ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гитлер винчу цIенна хьалха хилла ойла


Австри -- Гитлер Адольф вина а, чохь кхиина а цIа, Браунау, Австри, 03Чил2013
Австри -- Гитлер Адольф вина а, чохь кхиина а цIа, Браунау, Австри, 03Чил2013

Австрерчу Браунау гIалахь лаьтта Гитлер вина цΙа. Цхьана муьрехь заьΙап берашна гΙо ден кхерч хилла цу чохь. Ткъа тΙаьххьарчу хенахь, хΙун дан деза а ца хууш латтийтора деса. ХΙинца цунах дан хΙума карийна Ιедалшна.



Арара дIа бIаьрг тоьхча, цхьа а билгало яц, и цIа луларчу цIенойх къастош я цу чохь 1889 шеран Охан-беттан ткъолгIачохь, я аьлча а, нийсса 124 шо хьалха дуьненчу ваьлларг цу дуьненна сел бале ваьллера-кх бохучунна.

МогIарера, ширачу кепера немцойн гIишло ю иза, можа кир тоьхна, масех гIаттах лаьтташ. Бакъду, цхьажимма тишъелла хиларца къаьста иза луларчу цIенойх, къаьсттина лахарчу гIаттан пенаш матаро лаьцна а, цкъунаш еттаелла а го, сел шайн хIусамийн арара а, чоьхьара а цIеналла лоруш болчу австрихоша и гIишло иштта ледара латтийтарх цец а вокххуш

. Амма цецвалар дIадолу цу гIишлонан кхоллам бевзаш хилча а, цу цIийна хьалха лаьтташ болчу тIулга тIера йоза дешча а. „Маршонна а, машарна а, демократина а. Кхин цкъа а фашизм тIеюьтур яц, байина миллионаш бу вайга кхойкхуш“ аьлла ду цу тIе яздина, леррина Маутхаузен цIе хиллачу концлагерера кхуза схьабеана болчу.

Дуккхаъчу Советийн пачхьалкхан берашна, шайна юккъехь нохчашна а, моьттуш ма-хиллара, немцо ца хилла Гитлер Адольф, иза австрихо хилла, Австрехь вина а, кхиина а волуш. Воккха хиллачул тIаьхьа цкъа хьалха дуьненна а вевзаш суьрташдахкархо хила сатуьйсуш хилла волу иза массийтаза гIоьртина Венерчу исбаьхьаллин академи деша ваха, амма тоъал похIма дац, аьлла, дIа ца эцна хилла. ХIетахь Германерчу Мюнхене дIавахна иза, цигахь иза боккъал а дуьненна а вевзина, амма суьрташдахкархо санна а воцуш, кхечу агIор.

Гитлер вина цIа даханчу шарахь 2 миллион 200 эзар еврох дохка дагахь араяьллера цу гIишлонан долахо йолу фрау Герлинде Поммер. Амма гIалин дай кхоьрура, и цIа неонацин хьежамаш болчара эцарх а, цара цу чохь Гитлеран ойланаш хIинца а йоькъуш болчеран къайлаха кхерч кхолларх а.

Иштта цкъа хабар даьржира, Оьрсийчуьра цхьа жуьгтийн къомах волу олигарх ву и хIусам эца а эцна, иза эккхийта лууш, бохуш. Ткъа хIинца эххар а къаьстина баьлла цуьнан кхоллам - Инн тIера Браунау гIаларчу цхьана мигранташна гIо дечу "Фольксхилфе" юкъараллин кхерч хир бу цу чохь, кхечу мехкашкара тховкIело лоьхуш Австре баьхкинчу нахана интеграци ян гIо деш а, царна немцойн мотт Iамош а.

Браунау гIалин урхаллехь юкъараллин цхьанакхетараллашца болхбаран декъан векал йолчу Заубергер Катринас дийцира Маршо Радионе, и сацам тIеэцале дуккха ойланаш ян дийзира гIалин дайн, бохуш.

Заубергер: „ХIара цIа ХIолламаш лардечу низама кIел догIуш ду, цундела гIалин дайшна ца хууш, дохка-эца йиш йолуш дац хIара. Дуккха дискуссеш яра, цуьнан кхоллам муха хила безаш бохучунна гонаха дIахьош. Коьртаниг - аьтто-радикалан хьежамаш болчу нахе кхунах цхьа зияратан тайпа кхерч ца байтар дара, кху чохь, цара цунах ма-аллара, „фюрер“ вина бохуш, цаьрга кху чохь шайн церемонеш ца яйта а.

Хьалха цхьа а, шозза а хила ду и саннарг, уьш кху чохь я кхунна уллехь туш тоха гIертар. Кхечу мехкашкара схьабаьхкинчарна гIодаран кхерч кхуллур ю кху чохь хIинца. Карарчу хенахь деса лаьтта хIара цIа, амма масех шарахь заьIапчу бершна Iуналла деш йолу кхерч яра хIара“

Цу шен винчу петарчохь уггаре а шена гома хиллачу кхин цIий долчу нахана гIо деш йолу кхерч кхуллуш юйла хиича, кошахь карча мегара Гитлер Адольф.

ХIетахь, шадоллу дуьне а немцойн а, ма-дарра аьлча, шен олаллина кIел дерзо Iалашо лаьцна, миллионашкахь адамийн кхолламаш а, рицкъаш а ша ловзочу хенахь цунна цкъа а дагатесна а хиллий теша, ша веллачул тIаьхьа шен а, шеца доьзна мел хиллачун а цIе неIалташца бен йоккхур яц бохург?

Хиллий те цунна гIенах-набарх а шегара ницкъ а, шегара Iедал а шен карара дIадаьллачу мIаьргонехь шех дуьсун дерг миллионийн цабезаммий, церан бекхаме сатийсаррий бен хир дац бохург?

Тамаша бу.

ХIунда аьлча, иза иштта хуьлуш хилча, тахана а, вайн заманчохь, шайн олаллехь дисинчу къамьнашна ницкъ беш, уьш охьатеIош, царна тIехь къизалла латтош болчу, кху денойн „даджалийн“ сий шаьш шайна кхуллуш лелачу диктаторшна, я бакъболчу диктаторшка кхаччалц, я мохк, я ницкъ, я шайн олаллина кIеларчу къоман терахь а ца тоаьш, амма доггах цу диктаторийн амалш езаш а, царех тера хила гIерташ а болчарна а тосур дара изза дага: ванах, со ког-когах кхетта лахь, хIун хир те ас лелийначух? ХIун кхочур те сан берашка? ХIун дуьсур ду те ас сел саьхьара вовшахтоьхначу бахамах? ХIун цIе йоккхур те сан тIаьхьанаша?

Амма Iедал, ницкъ, инзаре яккхий таронаш – уьш, схьахетарехь, цхьа ша-тайпа молха долчух тера ду, бIаьрлагIаш кхуллуш долу, бакъдерг хьулдеш, и молха меллачунна шена ган луург бен, кхин цхьа а бакъ-суьрташ а, хьал а ца гойтуш долу.

Цундела бу вайнзаманахьлера диктаторш а, шаьш шайх элий а хеташ, кхин дIа а шайн куьйгакIелара маьрша нах цIийла керчош, дин а, Iадаташ а, массо а къепе а шайна томехь долчу агIор дерзош, хуьйцуш, тудуш.

Царна масал дац я Гитлеран кхоллам а, я Сталинниг а . Уьш хIунда буьйцу ахь, вайзаманахь шайн бIаьргашца цара а, вай массара а тергалбинчу Саддам Хьусейнан а, Къаддафи Муамаран а, Мубарак Хьоснин а кхолламаша а сама ца йокхучух тера ду церан ойла а, кхетам а, кхерам а.

Амма Гитлер винчу хIусамна хьалха лаьтташ, я кхин дIа мел болчу къизачу диктаторийн кхолламаш тергал беш, ойла кхоллало: ма дика ду хIора а адам цхьана дийнахь Iожалло лоцуш. Ма дика ду хIора ницкъ а, хIора Iедал а даима ца лаьтташ.

Ма дика ду, мацах нохчийн дайша ма дарра, къоман ямартхошна кIарлагIаш йогIар къомалахь кхин дехаш дацахь а, къоман иэсо дика а, вон а дагахь латтор долуш а, цуьнан мах цкъа мацца а хадор болуш а.
XS
SM
MD
LG