ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна дуьхьал болчарна тIехь кхел йолийна Москох


«Болотный гIуллакхехула» долу хьалхара ладогIарш дуьйладелла Москох-гIалин кхелехь. Лаьцна латточарна кхин дIа а чохь яха хенаш эха шаран яхъяр дийхира пачхьалкхан бехкбиллархочо. Кхеле озийначеран адвокатийн хьесапехь, прокурора доьхург чекхдалийта могуьйту хIума дац. Оппозицина хетарехь и гIуллакх политикан бух болуш ду.

Адамийн бакъонаш ларъярехьа къуьйсучу «Мемориал» организацино кхайкхам бина, 2012-чу шеран Стигалкъекъа беттан 6-чу дийнахь Болотная майданахь хиллачунна а, шуьйрачу къепедацарш лелорна бехке а бина, кхеле балийначу нахана тIехь еш йолу кхел а таллам бе, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG