Нохчийн къомана тIебаьхкина тIемаш бина бохамаш дукха бу. И зенаш гIелдан дуьненаюкъара нохчийн юкъаралла юкъаметтигаш лелаер чIогIа оьшу вайнахана.
Оьрсаша нохчашна тIехь тIом а къизалла лелош бIе шераш ду. Даймахкахь баха ца буьтуш, маситта муьрехь дохийна, дуьненан тIехула даржийна нохчийн къам. Цу бахьнехь шаьш нийса белла мехкашкахь, нохчалла дIа ца хеца а, хIу ца дайта, вовшашлахь гергарлонаш а захалонаш лаьттина даиспорера нохчаша. Масала, Урдунан махкахь, кхечу къомах зуда ялор а, нохчо хийрачуьнга маре яхара кIезиг дара тIаьххьалца. Иза сов дала доладелча, цхьацца новкъарло лелош, нохчийн хIу ийна дIа ца далийта гIертар цхьа йолу тобанаш.
Нохчийн йоI кхечу къомах волу стаге маре яхча, иза новкъ дагIахь, нохчочо ца йигна, ца яьлча денна, яхна олий цхьа ерг бехказа йоккху цу тобанаш. Амма нохчийн кIанта, шайн нохчийн йоI Iадйитина, кхечу къомах ялийча, цуьнан ловзарг ца бахар а, ишттачу захалонан юкъа ца хьийза чIагIо йина нохчийн бу Урдунехь, мел гергара стег валахь и зуда ялориг.
Цхьана махкахь диаспора мел йоккха хиларх цхьа гергарло доцуш ца хуьлу хенан йохалла, ткъа гергара нахана юкъахь долу захало тIаьхьенашна дика дац. Вайн, Делан салам хуьлда, Дела элчано аьлла, захалонаш гена даха. Iилмано а ца мага ду. цIийца цамгарш а, заьIапалла дукха хуьлу дела.
Цуьнан хIун дан деза а, нохчо воцчуьнга яхча я нохчо йоцург ялийча хуьлу халонаш юьйцуш, цхьаьццамо иштта къамелаш ду Маршо Радионан.
Наташа: Iаьрбичуьнга яхча цхьаьцца халонаш хуьлу. Дукхах болчарна хийр хета вай, вайн мотт ца хаарна, новкъ а догIу вай нохчийн мотт бийцича.
Iаьрбичуьнга яхар бахьнехь суна халонаш хилла дела, сан йоI яхийтира яцар ас я милла нохчийн йоI Iаьрбичуьнга яха лара дацар суна. Вайн Iедалаш, гIиллакхаш а, мотт цхьа терра боцу дела, вуно хала ду-кх иштта захало. Со нохчочуьнгахь яра. Нохчочуьнгара дIаяьлла, цхьа ялча денна Iаьрбичуьнга яхара со. ХIинца соьга хетташ хилча, Iаьрбичуьнга гIур яцар со. Кегий долуш дуьйна, цIахь нохчийн мотт буьйцу дела, суна вуно хала хиллера.
Iаьрбичуьнга яхана Наташин дахар нехан санна ца хиларо гойту, иза паргIат йоцийла. Марзахошна наггахь бен тIе ца йоьду, ткъа майрачо невцалла ца леладо, вайн Iедалехь лелон ма-дезза.
Стага ялош нисло нохчийн йоцу зуда.
Бено Набийл: Нохчий Урдунехь болу 100-шо сов хилла. Ишта дукха хан яьлча, махкахошца захалонаш хиланза ца довлу. Дуккха шераш халха, нохчийн йоI Iаьрбичуьнга маре яхча я, нохчочо Iаьрби ялийча, дукха халахетара нахана. ХIетте, хIинца и захалонаш хиланза ца довлу.
Нохчочо нохчи йоцург ялийча - Урдунехь дукха хьолехь Iаьрби зуда хуьлу иза, чохь буьйцу мотт Iаьрбийн хила беза, Iаьрбичуьнан нохчийн мотт ца хаьа дела. Бераш хилча, дас берашка нохчийн мотт бийцахь, ткъа нанас Iаьрбийн мотт, берашна шерра ши мотт Iема.
Радио Маршо: Нохчи а Iаьрби гIиллакхаш а, ламасташ цхьана ца догIу. Цу бахьнехь, стунцхошна а, марзахошна юкъахь хIун халонаш нисъелира хьан дахарехь?
