Фоверсков Карл, Данехь туп тоьхначу Нохчашна ГIортор Яран Комитетан секретар ву. Иттех шо ду цу комитето къахьоьгу. Данехь бехачу нохчашна гIо дарца а, хIара тIейогIуш йолу конференци вовшахтохарца а боьзна бу Фоверсковн коьрта болх. Шаьш дIаяьхьа кечъйинчу конференцин коьрта Iалашо йийцахьара аьлла дийхира цуьнга Маршо радионо.
Фоверсков Карл: «Цуьнан коьрта бахьана хIун дара аьлча, Нохчийчоьнца доьзна хаттар еххачу хенахь хаамийн гIирсашкахь дуьйцучуьра дIадалар ду. Дукхах болу Малхбузера нах йицлуш бу Нохчийчоь. Дицлуш бу цигахь къиза адамийн бакъонаш йохош хилар. Тхоьга хьаттича чIогIа маьIне ду цигахь боккъалла а хьулчух лаьцна дийцар. Дийца а, карладаккха а деза Нохчийчура нахана маьрша а, бозуш боцуш хила а лууш хиларх лаьцна.
Цул сов, хIокху конференцин Iалашо ю Европера нохчийн диаспора цхьанатохар. Европехь бехаш цхьа бIе эзар сов нохчий бу. ЧIогIа маьIне ду цара шайн мотт ларбар, нохчийн култура ларъяр а. Кхин а, чIогIа маьIне лору оха нохчаша, къаьсттина нохчийн кегийрахоша, шаьш тIелаьцначу пачхьалкхийн дахарехь жигара дакъа лацар - дикка доьшуш а, болх беш а. Оцу Iалашонан коьрта маьIна хIун ду аьлча, дегайовхо ю цкъа мацца а уьш шайн цIабирзича, цара керла, демократи йолу Нохчийчоь кхуллург хиларх».
Конференцехь дакъа лаца мила кхайкхина аша?
Фоверсков Карл: «Оха кхайкхина цхьаболу европера политикаш. Уьш Литувера а бу, Йоккхачу Британера а бу, хIоккху, тхан луларчу пачхьалкхашкара а бу. Тхан, Данера политикаш а бу. Масала, Йоккхачу Британера вогIуш лорд Джадд ву. Европан Кхеташонехь рапортёр хилла ву иза Нохчийчухула долчу хаттаршкахула. Литуверчу хьешах лаьцна аьлча, иза цу мехкан президент лаьттина волу ЛАндсбергис Витаутас ву. Таханлерчу дийнахь Европан парламентан декъашхо ву иза. Кхинберш а бу оха кхайкхина».
Нохчийн къоман цIарах мила хир ву шун конференцехь дакъа лоцуш?
Фоверсков Карл: «Нохчийн хьешашна юкъахь мила хир ву аьлча, арахь долчу Нохчийчоьнан Iедалан векалш хир бу. Данера хир верг - Ферзаули Iусман ву. Иштта, кхеченхьара кхайкхина а бу».
Соьлж-гIалахь чIагIделлачу Iедалера кхайкхиний аша цхьа а?
Фоверсков Карл: «ХIан-хIа, ца кхайкхина оха. Ахьа дуьйцуш дерг Кадыров Iедал делахь, ца кхийкхина. Тхуна ца лаьа цу Iедалца цхьанабелхаш бан. Аьттехьа а ца лаьа. Низамехь хаьржина Нохчийчоьнан Iедал дац иза. Оьрсийчура Путинан системано кхоьллина Iедал ду. ХIокху Европехь а, Скандинаверчу пачхьалкхашкахь а дика хууш ду иза коллаборационистийн Iедал дуйла. Оьрсийн колонизацина гIортор еш долу, цу девнехь оьрсийн агIо лаьцна Iедал ду иза».
Конференцехь дакъа лаца йоьдуш ю «Бесланан аз» цIе йолчу организацин куьйгалхо Кесаева Элла. Оьрсийчура еккъа цхьа хьаша хир йолчух тера ду иза.
Ша конференци еа сессех а, цуьнан жамIийна декъах а лаьтташ хир ю.
Дийцаре дийр долчу уггар коьртачу хаттарх ду, «Оьрсийн а, нохчийн а дов дерзоран политикан некъаш а, тахана Оьрсийчохь лаьтта бакъдолу хьал а. Дуьненаюкъарчу организацийн дакъа».
ШолгIа шена тIе тидам бохуьйтур бу конференцин декъашхоша, Нохчийчохь политикан а, бакъонийн а, экономикан а, социалан а, културин а хьолана.
КхоалгIа маьIне хаттар, тIамах бевддачу нохчийн мухIажарийн махкал арахь долу дахар а, Даймехкаца йолу уьйраш а.
Къаьсттина дийцре дийр долуш ду, нена маттаца доьзна хаттар.
Шоьтан дийнахь бола а бина, кIиран дийнахь берзор бу шен болх Нохчашна гIортор ечу Данерчу Комитето вовшахтоьхначу конференцино.