ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна ницкъбо набахтешкахь


Нохчийчоь --"Зачисткан" жамI - лецна буьгуш бу кегийрхой, Нохчийчохь "шолгIа" тIом лаьтта зама.
Нохчийчоь --"Зачисткан" жамI - лецна буьгуш бу кегийрхой, Нохчийчохь "шолгIа" тIом лаьтта зама.

Оьрсийчоьно ша тΙамца нохчийн къоман тоьлла кΙонахий хΙаллакбеш, баланза шен каракхачийнарш набахтехь бахкабо тахана, тΙехь еш вуно еза гΙелонаш а йолуш. Оцу хьолан балаболуш вац кху дуьнентΙехь ткъеха стаг а, я политикаш а, я пачхьалкхийн дай а. Цундела наггахьверг валар а ду доккха хIума...



Кху деношкахь Нохчийчохь юха а гIарадаьлла Оьрсийчоьнан набахтешкахь вайнахана гIело еш хилар. Харцонашца хIинца коьртах яьлларг ю Ставропол-мехкан Пятигорскера дов кхеле кхачале бехке лорурш чохь бахкош йолу набахте. Цу чохь шен вешина ницкъ бо аьлла леткъина адамийн бакъонашларьярхочуьнга Нухажиев Нурдига Ашаева Лолита. Цо дийцарехь, Ашаев Валидна цу набахтерчу низамхоша дуккхазза а йиттина Нохчийчохь байинчу шайн накъостех бекхам бо шаьш бохуш.

Нухажиевс и тайпа харцонаш совцаяре воьхуш кехат хьажийна Пятигорск-гIалин прокуроре Кардашин Юрига. Цу тIехь цо боху, Нохчийчохь шолгIа тIом болалуш Ашаев Валидан 10-11 шо бен а ца хилла, цу набахтехь и воцуш низамхоша гIело яллош кхин а масех нохчий къомах кегийрхо а ву, аьлла.

Оьрсийчоьнан набахтешкахь хенаш токхуш болчу вайнаха зовкх хьоьгуш цахиларан вуно дукха тоьшаллаш до бахархоша а. Шен гергарчу стагна мукъавала цхьа бутт хан йисича, боху Новр-кIоштарчу Вахас, иза низамхоша кисанахь наркотикаш карийна кеп а хIоттийна, юха а кхела хьалха хIоттош ву.

Красноярск-кIоштахь набахтехь волу шен ваша, цхьана гIезалочунна ницкъ беш Iа а ца велла, юкъавоьлла аьлла, низамхоша йиттина, охьавиллина, дуьйцу Соьлжа-гIаларчу Хьасана. Цунна йиттина бутт баьлча бен шаьш тIе а ца кхачийтира цунна, боху цо.

Мел бух болуш ду нохчашахь цу кепара гIело яллайо бохург? Ахь стенца дузу набахтешкахь болчу низамхоша сел эвхьаза, кIоршаме адамийн бакъонаш талхор? Стена гIерта вайнах, хIуъу а дина а, шайн гергарнаш Нохчийчу схьабало? Иштта хаттар дира Маршо Радионо ткъа шарахь гергга прокуратуран биста кхаччалц Оьрсийчохь ницкъаллин структурашкахь белхаш бинчу соьлжагIалахочуьнга Висхане.

Висхан: «Цкъа делахь, нохчашна дуьхьал лелош йолу политика ю иза. ТIамца доьзна хила а тарло иза. Хаамийн гIирсаша нохчочуьнгара даьлларг цIарца кхайкхош хуьлу муьлхачу къомах ву а дуьйцуш.Ткъа оьрсийчуьнгара даьлларг цхьа могIарера гIуллакх санна хьахадой дуьту. ... И тIом баьккхинарш вайнах ца хилла. Дуккха а оьрсий бала ма беллий кхузахь тIамехь. Цундела хьагI-гамо лелош бу уьш вайца. Массо агIор вон цIе йоккху вайн хаамийн гIирсаша а».

Маршо Радио: Новр-кIоштан набахтерчу хьаькамаша даре а деш, шайн гергарнаш цига набахте схьабало гIерта дукха а нохчий. Уьш схьабало хьашто ца хилийта, и харц, ца богIу ницкъ ца байта, харцонаш ца лелаяйта Iедало хIун дан догIу, хьуна гергахь?

Висхан: «Харцонаш ца лелаяйта, низамхочо йина харцо мел жима елахь а, яьлла йолу харцо талла еза, бехкечунна таIзар дан а деза. Нохчочуьнгара даьлларг а кхайкхайкхадахь, цара ишта Iорадаха деза кхечаьргара дуьйлу зуламаш а. Къайладахийтина дита ца деза, стенна аьлча, цу цхьана харцоно кхин харцо кхуллу, вукхо кхин харцо кхуллу. …Низам массарна а цхьаъ хила деза".

Маршо Радио: И харцонаш кеста совцор ю, нийсо-бакъо тоьлур ю ала мел дегайовхо ю?

Висхан: «Деллахь, хIинцалерчу политикаца и дIадер ду аьлла ма ца хета суна. Стенна аьлча, и дIадалийта бахьанаш ду лелон дезаш, цкъачунна уьш лелош дац. Суна-м ца го. Арахь ца хIума нисделча, нахала долу. Ткъа набахти чохь дерг, циггахь дуьсу, Iора а ца долуш. И хьал тодан Москохара лаам хила беза. Шайн набахташкара къизалла гIараяха лаам хила беза меттигерчу Iедалан. И набахтеш а ма юй цхьана кIоштахь, гIалахь. Цигахь берш а хила беза кийча шайн набахтешкахь олалла деш нийсо-бакъо, низам хилийта. Амма и маца хир ду ала-м хала ду».
XS
SM
MD
LG