Вайнах махкахбахар дагалаца леринчу гΙаланийн декъахь хуьлда, шена лаахь, Вашингтон я Лондон, Париж я Осло, амма церан барамийн мах макхбо Соьлж-ГΙалахь нохчийн къам Сталина дохор шена оцу къомана Чиллан-Беттан 24-чохь дийца а дехкаро. «Сий хуьлда Оьрсийчоьнан тΙеман ницкъийн» аьлла школаш тΙе, гΙаларчу билбордаш тΙе дΙабиттина луьйцанаш а болуш чекхдер ду, гарехь, Нохчийчуьрчу радиоладогΙархоша бечу леткъамашка ладоьгΙча, эскарийн хьовха, массо а божарийн де ларалуш долу вайнах махкахбаьхна де.
Амма шелахочуьнан Деналбекан, тΙаьххьарчу тΙемаша синош дΙадаьхьначу веа кΙентан ден, нохчочун, дагчуьра ша винчу оцу 1944-чу шеран Ιай къам махкахдохийна де дагчуьра дΙадаккха-м бац кху дуьнентΙехь цхьа а ницкъ.
Францехь, ша голаш лозуш, чохь Ιуьллучу дарбан цΙийнера дийцира цо Маршо Радиога оцу дийнах а, и санна тахана а нохчашна тΙехь лаьттачу денойх а лаьцна.
«Хьозан кхоьш» («Чечевица») цΙе йолу операци а айина, цхьана дийнахь-буса схьакарийнарг цΙерпошташна чубетташ, лаьмнашкара охьабаха ца кхиийна нах бойъуш, багош вайнах махках стенна баьхна, цаьргара хΙун даьллера. Оцу хаттарна жоп нохчаша а лоьху, гΙалгΙаша а лоьху тахана а, даима а.
Шенначул, тΙетовжа билгало луш документаш ца карийнехь а, жоп къастийна, масала, историн Ιилман доктора Вачагаев Майрбека. Цунна иштта го вайнах Сибреха хьовсоран бахьана.
Шоьтан дийнан делккъехь буьйлабелира вайнехан депортаци дагалоцу барамаш гΙаланашкахь. Церан терго йо Маршо Радионо а. Тхан цхьа дехар хир дара вайнахе. Дахкийта Маршо Радионе шайгахь долучо депортацин тоьшалла ден суьрташ, документаш. И тоьшаллаш массарна дΙагайта лаам бу тхан. Маршо Радион сайтан цΙе: (ингалса маттахь) www.radiomarsho.com.