ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн доьзал хIусамна чу ца битина Австрехь


Австри - Вена-гlалахь (Rathaus, Schloss Schönbrunn, Riesenrad, Staatsoper, Stephansdom, Kunsthistorisches Museum)
Австри - Вена-гlалахь (Rathaus, Schloss Schönbrunn, Riesenrad, Staatsoper, Stephansdom, Kunsthistorisches Museum)

Нохчийчуьра Европе дIаоьхучу мухIажарийн терахь лахлуш дац. Шайн цIахь шаьш лан езаш ерш санна гIелонаш а, харцонаш а йоцу мохк лоьхуш царех цхьа дакъа Австре а кхочу. Амма дерриге а цхьанаэшшарехь томехь ца хуьлу мухIажарийн дахарехь а. Нохчийн цхьана доьзалца Австрехь нисбеллачу цатомечу Iотта-баккхамах лаьцна ду хIара дийцар.

ТIеман халонашца а, харц Iедалера хуьлучу гIелонашца а Европерачу вайнехан мухIажарша, муьлхачу къомах болчу мухIажарш санна, ловш йолу халонаш юста йиш яцахь а, амма эмкалан шуьрица кхелина некъ бац шен даймахкана хийраллехь вехачунна хьалха Iуьллуш берг. Нисло мухIажарийн Iедалан бюрократин къухаш юккъехула вийла везаш, я юкъараллин гамонца гIуллакх Iотталуш. Я, хIинца дуккха хан йоцуш Австерачу цхьана нохчийн доьзалца ма-нисдаллара, гаррехь расистийн хьежамаш болчу нахаца Iот-баккхам хуьлуш.

Австрерачу Санкт-Поьлтен олучу гIалахь дуккхаъ шерашкахь бехаш болчу нохчийн доьзална керла хIусам эшча, наха санна шайна махк дIа белла, лоцуш йолу квартира ца елла цхьана долахочо. „Нохчашна ас кхин хIусам лур йолуш яц“, -аьлла хилла цу хIусаман дас, шен хьеший къомах муьлш бу хиинчул тIаьхьа. Кхузахь хьахон догIу, и цо хIусам ца луш юхаберзийна болу нохчий тоххарехь мухIажараллера дIа а бевлла, Австри пачхьалкхан олалла тIе а эцна, кху мехкан бахархой бу, массеран а йолу бакъонаш а йолуш. ХIетте а харцо йийцина цаьрца.
Цу хьолах лаьцна дийцира Маршо радионе Лахара Австри олучу лаьттахь социалан белхахо йолчу Сагаипова Заремас. Цуо билгалдаьккхира, и тайпа расистийн хьежамаш болу нах кхузахь, миччахь санна, шортта болуш белахь а, амма гаррехь шайн дагара довзийта уьш, дукхахьолахь, Iедалан низамех хIуттуш ца хилар.

Сагаипова Зарема: „Со цу меттигерачу депутате а йист хилла цу хьокъехь, цу хIусаман долахочуьнга а йист хилла. Цуо дацаре до, ша гамонна и хIума аьлла бохург. Нохчий дукхахьолахь гулахь, цхьана меттехь баха ховшуш хиларна, аьллера ша иза, боху цо. ТIаккха ас цуьнга элира, тхо вовшашна тIекхочуш а, вовшашна белшаш гIортош а ду, амма тхо гулахь, ша цхьана таборехь санна, дехаш хьуна мичахь гина, аьлла. Цуо шена бехк ца биллар дийхира. Кхин дIа цунна а, и санначарна а дуьхьал муьлха гIулчаш яха йиш ю бохург дийцаре деш ду оха хIинца“.

Иштта хьал нисделча, могIарерачу наха, къаьстина аьлча, вайнаха хIун дан деза, муха ерзо еза шайца йийцина йолу харцо, аьлла, шега динчу хаттарна иштта жоп делира мухIажаршца болхбарца доккха зеделларг долчу социалан белхахочо Сагаипова Заремас.

Сагаипова Зарема: „ХIинца хIокху стага динчу хIумана юккъехь иза кхеле валлал цкъачунна хIума дац, юристаша тхоьга аларехь. Амма дан йиш ерг ду, и санна долу хIума шайх Iоттаделча, иза вайнаха вовшашлахь дийца а дийцина, ца дуьтуш, нахала даккхар. Журналисташка а дийца деза, шайца болх бечу социалан белхахошка а дIахаийта деза. ГIарадаккха деза иштта долу хIума.“

ТIаьхьарчу пхийтехь шарахь Москохахь а, муьлхачу а кхечу йоккхачу оьрсийн гIалахь а чохь Iен петарш лоьхучийн а, уьш йолчийн а хаамаш зорбане бохучу газеташкахь кест-кеста нислора, нохчашца гома болчу оьрсийн петарийн дайша „Нохчашка дехар ду телефон ца еттар“, я „Нохчашна хIусам лур йолуш яц“, олий яздеш. Цу тайпанчу гаррехь йолчу, хьулош йоцучу оьрсийн шовинизмах бевдда баьхкина болу нохчий хIинца Австрехь къайлахчу, хьулийначу расизман закъалташ хилла. Олуш ма-хиллара, хих веддарг хьера кIела иккхина.

Бакъду, Австрехь, муьлххачу а кхечу Европерачу пачхьалкхахь санна и тайпа хIума нисделча, шеца харцо йийцинчуьн аьтто бу, кхелехула я юкъараллехула шен бакъонаш юхаметта хIоттон. И башхо хила мега бакъоне даха дог доцучу шайн даймахкара бевдда нах кхин дIа а Европе схьаоьхуш хиларна бахьана а.
XS
SM
MD
LG