27 миллион стаг ву кху дуьнентIехь лаамаза лоллах чекхваьлла, аьлла ду Iамерки Цхьаьнатохначу Шататийн пачхьалкхан департаменто хIора шарахь кечдечу рапортана тIехь. Царна юкъахь бу божарий а, зударий а, бераш а.
Iамерки пачхьалкхан секретаро Клинтон ХIилларис динчу дIахьедарца, 150 шо даьлча а, лолла долуш ду Iамерки Цхьаьнатоьхначу Шаташкахь а, дуьненчохь а, ткъа дукхах болчу и бала ловш болчу нехан историш тера ю дIаяханчу хенахь хиллачу исторех.
«Адамаш дохкар» олучу балех чекхваьлла 27 миллион стаг, ткъа стохка цу нехан терахь дара 42 000, аьлла ду Iамерки пачхьалкхан департаменто кечдинчу рапортана тIехь.