Бено Набийл: Бакъдерг дийцича, нус нохчо хилча дуккха атта ду. Цунна хIумма дийца а хьеха ца оьшу. Нохчо ца хилча, уьш Iамо деза. Доггах тIеоьцуш ерг хуьлу, дегаза ерг хуьлу.
Суна-м нохчочо нохчо ялае ма лаьара, Нохчийн йоI Iаьрбешка яха ма ца лаьара. ХIунда аьлча, кхин хIума дац сан амма хIор къоман шен хIу Iалаш дан ма лаьа.
Нохчийн йоI Iаьрбешка яхча, нохчийн кIанта Iаьрби яло, эна луш, кхин сиха дIадолу къам. Урдунехь нохчи кIезиг болу дела, кхин йолу даиспорера нохчашца зIенаш йолуш, захалонаш долуш хилча дика-м дара, амма иза дан атта дац. Йоьдуш ерг а, ялош ерг шайна гуш ца хилча хала ду.
КIезиг долу къам, доккхачу къомана юкъахь дехаш хилча, цу къоман култура а Iедалаш тIе ца оьцуш ца диса. Доккхачу къомана юкъахь шайн Iедалаш бен ца лела до, бохург хала хуьлу. Ма дарра аьлча, стаг шайн къам дезаш валахь, цуьнан некъ карор бу шайн мотт а Iедалш Iалаш дан
Радио Маршо: Бено Набилана дукха хала ца хилла хIусамнана нохчо ца хилла аьлла, шайн бераш охьахийждеш, школехь санна нохчийн мотт Iамийна цо Iаьрбичо дина берашна, амма иза дан карах долуш дукха кIезиг нохчо ву.
ХIуъу хиларх шайн доьзалехь нохчийн захало бен ца хилийтина йолу Джубраил Поллас нохчийн кхечу къаьмнех эна ца дала хIун дан деза бохуш хIара къамел до:
Джубраил: Вайна юкъахь, гергарчара захалонаш ца дара дукха нийса ду. Амма Урдунехь, вайн кIезиг долу дела, ишттаниг нисло. Суна нийса ца хета и. Вай даиспорехь дукха ду. Цхьаьцца бахьанаш дина, царна вовше бовзийта а, мареш хилийта вай карах далхьара дика хир дара. Компютарш ю, Фесбук а, сайташ ю, иштта цхьаъ дан дала мегар.
Сан йиъ йоI ю. Цхьа а Iаьрбешка я хийрачаьрга яхна яц. Оха ца магор и. Мел ехча ца елла оха хийрачуьнга. Ши кIант ву сан. Цхьаъ нохчо ялийна ву. ШолгIаниг ялонза ву. Цуьнга олуш-м ду оха хийра зуда ма ялае. Вайн шортта хаза а, дика мехкарий бу.
Цу тIе вай ца дерзахь, вай довш ду. Вай кIезиг адамаш долу дела, и хIума ца дахь дисира дац вай. Мотт буьйцурш дукх кIезиг бу.
Берашна хьеха деза, чIогIа тIедилла а деза, нохчий эн делла доцуш доьзал а, шайн цIий Iалаш дара а, дика хIума дойла.
Компютарш лелон хууш говза нах балахь, вайн дукха нах ма бу арахь, Юропехь а, массо махкахь. Фесбук ю, Твитар ю и захалонаш лела дан. Суна уьш лела ен ца хаьа амма ас сан карах долург дина. Берий берашна сан дан хIума дац. Цара цу хьокъехь хьехамаш бича дика хир дара.
Арахь болчу нохчашна юкъахь, къаьсттина бусулба мехкашкахь чучча долу захалонаш хуьлуш ду. Иза дика доцийла вайна хууш ду. Iилмано цамгарш хуьлу боху цу захалонашкахь. Цундела, генахь хиларах, вайн кегий нахана вовший бовзийта меттигаш лаха езара.
Дукха вуо ду гергара нахана юкъахь захалонаш хилар. ХIинццалц хилла дацара уьш. Вайн Iедалехь магош дац иза, делахь тIаьхь-тIаьхьа хуьлуш ду. Цундела, вовшашна генахь хиларх, цхьа цIий ду вай. КIезиг делахь а, нохчалла а, мотт Iалашбан беза вай.
Радио Маршо: Массарна хетарг, даиспорера нохчашна юкъахь чIогIа уьйраш хила еза аьлла хета. Иштта зIенаш нийса елча, меттигера култураш бина тIеIаткъам тидаме билла а беза. Цул сов, цхьа захало нийса делча, кIанте а йоIе, нохчий хиларх, и башхаллаш йовзийта еза.»