ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Итт шо хьалха вийна Алимсултанов Имам


Алимсултанов Имама гитари тIехь лекхара шен эшарш
Алимсултанов Имама гитари тIехь лекхара шен эшарш

1996-чу шарахь Лахьанан беттан 10-чу дийнахь Украинера Одесса гIалахь вийра вевзаш волу нохчийн йишлакхархо Алимсултанов Имам. Криминалан девнехь Iожалла хилла Алимсултановн, аьлла дерзийра и гIуллакх официала Украино. Амма нохчийн тешна бу, нохчийн дуьхьалонан боламан илланча хилла волу йишлакхархо Оьрсийн Къайлахчу Ницкъаша вийна бохучух.


Къилбседа Кавказана оккупаци еш, оьрсийн паччахьо эвланаш ягош, хьаннаш хьокхуш, нохчийн къам хIаллакдарх дийцар дихкина дара Советан заманахь. Хьахон йиш яцара оьрсийн паччахьана а, цуьнан доьзална а тоьпаш тоьхна, Оьрсийчоьнан урхалла дIалаьцначу коммунистийн режимо нохчий цIерабахар а.


Цкъа а юхур яц аьлла хетта и луьра режим хаьрцича, нехан дегнашкахь IаьIна хилла лазам аракъада болалучу муьрехь гучувелира Нохчийчоьнна луларчу Дагестанера, аьккхех волу йишлакхархо Алимсултанов Имам. Боккъалла а хьахон йиш йоцчух лаьцна дара цуьнан иллеш. ХIора а могIа, хIора а дош, ира шаьлта дара.

Нохчийчохь маьршонан боламан хьалхара гIулчаш йохуш, Соьлж-гIалин юккъехь, Маьршонан майданахь эшарш лекхара Алимсултановс. И мур дагалоьцу, Имам уллера вевзаш хиллачу Маршо радион корреспондента Чабаев Лоьмас.

Чабаев Лоьма: Юьхьанца дуьйна и герга вахара маьршонехьа болам болийначу накъосташна. Уьш цунна а бовзара, иза массарна а вовзара. Дудаев Джовхар вай респулике веъанчу хенахь, иза президент а хIоттале, и шиъ вовше вевзира. Джовхарна Имам веза а везара. Имама ша, хIора дийнахь гуламашкахь а хилара. Гитарин тIехь эшарш лекхара цо. Хьалкъана хьалха а лекхара. Йишлакхархочуьн амал, цу деношкахь хуьлчуьнца цхьанайогIуш яра. Шен хенна, шен метта веана вара иза.

Гуллуш болчу нехан, гIоттуш долчу къоман догйоланца цхьанабогIуш бара цуьнан кхетам а, цуьнан репертуар а, цуьнан эшарийн маьIна а. Зу заманахь газеташкахь болх бечу журналистийн а, яздархойн а, маьршша ала а, дийца а йиш йоцу теманаш яра уьш: къам Сталинан заманахь цIерадаккхарх а, Кавказан тIеман агIонаш а, Кавказана тIеман турпалш хестабар... Цунах лаьцна дийцар цу заманахь я телевизионехь, я радиохь, я газеташкахь магийна дацара. Йихкина теманаш яра уьш.

Маршо радио: Имама дIаолуш хиллачу иллийн дешнаш, коьртачу декъана, оьрсийн маттахь байташ язъечу Ярычев Iумаран дара. Йишлакхархочо ша хаьржинера шен автор. Соьлж-гIалара схьа Маршо радиоца телефонехула къамел деш, Ярычев Iумара дийцира, I995-чу шарахь шен кертахь, чан эккхийтина, гIуллакхаш ша воллуш, Имам шен кевне варах лаьцна:

