ТIаьхьарчу хенахь тергамхоша, электрохаамийн гIирсаш, компьютеран техника кхиаро а, иштта „Е-бук“ электрокиншкаш моде йовларо а кехата тIехь зорба тоьхначу тептарийн сий эшош догIу, бохуш, гIайгIане дIахьедарш дахь а, немцойн МайнтIерачу Франкфурте ГIадужу-беттан хьалхарчу декъехь хьо кхаьчча, яккхий шеконаш кхоллало, и зорбакиншкийн сий цкъа а довр дуй те бохучух. ХIунда аьлча, кхузахь дийнна цхьана кIиранах доллучу дуьнентIерачу киншкашъезархойн а, киншкашъязъярхойн а, ткъа иштта и киншкаш юкъаралле дIакхачочу зорбантийн а уггаре а доккха той хIутту, Франкуртера киншкийн ярмарка шен цIе а йолуш.
Инзаре йоккха майда ю цу ярмаркина лерина. Бехк а бац. ХIунда аьлча, цуьнца доьзна долу терахьаш тергалдича, кхеташ хуьлу, и тайпа шоралла стенна оьшу. 7000 гIопаста ю цу майданахь, шайн-шайн тептарш тергаме ехкинчу зорбанташа дIахIоттийна. 3200 цхьанакхетар дIахьор ду ярмаркин хьешаша шайн ешархошца. Миллион гергга стаг вогIур ву керлачу киншкашка хьажа я уьш эца.
Амма уггаре а коьртаниг - Франкфуртерчу киншкийн ярмаркехь хьошалгIахь хир бу цIеяххана болу яздархой. ХIораза цигахь дIагулло уьш эзарнашкахь, шайна юкъахь Нобелан совгIатийн масех лауреат а, дуьнентIехь шуьйра дIасаяьржинчу бестселлерийн авторш а, иштта цкъачунна шуьйрачу сийллале сатуьйсуш болу къона яздархой а болуш.
Там бу кху деношкахь Франкфурте баьхкинчу яздархошна юкъахь кхушарлерачу литературехь Нобелан совгIатан лауреат хила а. И саннарг кест-кеста нисло, хIунда аьлча, и ярмарка дIайирзинчул тIаьхьа нахала долу, и сийдолу дуьненаюкъара преми хьанна кхаьчна бохург. Иштта нисделира масех шо хьалха немцойн яздарзочунца Мюллер Гертица а. Иза, ала дашна, кхушарерчу хьешашна юкъахь а ю. Ву вевзаш волу Iамеркахойн романист Форд Ричард а, Пулитцеран цIарахчу совгIатан лауреат, Нохчийчохь а ешархошна дика евзаш йолу детективийн автор Донне Леон а, цхьамогIа кхин а.
Ярмаркин директора Босс Юргена, иза дIайолош, шен вистхиларехь билгалдаьккхира, ярмарка берийн, кхиазхойн литературана лерина ю аьлла.
Босс Юрген: „Берийн а, кхиазхойн а литературано а, хаамийн гIирсаша а вуно дика гойту йоллучу литературехь а, медиамайданахь а хуьлуш болу хийцамаш. Цара бийцаре бо технологин кхиамаш а. Иза юкъараллехь терго йоцуш ца дуьсу. Цу тайпанчу литературехь ешархойн бакъо хуьлу яздархошна тIеIаткъам бан.
Бераш зорбанте а, яздархочуьнга а шайна шаьш ешначух хетарг дIаолу, шайна товдерш а, цатовриг а хьахош. Хиндолчун литература иштта ю. Иза маццахехь Астрид Линдгренна ма гинера. „ХIара дуьне кхана муха хир ду бохург доккхачу декъехь доьзна ду хIинца-хIинца киншкаш еша Iамалучу берийн фантази муха хир ю бохучуш“, аьллера цо“.
Ярмаркин директора Босс Юргена хьахийначу кегийчу ешархоша къаьсттина сатуьйсучу цIеяхханчу хьешашна юккъехь ю „ХIарри Поттер“ киншкийн могIанан автор йолу Роуллинг Джоанна. Карарчу хенара ярмарка берийн, кегийрхойн литератураний, берийн дахаршца йоьзна йолчу медиагIирсашний къаьсттина алсам тидам тIебохуьйтуш хиларна, гуттар а догIуш ду ХIарри Поттер цIе йолчу жимчу бозбуанчийн леламех язйина йолчу Британерчу яздархочун Франкфурте яр.
Цо шен керла, бакхийчарна лерина йолу, роман тидаме йилина ца Iаш, иштта йовзуьйтур ю кхидIа йолу шен проекташ, уггаре а кегийчу, хIинца а ишколе даханза долчу, берашна киншкийн рагI язъян лерина ша хилар, масала.
ХIора шарахь цхьацца пачхьалкхе хуьлу ярмаркин сийлаллин хьаша хаьржина. Кху шарахь и дакъа кхаьчна Керлачу Зеландина. Цу гIайренан пачхьалкхан литература шуьйра йовза йиш хир ю киншкийн ярмаркин хьешийн, ткъа цигарчу яздархойн аьтто хир бу, шайн кхолларалла Европехь йовзийта.
Шайн кхолларалла ярмаркин хьешашна йовзийта йиш хилла кхушара, хIора шарахь а санна, нохчийн яздархойн а. Австрерчу „Китаб“ цIе йолчу зорбантехь тIаьххьарчу иттех шарахь кест-кеста араюьйлу нохчийн бевзаш болчу яздархойн немцойн матте гочйина киншкаш. ХIинцале а ворхI тептар арахецна куьйгаллехь Баум Вильгелм волчу зорбанто нохчийн авторийн. Цу авторшна юкъахь ву Бексултанов Муса а, Яшуркаев Султан а, Идигов Замбулат а, цхьамогIа кхин а.
Масала, ярмарка дIайолаяла масех де дуьсуш цо арахецна Бексултановн дийцарийн гулам, немцойн маттахь „Der Weg zurück zum Anfang“ цIе ю цуьнан, ткъа нохчийн маттахь - „Кхин цкъа а юьхьене кхачавен некъ“ . Иза а Франкфуртерчу стендехь йовза йиш хир ю ешархойн.