Ингалсан премьер-министра Кэмерон Девида а, цуьнца цхьанакхеттачу Мьянма-пачхьалкхерчу демократин боламан лидера Су Чжи Аун Сан Сус а дΙахьедина, Мьянмина дуьненан юкъарлоно хьалхо кхайкхийна йолу санкцеш юхаяха догΙу , аьлла. И къамел хилла Мьянмин шахьарахь Ягонехь. Кху тΙаьххьарчу итт шарахь Мьянме бахначу Европан куьйгалхойх Кеморон ву дуьххьарниг. Хьалхо цигарчу президентца Тейн Сейнаца къамел деш, Ингалсан куьйгалхочо ша догдоху элира Мьянмехь демократи кхиаре. Иза оцу новкъа яла гΙерташ ю аьлла а хета шена, бохура Кэмерона. Къамелна бухахь ду Мьянмехь хьалха тΙех шога хилла Ιедал тΙаьххьарчу беттанашкахь халкъана паргΙатонаш яларехьа билгалдолуш хилар.
Мьянме демократи кхачаре сатуьйсу политикаша