Ярычев Iумар: Аса керт эцна дукха хан яцара. Сийна халаташ хилар-кх хIетахь и халат а йоьхна, коьрта тиллина цхьа йоккха лаба йолуш "хуряшка" а тиллина - ленинка алара цунах - тIетIаьIIина кертахь нуй хьокхуш воллуш вара. ЧIуг дIайоьллина яра, боьрша стагана товш дац нуй хьакхар, аьлла. Делахь а, чохь стаг ца хилча, стаг шен гIуллакх ца дича ца волу-кх, аьлла. ГIаьттина чан ю кертахь, доьвзиг хьокхуш воллуш со а волуш, тIох-тIох-тIох" аьлла, ков туьйхи. Саца а сецна, юха а вирзина, дIахьаьжира со. Кевнна тIехула цхьа арка яра. Кевнний, аркиний юкъахь гуш жимуочу стеган йуьхь ю, кIора санна Iаьржа бIаьрг-цкъоцкъам а ду, кIора санна Iаьржа, хьийзина месаш а ю. Аса эли, суна иза нохчо ву-вац ма ца хаьа, "вам кого надо было?" Вайн гIалахь Iаш дукха эрмалой, жуьгтий, хIирий ма бара цу хенахь.

ТIаккха цо боху соьга: "Ассаламу Iалейкум!" Аса эли: "Ва Iалейкум Салам! Нохчо ву хьо?" Ву ша, боху. Аса бехк ца биллар дийхира цуьнга.
Суна ца хаара, нохчочух тера вац хьо, элира аса. "ХIума дац, хIума дац. НеI схьайоьллий ахьа?" - аьлла хаьтти.
НеI схьа а йиллина, чувели иза.
"Салам а, джалам а" хаьттина, ша деана гIуллакх дийца мегар дарий аьлла, пурба дийхи. Мегар ду, эли аса. Ша цхьа стаг лоьхуш ву элира цо, Ярычев Iумар. Со ву эли аса Ярычев Iумар. ТIаккха цец а ваьлла, соьга схьа а хьаьжна, цо боху: "Тера-м вац хьо Ярычев Iумарх".
Ца хаьа суна, боху аса, со цхьаъ воцург, кхин Ярычев-м ца вевза суна. Иштта доьзалан цIе йолуш кхин цхьа а вацахь.
ТIаккха соьга а хьаьжна боху цо: "Ванах, хьайна тIера и "хуряшка" дIаяккхахь". Дера йоккхур ю аьлла, хуряшка дIаяьккхи аса.

Со телевизион чохь гина хир вара цунна. "Ойъ, валлахI-биллахI, ва-м ву Ярычев Iумар!" цхьа, мотт тийсалуш эли цо. Йиш локхучу хенахь мотт таса ца лора цуьнан. И дара тамашийна хIума!

Ша лоьхуш верг яздархо-поэт Ярычев Iумар ву, эли цо. Поэт ву ала ца хаьа суна, цхьа байташ язъеш-м ву со, эли аса тIаккха. "Эцца, Ленинан парк хиллачехь цхьа гулам бара, Джовхар а вара цигахь. Цигахь цхьа байт ешнера", боху цо соьга. "Диалог" бохург юй ахьа юьйцург, аьлла хаьтти аса. Вара, боху. Вара, со вара, эли аса.
"Ойъ, цу байте ладогIа лууш вара со" элира цо тIаккха.
"Пажалста, дIахотта", аьлла, аса цунна йийши-кх и байт цигахь. Делан КъорIанора и халат ю суна тIехь, и чан ю, ша-ерриг а, суна тIейиллина...



Маршо радио: 25 шарахь, бIеннаш эзарнаш нохчий хIаллакьхуьлуш, оьрсийн паччахьана йинчу дуьхьалонна юкъара а ваьлла, мостагIчуьн каравоьдуш ву, хьалханча лелла Дагестанера имам Шемал. Оцу тешнабехках чов хиллачу нохчех, куьг а, ког доцчу Бойсхара дечу къамелах лаьцна ду хIара илли.

Конституцин къепе меттахIоттайо аьлла, нохчийн хьалхара президент хиллачу Дудаев Джовхара дагадовларшка кхойкхуш лаьтташехь, тIамца Нохчийчу гIоьртира Оьрсийчоь. Цхьаъ санна, гIевттира нохчий. Къоман дуьхьало онда яра, сирникийн баттарчий санна йогура оьрсийн танкаш. ТIаккха имама, Соьлж-гIаларчу урамехь танк чохь ваьгначу, оьрсийн салтичуьн цIарах йиш лекхира.


