Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гΙуллакхийн министрало хаам барехь, лаххара а 103 стаг велла тΙаьххьарчу дийнахь-буса Краснодар-махкахь ца соццуш даьхкинчу догΙаша хиш дестор бахьана долуш. Полицин векала Желябин Игора чΙагΙдарехь, беллачех 92 стаг ву Крыман къоштара. 9 – курортийн Геленджик-гΙалара ву, 2 – Новороссийскера. Хиша лаьцна 13 эзар цΙа, дохийна некъаш, хедда зΙенан а, тоькан а серий. Хиш хьевддачу меттигашка хьовсийна гΙон дакъош Москохара.
БΙе гергга стаг велла Краснодар-махкахь