ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьанатоьхначу Штаташа Террорхойн МогΙара Яьккхина Кавказан Имарат


Нохчийчоь -- Нохчийн Дуьхьалонан куьйгалхой Вадалов Асламбек, Умаров Докка, Мухьанад (аьрру агIора аьтту агIор), Марсхьокху-бутт, 2010
Нохчийчоь -- Нохчийн Дуьхьалонан куьйгалхой Вадалов Асламбек, Умаров Докка, Мухьанад (аьрру агIора аьтту агIор), Марсхьокху-бутт, 2010

Джи-БархΙ олучу ницкъалчу пачхьалкхийн куьйгалхойн цхьанакхетараллехь Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака террорхочун цΙе тоьхна Кавказан Имаратан лидерна Умаров Доккина, и лаца я хΙаллакван аьтто бинчунна 5 миллион доллар а кхайкхош. Оцу хиламах а, Умаровс куьйгалла дечу Кавказан Имаратах а лаьцна ю Маршо Радион Къилбаседа Кавказехула эксперт йолчу Фуллер Лизас арахецна артикл.


Стигалкъекъа-беттан 26-г1ачохь Оьрсийчоьнанний, Цхьанатоьхначу Штатийнний президенташа шайлахь дуьненаюкъарчу террорхойн мог1ара ваьккхина Кавказан Имаратан Амир шех олуш волу Умаров Докка.

2007-г1ачу шарахь дуьйна оцу даржехь волчу цунна Штатийн Пачхьалкхан Департаменто и ц1е тиллар нисделла цхьа ша-тайпа ц1еххьашха. Джи-8-ннан саммитехь Либин куьйгалхо Кхаддафи Муаммар дарж охьадилларе кхайкхар а, оцу хьокъехь цуьнца цхьаьнакхетар д1адахьар а Оьрсийчоьнна т1е а дуьллуш, Медведев Дмитрийца ша дечу къамела юккъехула нисделлира Обама Баракан Умаровна террорхочун цΙе тиллар.

Делахь а хΙара хан кхаччалц 1аьмеркан Пачхьалкхан Департаменто, гΙарадоккхуш иза ца хиллехь а, маршонан байракха кΙел д1ахьочух лорура Къилбаседа Кавказерчу т1емалоша Оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал схьабахьа къийсам. Х1инца цунна а, оцу къовсамна, Цхьанатоьхначу Штаташа кхачайо терроран билгало.

Террор къобал йинарш а, ца йинарш а...

Бакъду, боху аналиста Фуллер Лизас, г1аттамхойн цхьаболчу куьйгалхоша, шайлахь Умаров Докка а, Дагестанерчу «Джама1атан» куьйгаллехь хилла -- иза стохка аьхка вийна -- Вагапов Мохьмад а волуш, шайна шайн Ιалашонаш кхочушъечу новкъахь пайда эца магадора террорах. Вагаповс, дуккхаъчу хьостанаша ч1аг1дарехь, кеч а йина, д1ахьажийнера Москохахь лелхийтарш дан ши зуда, и шиъ, дуккха а нах а бойъуш, икккхира 2010-гΙачу шеран бΙаьста.

Ша велле хьалха Вагаповс тΙеч1агΙдира Умаровна ша хьалха дуьйна а дина хилла байΙат – дош делира тешаме хила. Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаменто Умаров террорхо дΙакхайкхош арахецначу тептара тIехь а дагалоцуш ду, цо стохка аьхка хилла лелхийтарш шена т1еийцира, аьлла.

Кхечу Къилбаседа Кавказерчу г1аттамхойн лидерша, масала, Г1ебартачоьнан, Балкхаройчоьнан, Кхарачойчоьнан джама1атан амира Яппуев Аскера д1акхайкхийра массийттаза, шен тобанан Ιалашонехь дац маьрша нах хΙаллакбар, шаьш тΙом Ιедалан ницкъашца бен беш а бац, аьлла. Цо боххучу т1ехь цуьнан джама1ат саца а сецира, ч1аг1до Фуллер Лизас.