Сан танк ю йогуш,
Цу чохь вогуш со а ву,
Суна тIехьа сан латта ду,
Сан хьоме Даймохк. Йист йоцу, дола деш доцу, ахаза латта ду...

Нохчо а ву вогуш, сан танках цIе а тесна,
Цунна тIаьхьа лаьттан кийсиг ю, цуьнан даймохк,
Оьрсийн герзаца аьхна латта а ду.
Къола дан сан Даймохк а битина, нехан махка а веана...
Со стенна вогу те, бохуш хоьтту салтичуо?

Йиш ерзош, массо а наношка къинтIера довлар доьху Имама. Цуьнан эшарш тIехь йолчу кассеташка ладогIара оьрсийн салташа а. Алимсултановс лоькхуш хиллачу цхьайолчу эшарийн автор ву Хасимиков Сулбан.

Хасимиков Сулбан: Цо къеста ца вора оьрси, жуьгти, суьйли, ва гуьржи... цхьа ца къеставора цо. Хийла, блокпосташ яц, цигахь иза вовза а вевзий, оьрсаша (салташа) цуьнгара кассеташ ехара. Цхьа кегий кассеташ хилара хIетахь. И дагадогIу суна, чIогIа дика дагадогIу.

Маршо радио: Жигарчу тIемашна юкъахь бохкучу а, чевнашна дарбанаш лелон йистах баьхначу а тIемалошна хьалха концерташ лора Алимсултановс. Цо чIогIа дог-айара церан бохуш, дагалоьцу Чабаев Лоьмас.

Чабаев Лоьма: Имаман байташ а, эшарш а кассеташ тIехь лелаш яра. Массо хенахь тIемаш болуш хьал ца хилара. Шайн дахар дара тIама тIехь болчу кегий нехан. Хьаннашкахь, я шерачу арахь блиндажаш яра церан. Оцу шайн тоьланашна чохь, хьехаш чохь хан дIахьучу хенахь, цхьана заманахь Чилехь гIараваьлла хилла волу Хара Виктор санна, массанхьа а ладоьгIуш вара Алимсултанов. Оцу заманахь, тIом боьдучу заманахь, шайн къастийна байташ-алархой, йишлакхархой а бара тIемалойн. Уггар коьртаниг Имам вара.

Маршо радио: ТIамехь еза чевнаш хилла нохчийн тIемалой дарба лелон Туркойчу дIабохуьйтуш, нохчийн президента Дудаев Джовхара царна гIортор ян гIахьара хьо аьлла, дехнера Имаме. Шен карахь махкал арахь лела паспорт доццушехь, иза реза хиллера. Иза хуучара дийцарехь, президенто Iалашвеш, леррина тIамна генаваьккхинера иза.

Истанбуле дIакхаьччи, чевнаш хьийзочу тIемалойн дог-ойла ойура цо шен иллешца. Цул сов, концерташ лора, яккхий залаш тIанк-олий, адамех доьттина гул а еш. Ткъа ша даьккхина ахча, тIемалошна дарба дайта дIалуш хилла Имама.
Тамашийна хIума дара, амма Имама локху эшарш, дагах кхетара массарна а – ур-атталла, я нохчийн, я оьрсийн мотт ца хуучарна а. Цуьнан озо а, лакхаран амало а везаволуьйтура иза.


Туркойчохь волуш, цхьана чIогIа хьал долчу стага ша волчу кхайкхина хилла Имам, эшарш лакха. Иза ваьллачул тIаьхьа, уггар а езчех йолчу Мерседес машенан догIанаш кховдийна цо цунна. Шена лучу совгIатана баркалла а аьлла, цу тайпа машенахь лелалур вац ша, чевнех шен вежарша бала а хьоьгуш. Хьайн таро елахь, машенах догIу ахча, чевнех бала хьоьгучеран хьашташна хьажадахьара, ша реза чIогIа реза хир вара аьлла хилла, йишлакхархочо.

