Махкарчу оппозицин, динан, эскарийн лидерийн кхеташо йирзинчул тIахьа, тIеман министралло дIахьедина, Мурси Мохьаммадера президентан дарж дIадаьккхина аьлла, хаам бо Ал-Iарабийа агенталло.
Мехкан конституци лелаш яц, иза карлаяккха комитет кхуллур ю, боху карчамхоша, Рейтерс-агенталло дийцарехь.
Ханна Лакхарчу конституцин кхелан куьйгалхочуьнга елла Мисарарчу Iедалан хьалханчин бакъонаш.
Кестта керла президент харжаран гIуллакх дийца долор ду Мисарахь.
КIахIирерчу ТахIрир-майданахь лаьттачу гуламо хазахетарца тIеэцна керла хаамаш.