьш ма-дарра, кху пачхьалкхана тIеIаткъам бан дагахь схьаваийтина стаг ву иза.
Иза нохчашна дуьхьал зе дан веана а вацара. Дуьххьал дIа, хIокху пачхьалкхана зе дан а, кхузахь болчу нахана зе дан а... Юха дIаала: террорхой вовшах а бетташ, Копенгагенехь церан лаамаш кхочушбеш ду шу, цундела цара шуна дина зулам ду иза, аьлла. Вайна, таллам бича, гучудаьлларг и ду."
И шайн леринарг кхочушдан церан аьтто ца баьлла, иза вуно дика а ду, аьлла хета Закаев Ахьмадна
Оццу Iалашонца схьаваийтина а хилла иза. Дела орцах а ваьлла, кхузахь болчарна цо зулам дале иза каравахана, Дала и зулам дан цуьнан аьтто ца баьккхина-кх...
"Цхьа а шеко а йоцуш, и стаг нохчийн гIуллакхна араваьлла лелла вац, я вайнахана дика болх хилахьара аьлла араваьлла а вац. ХIунда аьлча, вайнахана аьтто беш, хIокху Денмарко тIаьххьарчу 20 шарахь уггаре доккха дакъа лаьцна.
Массийтта эзар вайн цIера воьхна схьавеана мухIажир кхузахь дIатарвина кхара. Кхуьуш бераш ду. Белхаш беш нах бу. Доьшуш кегийнах бу вайн кхузахь. ТIаккха, хIокху юккъехула, нохчийн цIарах кхузахь зулам дар -- иза нохчийн къоман мостагIашна оьшуш дара, нохчийн къоман векалшна оьшуш а дацара. Оццу Iалашонца схьаваийтина а хилла иза. Дела орцах а ваьлла, кхузахь болчарна цо зулам дале иза каравахана, Дала и зулам дан цуьнан аьтто ца баьккхина-кх..."
Ичкерин куьйгалхочо иштта вуьйцу Данехь кхеле озийна Дукаев Лорса. Цунна кхел йина яла еза кхин а ши кIира даьлча. Кхело бехке вахь, велла дIаваллалц цигахь чувоьллина валлор ву и стаг, хаамийн гIирсаша бахарехь.