ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчохь жоьпе озийна рогIера хилла тIеман министр


Гуьржийчоьнан прокуратуро бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина шайн тIеман министр хилла волчу Кезерашвили Давидана дуьхьал. Цунна бехке дуьллуш дерг ду 12 миллион доллар барамехь кхаъ эцар.

Финансийн министралло чIагIдарехь, 2007-чу шарахь ша финансийн полицин кьугалхо волуш Кезерашвилис цхьана криминалан тобанна гIо дина хилла, кхечу пачхьалкхехь дохка хьуш долу, баккъалла а доцу малар дозанал арадаккха.

Кезерашвили Давид Гуьржийчоьнан тIеман министр вара 2008-чу шарахь. Цу шарахь хилира пхеа дийнахь бахбелла болу Гуьржийн а, Оьрсийчоьнан а тIом.
XS
SM
MD
LG