Медведевна совгIат ду Имарат нажжаз яр

Цунна хетарехь, ларамза а дац Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаменто Оьрсийчоьнца къийсало Кавказан Имарат терроран организацешна юкъаязъяр. Департаменто и дина кестта Оьрсийчоьхь президентан харжамаш хирг хилар юхьар а оьцуш. 2012-г1ачу шарахь хоржур волу президент, Путин а воцуш, Медведев хуьлийла лаьа Вашингтонна. Путин оццул г1ертарх а, цуьнан заманахь Штатийн президенто ца бира хΙинца Обамас Медведевна бина юхькъам. Оцо чΙаг1йо Медведевн позици.

Маршонан болам бу Къилбаседа Кавказехь лелларг, хΙинца а леларг я бац, боху хаттар а хΙоттадо эксперта Фуллер Лизас. Цунна жоп луш, автора дагадоуьйту Умаровн куьйга кΙел лаьттинчу гΙаттамхойн некъаш дахначу 1ай гарадевлла хилар. Имаратехь мог1ара воцчу Гакаев Хьусайна д1ахьедар дира стохка ша, шеца кхин накъостий а болуш, Умаров Доккех д1ахеда, амма Нохчийчоьнан хьашташна тΙе а тевжаш, хьалха а санна, и мостаг1чух паргΙат яккха гΙертар ву, аьлла.

И некъ Имаратан цхьана декъан, Нохчийчоьн вилайетан, амира Гакаевс хаьржира, ша Умаровн т1еман тактикана резавацарна а, иза т1еман Ιалашонаш кхочуш ечу новкъахь оьшшучу кепехь, хьесапехь накъосташца дагаволуш цахиларна а, аьлла хета экспертана. Фуллер Лизига шега хаттар а дира Маршо Радион Къилбаседа Кавказан сервисо.

Имаратан статусца догIий-те цунах организаци алар?

Обаман администрацино терроран юкъаралла – организаци - лору ша т1еэцначу сацамна т1ехь Кавказан имарат. Амма олийла дуй цунах юкъаралла я организаци? Шеца пачхьалкхан битамаш а болуш, шена юкъа алссам къаьмнаш а, латтанаш а лоцучу хьесапехь йолчу Кавказан Имаратах кхолларалла я организаци алар дуьззина дог1у аьлла хетий хьуна? Иштта дара эксперте Фуллер Лизига оха дина хаттар.

«Иза дуьззина маьΙне хаттар ду. Дог1ушдацар кхето ши хΙума ду. Цкъа делахь, дагалаца деза вай, Умаров Доккас ша Кавказан Имарат д1акхайкхош элира, ша цунна цхьа а доза а ца къастадо, аьлла. И бохург дара, Имарат цхьа ша-тайпа квази-мохк бу, я дозанаш доцу пачхьалкх.

ШолгΙа делахь, 1амеркан пачхьалкхан департаменто сацам тΙеэцар, доккхачу декъанна, доьзна ду Оьрсийчоьнан куьйгаллин лаамца. ХΙунда аьлча, Оьрсийчоьн куьйгалхошна ца лаьа дуьненаюкъарчу низамаша Кавказ Имарат цхьа ша-тайпа территори лорийла. Цунах организаци аьлча атта ду цунна дуьхьало ян.»

Штатийн пачхьалкхан депортамент шен сацам бина яьлла. Шегахьара долчуьнца цо пайда бохьур бу Медведевн администрацина Къилбаседа Кавказера мостагΙ эшорехь, аьлла хета и сацам биначарна. Боккхур бу я бац Обамас Умаровн коьртах кхайкхийначу ахчано толам, вер ву я вац гΙаттамхойн лидер вухку къонах, иза хено гойтур ду. Дудаев ДжовхΙар, Ичкерин президент, вен аьтто биначарна дΙакхачийначух тера ду, оьрсаша ч1аг1дарехь, кхайкхийна хилла ахча, Басаев Шемал а, дийцарехь, тера ду иштта воьхкинчух. Мухха а делахь а, рогΙехь ву х1инца Умаров а, дуьнено кхетоза йисина Кавказан Имарат а.
XS
SM
MD
LG