ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкара ведда ца хилла Шеман вице-президент


Кху тIаьхьарчу 4-5 кIирнах КIирандийнахь дуьххьара адамашна юкъаваьлла Шеман вице-президент аш-Шара Фарук. Цу кепара цо юхатоьхна, иза оппозицин декъашхо а ваьлла, махкара дIавахана бохуш, дуьйцуш хилларг.

Журналисташна гина аш-Шара, машенара охьа а воьссина, Iедалан хIусаманна чу воьдуьш. Цигахь Шеман вице-президенте хьоьжуш хилла цуьнца цхьаьнакхета веана волу ГIажарийчоьнан кхерамазаллехула а, арахьарчу политикехула а йолчу комитетан куьйгалхо Боруджержи Алаеддин.

Цул хьалха аш-Шара гинера Товбеца-беттан 18-чу дийнахь, Димашкъехь, эккхийтар а дина, байина болу лаккхара Iедалан даржахой дIабухкучу тезетахь.

Марсхьокху-бутт болалуш хабарш даьржира аш-Шара Фарук, шен дарж а дитина, Урдан-махка дIавахана бохуш. Шеман а, Урдан а Iедалша бакъ ца бира и хаамаш.
XS
SM
MD
LG