Эзар гергга гулбелла Оьрсийчуьра а, арахьара а журналисташ, дагахь а кхаьрдаш, бийлабаьхнарг – куьйгалхочунна мотт хьокхуш, муха туьллур ю газетана цуьнан цΙе, бохург дара.
Амма шен хаттар луш, лен йолаелла Дудаева Билкъиз а хадош, йоьлуш Ιачу публике бехкбоккхуш дош элира Путин Владимира. Цо кхетийра нах, газетан цΙе уллерчу гоно шех паччахь олучу Кадыров Рамзанна кхоьллина яц, Оьрсийчоьнан цхьаалла ларъечу новкъахь вийначу цуьнан ден Ахьмадан хьомара тиллина ю, иза шу дела оьшуш хΙума а дац, аьлла.
КхидΙа Оьрсийчоьнан президента «Кадыровн некъ» газетан редакторе Дудаева Билкъизе хаттар а далийтина, нохчийн къам, цо шен мохк меттахΙоттор доккха хьуьнар дуйла гойтуш, хастийра. Хаттарна дуьхьал билгалъяьккхира шена Кавказ тΙемех мукъаяьккхарехьа гуш йолу перспектива –цигахь белхан меттигаш хилийтар.
ШолгΙа хаттар дара Дудаева Билкъисан Нохчийчуьра шен эфир яржош йолчу «Кавказ» радиона парггΙат болх бан таро йоьхуш. Цунна а Дудаева а, радион белхахой а реза хир болуш, гΙо дийр ду ша, аьлла, жоп делира Путина.
Ткъа оцу тΙехь чекх ца йирзина «Кадыровн некъ» газетана гонаха иккхина инцидент. Дудаева Билкъиз цΙа ма еъана, цуьнан газетан да ларалучу Итум-Кхаьлларчу администрацино дΙакъевлина газета. И дΙакъовлар къобалдеш дашал деза шен дош аьлла Кадыров Рамзана.
«Журналиста делла хеттарш Нохчийчоьнах, Итум-Кхаьллах-м муххале а, хьакхалуш дацара, провокацин дара» - аьлла довзийтина Кадыровн сайто цуьнан дешнаш.
Цул совнаха а боху Кадыровс. Цунна ца тайна ломарчу газето шена «Кадыровн некъ» боху цΙе тиллар. Я шега а, я шен доьзале а пурба ца дехна шен ден цΙе оцу газетана туьллуш, аьлла ду Кадыровн цΙарх сайто даржадийриг.
Нохчийчохь паччахьан озо дерриг а айдеш хуьлий, цуьнан дешан беза, йоккха тΙаьхье йолуш мах буйла хаьа хΙоранна а. Цундела шекьхила а хьашт дац, журналистна Дудаева Билкъисна тΙехь лаьтташ тахана вон де хиларан.
Телерадиожурналистикехь, газеташкахь ткъе иттех шарахь къахьоьгу оцу зудчо. Мехкан массо а президентийн кхетамаш шена а гергара лоруш схьа а еъна иза шен белха тΙехь. Дудаев ЖовхΙар а, Масхадов Аслан а хестийра Билкъиса церан заманахь. Изза леладо хΙинца КадыровгΙеран заманахь а.
Оццул зеделлларг долчу, дуккха а хΙуманаш дайначу Дудаева Билкъисна стенна эшна «Кадыровн некъ» шен газетана тилла боху хаттар, Кадыров Рамзанан маьΙнехь ца кхоллалахь а, кхоллало дуккха а нохчашлахь.
Оцу хьокъехь шена хетарг довзийтира Маршо Радиона нохчийн журналисташлахь дукха хенахь хьалхарчу могΙарахь волчу Нашхоев Мурада.
Нашхоев: «Стохка соьга кхаьчнера «Сталинан некъ» газета. Иза Советан Ιедалехь арадийлина. Иза дагадеа суна «Кадыровн некъ» хьахаделча. Советан Ιедало Ιамийна ду вай. Цо кечдийна тало ду вайца, вайн синошца.
«Кадыровн некъ» - цу тΙехь цхьа а керла, хьуна ца девзаш хΙума дацара, кхечу гахеташкара схьаэцна хΙуманаш доцург, цхьацца байташ тΙ а еттара. Соьга хаьттича, иштта цΙейолу газета арадаккхар – ахча дайъар, са яккха гΙертар а ду. Кадыровс и нийса дΙа а къевлина, соьга хаьттича. И санна газеташ вайна баледевлла, яккхий цΙерш техкина, ткъа чулацам банне а бац».
Даьхначу, я дехачу адамийн цΙарх газеташ кхоллар пайде дацарал совнаха, зуламе дуйла дукхазза а гайтина Оьрсийчоьнан а, кхъечу мехкийн а историно. Тоаме ду «Ленинан некъо» а, «Коммунизман некъо» а адамийн синош агар, талхор, газеташна, журналашна лач заманашкахь тохкуш хилла кхин цΙерш ца йийцича а, бохура кхидΙа журналиста Нашхоев Мурада махкара шен коллега галъялар хьехош.
Дудаева Билкъизан гΙалатах олийла дац иза цо шеггара эккхийтина. Стохка схьадиллинчу газетан цΙе цкъа хьалха къобалйира Итум-Кхаьллан администрацино, тΙаккха къобалйира, прессано тоьшалла дарехь, мехкан администрацино. Цул тΙахьа бен тΙе ца чΙагΙйинера газетан цΙе «Кадыровн некъ» Москохахь и гΙуллакх карахь латточу Роскомнадзоро.
Делахь а Путин Владимирна хьалха журналисташа Итум-Кхаьллара газета бахьанехь шен а, шен тукхуман а цΙе беламе яккхар ца тайна Кадыров Рамзанна. Хьал иштта дирзина хилча, цуьнан бакъо ю газета дΙакъовла а, цул а дезаниг дан а. Ткъа Дудаева Билкъизна, газетан редакторна, иккхина курьёз, бале а яьлла, шенна йисар а ю заман билгало. Ишттачу хьелашкахь цхьаьннена а бала бац газетан цΙе масех сурт-тΙайх чекхъяллачул тΙаьхьа бен тиллина а ца хилар.