Австрин чоьхьарчу министраллин векалша шаьш а мукIарло до, хIинца санна долу хьал шайн цкъа а хилла дац, бохуш. ХIунда аьлча, Оьрсийчу дIавала кечвина, масех дийнахь набахтехь волу Абдурахманов Ахьмад, иза цIехьа хьажош волу кема хьалаайдала дагардина сахьташ бен дисина а доцуш, цуьнан кхоллам къаьстина баьлла аьлла хетачу мIаьргонехь, мукъаваьккхина, журналистийн а, адамийн бакъонашларъярхойн а къар ца балар бахьана долуш.
Иза мукъаваккхале нийса ах сахьт хьалха а шайн Абдурахманов Австрера араваккха бинчу сацамна тIера бовла ца туьгуш, чIагIбелла хилла болу Венера полисхой шаьш а цецбевллера, 46 шо долу мухIажар оцу сохьта дIахеца аьлла, омра шайга кхаьчча.
Абдурахманов Ахьмад шен доьзалца Австрехь вехаш волу бархI шо ду. Иза мухIажар валале Оьрсийчохь Iедалхоша харц бехкаца лаца а лаьцна, пхеа шарахь набахтехь валлийна а, цу чохь Iедалхошкара къиза таIзарш лайна а ву. 2005-чу шарахь а хьовзийнера иза Австрерчу Iедало Оьрсийчу дIавала, амма хIетахь меттигерачу Эмнести Интернешнл юкъаралло кIелхьараваькхира. Цул тIаьхьа цуьнан берашний, хIусамнанний цу махкахь баха бакъо еллера, цуьнан шен кхолламах дерг сацийна даьлла дацара Iедало.
Эххар а кху деношкахь Ахьмадана а Австрехь висса бакъо луш болу сацам тIеэцнера мухIажарийн хьокъехь йолчу департаменто. Бакъду, оцу сацамца схьалуш долу кехат - цхьа лерина пластикан карта - мухIажаран кара хIинца а схьакхаьчна дацара, и карта леринчу Iедалан зорбантехь деш иттеш де долуш хиларна. Ткъа цу юкъана, и сацам тIеэцнийла ца хууш болчу полицин векалша, шайн некъашкахула Ахьмад араваккха сацам бинера. Олуш ма-хиллара, аьтточу куьйгана аьрро куьйго хIун леладо ца хиинчу цу хьелан закъалтехь нисвелларг Ахьмад вара, Iедалхоша лаца а лаьцна, набахте воьллина волу, иза цIахьажон кема карадаллалц.
Абдурахмановна орцах бевлла болчу жигархоша цу масех дийнахь иза кIелхьараваккха гIерташ цатухуш неI ца йисира Австрерачу Iедалехь. Массанхьа а аьлча санна, шен-шен дан хIума дац, сацам тIеэцна баьлла, иза Оьрсийчу ишттаъ - вуьшттаъ дIавала дезар ду боху жоп хезара царна. „Суна цкъа а гина дац, Iедалхой цу кепара иллаъ -биллаъ цхьа стаг махкара араваккха лаам болуш, арабевлла хилар“, - элира цу хьокхехь меттигерачу Эмнести Интернешнл юкъараллин куьйгалхочуо Патцелт Иренас.
Эххар а, Ахьмад кемана тIеваккха кечам бечу сахьташкахь, адамийн бакъонашларъярхой, хала дела балийца, Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министр йолчу Микл-Лайтнер Йоханнина тIекхача кадаьлчий бен, гола ца туьйхира цу гIуллакхо. ТIаккхий бен официалан декъехь Австрехь висса бакъо елла волу Абдрахманов дIа а ца хийцира.
Ахьмад санна, шаьш хIинций-хIинций арадоху бохуш, кхоьруш, ладоьгIуш Iаш дуккхаъ мухIажарш бу Австрехь а, йоллчу Европехь а. Ахьмадан тIаьххьарчу мIаьргонехь маьрша вала ирс хиллехь а, амма бIенаш нохчийн мухIажарийн Оьрсийчу дIахьажорах келхьара бовла аьтто ца болу.