Иштта, чевнашна дарбанаш дан туркойчу дIакхоьхьучу тIемалойн дог-ойла ойуш, церан гIортор хилла Iийра Имам, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу муьрехь. И тIом боьрзуш бен, цIавахарх гIуллакх а ца хилла цуьнан.

Дийцарехь, Имам хьаьнцци а бийца атта мотт карош стаг вара. Цуьнан уьйраш яра Нохчийчоьнан муьлххачу а эвлахь, нохчийн Iедалерчу нахаца а.

Иштта, Одесса гIалин мэр вахана хилла Нохчийчу, закъалтана лаьцна хилла ткъе пхи гIишлошъярхо маьршаваккха. ХIуъа дича а, гIуллакх хуьлуш ца хилла. Цхьаммо хьехна тIаккха мэрана, Алимсултановна тIегIохьа, аьлла. И гIуллакх диканца дIадирзина, Имамца доттагIалла тасаделла Одессин мэран.

Имама юха концерташ а елла Одессехь, гIалин мэро, мехаза залаш а нисъйина. Цу концерташкахь нохчийн къоман лазам бовзуьйтуш, Советан пачхьалкхан Iедало дуьненах а къайладаьхьна хиллачу зуламех лаьцна иллеш хазийра цо украинхошна. Коммунистийн режимо мацалла а хIоттийна, иттаннаш миллионаш беллачу украинхошка Имама кхайкхамаш бора, Оьрсийчоьне шаьш Iеха ма дайталаш, шайн маьршо ларъелаш, бохуш.

Пропагандина гуттар а доккха маьIна дечу оьрсийн ницкъаша бекхам бира. Дуьту хIума дацара, нохчийн ира-кара хIитторал совнаха, уьш хIаллакбан дIахьийсочу оьрсийн салташка а цхьана, цуьнан иллешка ладогIийтар.

Дегнаш ойуш, къоман маьршонехьа хилла ойла кхайкхош хиллачу йишлакхархочунна тешнабехк бира.

Нохчийчура хьалхара тIом официала дIаберзочу кехаташна кIел куьг таIийчу стоьлан тIера хьала а гIаттале, шолгIачу тIамна кечам бан хIоьттира Оьрсийчоь. Пропагандехь яьккхина хьалхарчех гIулч яра, Алимсултанов вер. Дуьту хIума дацара, нохчийн ира-кара хIитторал совнаха, уьш хIаллакбан дIахьийсочу оьрсийн салташка а цхьана, цуьнан иллешка ладогIийтар.


Инзара боккха иэшам хиллера Кремлана пропагандин тIегIанехь. Ерриг а дуьненаюкъаралла, маьршонехьа къуьйсучу жимчу къомехьа яра. Ницкъаца тIеязъеллачу Оьрсийчоьнна иза дуьхьала деттара.

1996-чу шеран Лахьанан беттан итталгIачу дийнахь Имам а, цуьнан кхин а кхо накъост а чохь хиллачу петарна тIелатар дира, милцойн духар доьхна хиллачу герзахоша.
Имамах лаьцна кино йоккхуш, Украинехула лелла веана ву, артист Атаев Мовсар. Шайн жамIах лаьцна Маршо радиога цо дийцира.

Атаев Мовсар: Тхо кхоъ ваханера цига. Цара (Украинин Iедалша) ша дIа а ца яздеш, хаттахь, дуьйцур ду шаьш, элира. Цхьа прокурор вара цигахь, кIоштан прокурор. Стаг леррина вейта Iалашо йолу зулам ду хIара, тIаьхьакхиа хала хир ду, элира.

Хасимиков Сулбан: Беслан бохуш, Дала декъала войла иза, продюсер вара Имаман. Жимастаг вара иза. Кхоъ декъала хилла уьш цигахь. Цхьаъ дийна висна. Чу а баьхкина, Беслана неI схьайиллина хилла, гIовгIа ца йойту тапча а тоьхна, вийна. Дийна виснарг, чувогIу неI схьайиллича, цо ванни чу воьду неI дIакъевлина хилла шеца, иза ю-яц ца хаар бахьана долуш, дийна висина. Ванни чохь ламаз оьцуш хилла иза. Цо дуьйцу бохуш, юхадийцар-кх. "Который?" эли бохура. "Вот он" аьлча, дегIах тоьхна ца Iаш, цуьнан коьртах а, вийна хиларан тоьшалла деш, герз тоьхна.

