Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Уставан ворхIалгIачу артикало бохург кхочуш дан деза Шеман пачхьалкхана дуьхьала аьлла, кхайкхам бина Британин арахьарчу гIуллакхийн министро ХIейг Уильяма. Пачхьалкхехь машар а, кхерамазалла а латто ницкъах пайда эца бакъо ло цу артикло.
Урдан коьртачу гIалахь Амманехь зорбан-конференцехь вист хуьлуш, ХIейг элира, хIинццалц Шеман пачхьалкхехь конфликт дIаерзо гIерташ яьхначу гIулчаша жамI ца деана аьлла. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, гIаттамхошна а, эскаршна а юкъахь тасадаларш ду дIадоьлхуш Димашкъехь.