ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарарчу тIеман кхеташонна критика йина бакъонашларъярхоша


Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашларъярхоша бехке йина Мисарахь Iедалехь йолу rоьрта тIеман кхеташо, ша Iедал дIахоьцур ду аьлла, дина долу ваIда кхочуш ца дарна.

«ХIюман Райтс Вотч» олучу вовшахтохаралло дIахьедар дина, цунна тоьшалла ду исламан партийн векалша дукхах йолу меттигаш дIалаьцна йолу
Парламент эскаран куьйгалхоша дIасалаллар аьлла.

ЦултIаьхьа ТIеман кхеташоно цхьамоггIа декреташ тIеийцира, керла хаьржина президент болх бан волавелча а, шайн карахь Iедал дисийтар Iалашо йолуч. Кху беттан 17-чу дийнахь Мисарахь хиллачу президентан харжамийн жамIаш кхайкхор тIаьхьатеттина харжамийн комиссино.

Шина а кандидато – бусулба партийн векло Мурси Мохьаммада а, премьер-министр хиллачу Шафик Ахьмада а – дIахьедар дина, ша-ша тоьлла аьлла.
XS
SM
MD
LG