Маршо радио: Нохчаша маьршонехьа латтийна хилла къийсам а, цуьнан сий а ма-дайаъара, талорхойн дов къастош вийна Алимсултанов боху, оьрсаша кховдийна официала верси гIараяьккхира украинхоша. Официала кепара и зулам теллина дац. Оьрсийчоьно хIокху диъ бIе шо сов заманахь нохчашна тIехь дина инзара дукха зуламаш санна. Тахана цхьана а нохчочуьн шеко яц, Алимсултанов Имам Оьрсийн Къайлахчу Ницкъаша вийна хиларх.

Чабаев Лоьма: Говза, цхьа а да тIахьа ца кхуьуш дина зулам а дара динарг: иза вер а, цуьнан накъостий байар а. Имама бен болх а, болх бара цо бийриг идеологехь, вуно новкъа а бара Кремлна а, оьрсийн политикашна а бара, церан ницкъаллийн урхаллашна а бара. Шеко а йоцуш, иза юьстахваккха, иза дIасацон а арабаьхна ницкъаш буйла а, хир буйла а хууш, дуьззина, кхетош а дара. Ткъа оцу Одессехь парггIат цунна тIекхочийла дара Къайлаха Оьрсийн Сервисан. Цунна а дара, и санначарна а дара. Оцу хьелашкахь массара а оха тидинарг, шеко а йоцуш, Оьрсийн Къайлаха Сервисаша дина зулам ду аьлла, ишта туьдуш дара.

Маршо радио: Шен къоман воккха патриот хиллачу Имаман кхоллараллехь ша-тайпа меттиг лоцуш ю цхьа йиш.

Маршо радион ладогIархо Лайлаъ: ТIом балале хьалха "Зезагаш" бохуш, цо локхуш хилла йиш, хIинца а сан даг чохь лаьтташ ю. ЧIогIа хаза локхуш ю иза. ЧIогIа хаза дешнаш ду цигахь.


Ишта хаза йиш локхуш волу кIант, шен къоман вуьззина кIант ву, аьлла хета суна. ХIинца болчу йишлакхархоша хIун дуьйцу а ца хаьа, кхета а ца кхета. Цхьа тамашийна, оьзда доцчу кепара локху. Цо (Имама) санна, назманаш локхуш санна, цуьнан эшаршка ладугIуш, хIара дерриг а дуьне, хIумма а йоцу хIума хета хьуна. Оццул хаза локху цо. Дала гечдойла цунна! Дала сий дойла, Дела реза хила иза кхиийначарна а, иза винчарна а. Оьзда кIант вара. Къоман вуьззина, оьзда кIант вара иза. Дала вайна и саннарш кхин а хуьлитийла.

Маршо радио: Имамана хIоттийначу тезете гулделла халкъ гича цецбевллера, ур-атталла, цуьнан гергарнаш а. Цуьнан девашас аьлла дешнаш кар-кара а оьцуш дийцира, тезетахь хиллачара. «Тхуна аьттехьа а ца хаара, иза халкъана оццул везаш хиллий. Тхуна-м, эшарш лоькхуш, иза нехан самукъадоккхуш лела моттара. Цуьнан кхолларалла – исбаьхьалла хилла ца Iа. Къоман са хилла цуьнан иллешкахь декнарг», аьллера цуьнан девашас.

Тезетахь хилира нохчийн президент Масхадов Аслан а. Цо дина къамел дуккха а нехан дагах кхеттера. «Ойланца а, гIуллакхца а цIена, майра кIант бIаьшарахь цхьаъ волу. Итт оьрсийн дивизел а мехала вара Имам. Толам боккхуш цо динчуьн мах хада а лур бац. Имам санна болу кIентий хиларна, толам баккхабелла вайга. Дала геч дойла цунна», аьлла Масхадовс.

ХIара программа эфирехь хилла Лахьанан беттан 6-чу дийнахь, 2011-чу шарахь.
XS
SM
MD
LG