ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Девкар-Эвларчу доьзало орца доху



Соьлж-ГΙалин къоштарчу Девкар-Эвлан вахархочо Хасбулатов Казбека ша полисхойн оьгΙазаллах хьалха ваккхар дехна «Мемориалерчу» бакъоларъярхошка. Цо хаам бина, некъан лаьттачу полисхоша йиттина шена а, шен зудчунна а, берана а, аьлла.

Хасбулатовна, цо чΙагΙдарехь, ханехь некъан кехаташ гойтуш Ιачу юкъанна, машен чуьра шен зуда, месаш а лаьцна, полисхоша аратекхош гина, эццахь хΙара юкъагΙоьртича, берриг а доьзална йиттина. Цул тΙаьхьа полицин цΙийне кхачийна доьзал. Хасбулатовн воΙ телефонца видео яккха ларавелла, цуьнца чΙагΙдина доьзалан дас бакъоларъярхошна хьалха шен тоьшалла.
XS
SM
MD
LG