ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ненан меттан сийдеш вайнах а бу Германехь


Германи --- Ферзен-гIалахь ненан меттан де даздеш бу нохчий, 27AОха2012
Германи --- Ферзен-гIалахь ненан меттан де даздеш бу нохчий, 27AОха2012

Нохчийн маттана лерина суьйре дΙаяьхьна Германерчу Фирзен-гΙалахь бехачу нохчаша. Дезде санна тΙеэцна и хилам массо а дакъалацархоша. Суьйре кечйинчаьрца а, ненан маттах доглозучаьрца а къамел хилира Маршо Радион.



Кхо бутт сов хан ю немцойн Фирзен-гIаларчу маьждигехь меттигерчу нохчийн бераша ненан мотт Iамош болу. Шина кIиранах цкъа цу гIалара а, цунна гонахьарчу меттигашкара а бераш а, церан дай-наной а схьагулло цигахь, мотт Iамийна ца Iаш, иштта вайнехан гIиллакх-гIуллакх а, ламасташ а, исбаьхьалла а хьоьхучу шайн хьехархо Мадалова Зараъ йолчехь. Шайн нохчийн мотт хьехаран кхерч схьаелларх лаьцна иштта дуьйцу Зараа.

Мадалова: „И бала тхоьгахь болу дуккха хан яра, амма цхьацца ца нислуш, лаьтташ дара тхан гIуллакх. ХIинца эххар а тхан тобанехь йолчу Кисас, меттигерчу цхьаьна маьждигехь барт а бина, чохь оьшуш мел долу хIуманца ши чоь яьккхина тхуна. ХIетахь дуьйна, Дечкен-баттахь дIадуьйладелла, и болх беш ду-кх тхо, мотт Iамош“.

Зараа ма-аллара, и хIусам нохчийн мотт Iамо луучу берашна маьждиган куьйгалло ялар, Фирзенехь ехачу Акуева Кисин жигараллах пайда а баьлла, нисделла. Цо ша дуьйцу шайн боламах лаьцна.

Акуева: „Вовшахкхеттачохь, и тхайн лазам даима вовшашка буьйцуш хуьлура тхо, берашна мотт Iамор муха Iалашдийр дара теша, бохуш. Кхузахь, тхан гIалахь маьждигехь чоь тхуна яларна тIера дIадоладелира-кх тIаккха оха берашна мотт Iамор. ТIекхоче мел долу нохчийн бер кхуза оьхуш ду. ЧIогIа жоьпалле а леладо бераша и хIума. Хазанесанна ойла цу маттана тIе а йирзина церан.

ЦIахь бан белла болх а бо, шайна ца хиича, интернете хьовсий а, вовшашка телефонехула хоттий а. Кху гIалара хилла ца Iаш, луларчу гIалашкара а нохчийн доьзалш оьху тхо долчу. Ур-аттала 400 километар генахь йолчу гIалара а йогIу цхьа зуда, шен бераш а далош, кхуза мотт Iамон“.

ТIаьххьарлера и тайпа цхьаьнакхетар нохчийн меттан денна лерина дара. Шайна богIур бу аьлла хеттачул а алсам нах гулбеллера, бохуш дуьйцу Зараа.

Мадалова: “ЦIахь Охан-беттан 25-гIа меттан де лерина ма дуй. Суна чIогIа деза хета и хIума, эзарнаш шерашкахь схьабогIучу нохчийн маттана лерина эххар а цхьа де билгалдаьккхина хилар. Оцу дийнахь мукъане а нохчийн маттахь бен цхьа дош а ца олуш, иза дIадахьа а лаьара. Цундела и де цхьа тергал а ца деш, тIех ца далийтархьама дагалаьцнера ас и суьйре. Иштта цхьа хаза берашца а, хьешашца а дIадаьхьира оха и де.

Германи --Къоман даарш кечдинера ненан меттан суьйренна кечлуш Ферзен-гIаларчу нохчаша, 27Оха2012
Германи --Къоман даарш кечдинера ненан меттан суьйренна кечлуш Ферзен-гIаларчу нохчаша, 27Оха2012
Массара а хаза, дика дакъа а лецира. Наноша нохчийн кхачанаш кечбинера. ЧIепалгаш, хингалш а деанера, жижиг-галнаш а динера, сискал а йинера. Тхан денанас сайна еш гина хилла тоьпаш йинера ас, берашна уьш йовзийта а. Уьш евзаш цигахь цхьаъ бен стаг ца хилира, „ванах, тоьпаш яц хIорш!“, аьлла, цец а йолуш. ЧIогIа самукъаделира сан цунна уьш евзина. Иштта вета дерг а, мохь тоьхна сискал ерг а, нохчийн кхачанех тхайн ерг охьахIоттийнера оха.

ТIаккха, сарахьо, вовшахкхетар чакхене гIоьртича, сан цхьана дешархочо, суна тIе а еъна, элира, суна-м цIаяха а ца лаьа, ма хаза ду кхузахь, аьлла. Нохчийчохь ша йолуш санна хета-кх шена, аьлла. Боккха там хилира суна цо иза ишшта аьлча“.

Берашна нохчийн мотт Iамор Европехь мелла а тIаьхьадисина вайнахалахь. Цуьнан цхьамогIа бахьанаш а ду, шаьшца цу гIайгIанечу хиламан орамаш бийца йиш йолуш. Акуева Кисина хетарехь, нохчий Европе схьабаьхкинчу хенахь, уьш цкъа хьалха дIатарбала безара, я вошнашна тIекхочийлехь а бацара. Амма заманца и хьал хийцалуш ду, боху цо.

Акуева: “Схьадаьхкинчу хенахь цу хIуманна тIе ойла яхийта аьтто ца хилла нехан. ХIунда аьлча, вевзаш стаг вацара, вовшашна тIекхача аьттонаш бацара. Кхузахь, Германехь, масала, нах ген-генахь бехаш хуьлу, ткъа ваха а, ван а машенаш яцара юхьенца нехан.

Меттан гIуллакхан лазам даима а хилла мухIажирийн, амма хIумма а кхочуш дан таронаш ца хилла. ХIинца кхин хьал ду. Нехан кху пачхьалкхан олаллаш а ду, ваха а, ван а машенаш а ю. И хIума мел мехала ду тхайна кхеташ хиларх терра, иштта вовшах а кхетта, и болх беш ду-кх тхо. ДIадолор хала хиллехь а, амма беркате нисделла тхан. Иза иштта тIейогIучу хенахь а беркате хирг хиларх тешна ду тхо“.

Хийрачу мехкашка дIакхелхина, цигахь дуьххьарлерачу халачу муьран аьрхалла бахьана долуш ненан мотт Iамор мелла а юьстахдиссина хиллехь а, ненан мотт шайна а, шайн берашна а мел чIогIа оьшу бохучух кхета а кхетта, иза Iамон беззачу тIегIанна тIехь Iамон хьогалла IаьIна Европерчу дуккхаъчу нохчийн доьзалшкахь. Фирзен-гIаларчу маьждигехь, ген-генара схьа а оьхуш, нохчийн мотт Iамочу кхерча вайнехан бераш гуллуш хилар ду цуьнан тоьшаллех цхьаъ.
XS
SM
MD
LG