Иракъера Наджаф-гIалахь долу Вади ас-Салам (Машаран ТогIи) кешнаш дуьненчохь уггар даккхийчарах ларалуш ду. ШиIаташ миллионашкахь дIабоьхкина бу кхузахь. ХIора шарахь кхин а ах миллион сов лахьти чу верзош ву кхузахь. Лулахь деза лоруш долу Турпал-Iелин маьждиг долун дела, ерриг Иракъера шиIаташ гIерта шайн нах кхузахь дIаберзо. Сурташ даьхна Атилай Iаббаса, Маршо Радио/Маьрша Европа Радионан Азербайджанхойн Сервис.