Лондонан Лакхарчу кхело дерзийна, бизнесхочуьнга Абрамович Романе пхиъ ах миллиард доллар ахча охьадиллийтар доьхуш, Березовский Бориса гΙаттийна хилла дов. Суьдхочо шен сацамехь, ша бух боцуш лору, элира, Березовскийс «Сибнефть» а, «Русал» а компанешкара дакъа дезаш дина дехар.
Президент Путин шеца эгΙарх пайда а оьцуш, Оьрсийчуьра ведда Лондонехь ша вехаш, шегара тΙех йораха ийцира Абрамовича итт шо хьалха шен долахь хилла Оьрсийчуьра компанеш, бохура Березовскийс. Шена хиллачу зенан барам 5 ах миллиард доллар бу, аьлла хета цунна.
Ткъа Абрамовича, иза бакъдац, Березовскийс шена бизнесехь а, политикехь а тхов латторна деллера ша цунна даккхий ахчанаш, бохуш, чΙагΙдора шарна яхъеллачу кхелехь.